БЕРСА-ШАЙХ
НОХЧИЙЧОХЬ ХИЛЛАЧУ
БОЛАМИЙН СУРТ
Историк а, политик а тахана хIора а вуй-те, аьлла, хета наггахь. Истори, хууш ма-хиллара, халкъан барта кхоларалла яц, цо цуьнан дахаран синхааме агIо хетахь а. Ткъа хилларг вайна гуш ду: билгала, хIара ду аьлла, де-дийне даларца Iилманехь дахаран нийсачу гIоде доьрзуш долу хIума кIеззиг ду. Цундела барта кхоллараллин дустарш а, тIех дозаллаш а хаало меттигера истори езархошкахь, къомах дийцарал сов, тайпанан хIума совдоккхуш меттигаш а нисло. Цо къоман дахаран кхолламна генара кхетам ца бохьу. Цул сов, иза кхане йолуш а дац. ТIаккха кхеташ ду-кх: вай ваьш, вешан куьйгашца хадо гIерта дахаран орам. Иза ду халахетарг.
Вайна мел халахетахь а, иштта нисделла дахарехь. Гуш ду, муьлххачу хьолехь ю Мохкбовзаран музей, талламан институт, ткъа архивах дерг-м дуьйцур а дацара, дIадаханчу шерийн амале ерзош, цуьнан чIанаяккхар вайна хаьа. Нохчийн гуламе веанчу Иорданерчу СаьIид Бенос дуьйцура: Францехь а, Америкехь а, кхечу гIаланашкахь а къомах дуьйцуш язйинчу историн тептарш шегахь хилар, уьш цхьана метте гулдан хьовса дезара, бохуш, (шен меттахь ду Матин Дадаша «Нохч-ГIалгIайн бусалба нехан урхаллин къедига ШахIид-Хьаьжига схьадиллина кехат». ХIинца, цхьа-дика, самайолуш ю, аьлла хета къоман интеллигенци). Мича дохкур ду, мичахь Iалашдийр ду? Цу хаттаро ойлане массо а ваьккхира, цул сов, шеко а яра; хIун хаьа, уьш кхана базара довлий а? Истори «суна хета», товрий, ца товрий, бохуш, юкъара агIонаш яьхна хила йиш яц. Амма вайн истори я-м ю цу хьолехь.
ХIинца редакцис зорбане йоху Берса-шайхах йолу материалаш. Вайн Iилманехь, тIехула болчу хаамел сов, цунах язйина, иза теллина хIума дац. Цундела, кIеззиг болу хаамаш а мехала бу. Бусалба дин нохчашна юкъахь даржар а, чIагIдалар а башха хилам бу къоман дахарехь. Материалаш тIехь билгалйолу Берса-шайх ваьхна хан. Кху тIехь болчу хаамел сов, кхин тайп-тайпана дийцарш (варианташ) ду Берса-шайхах. Уьш дерриге а довзарца бен, хетарехь, цуьнан дахаран исторически бакъдерг девзийла яц. Ткъа къоман дахарехь «Берса-шайха билггала меттиг дIалаьцна, иза юкъара ваьккхича, историн йоккха агIо жоп доцуш юьсу.
Материала тIехь Нохчмахкахь бусалба дин дуьххьара даржийнарг ларало Берса-шайх. Ткъа ткъоьссалгIачу бIешарахь дIаяздинчу дийцаршкахь, тайпанах айтткхаьлло волу Термола цул а хьалха юкъаваьлла хилар чIагIдо. Цунна тоьшалла до У. Лаудаевс а шен «Чеченское племя» (Тифлис, I872 ш.) балха тIехь. Цул сов, Термолех дуьйцу хабарш а, уггар генарчу дозанехь, II-I4 бIешо тIекхаччалц йолчу хенера тоьшаллаш ду (барта кхоллараллин кхиаран хьелашца дуьстича). Термолас а, Берса-шайха а дIадолорца арахьарчу (кхечу къомах) ницкъашца а доцуш, нохчаша, шаьшлахь тIе а эцна, бусалба дин даржор дIадехьна хан ю иза (Суьлийн-махкахь 9-I5-чуй бIешерашкахь дIахIоьттина бусалба дин). Кху материалехь Термолин а, Берса-шайхан а берриге а дахаран кхоллам басталур бац. Коьртаниг – хаттар хIоьттина.
Царна тIаьхьа цу боламан а, ткъа иштта арахьара тIегIертачу ницкъаша (паччахьан политика) кхоччуш цхьана амале балабо Шайх-Мансуран куьйгаллица къоман паргIатонехьа латтийна гIаттам. Хьалха дин чIагIдар деккъа цхьана динехула хиллехь, Шайх-Мансуран боламехь къомо шен паргIатонехьа латто къийсам динца цхьаьнабузу – хьалхахьа йоккху гIулч яра иза. Хенаш билгал а ца йохуш (иза вайна тIехь ду), вай хьаьвсича, къоман боламан баьччанийн хьалхе – тIаьхье иштта хIутту: Термола – Берса-шайх – Шайх-Мансур – Ташу-Хьаьжа (исторически доккха маьIна ду Шемал имам хIотторан) – Кунта-Хьаьжа. (Нохчийчоьнан керла болам бу иза). Кунта-Хьаьжа лаьцначул тIаьхьа ши гIаттам хуьлу. Хорачойн Ахмирзин Тозу а, Iаьлбиг-Хьаьжа а коьртехь волуш. Церан агIонаш а хIинца а евзина яц. Цул тIаьхьа Нохчийчохь вирдаш кхолладаларна шен исторически доккха бахьана ду.
Паччахьан Iедал чIагIделлачул тIаьхьа, динца цхьаьна, кхиа йолало къоман интеллигенци а. Хетарехь, царна юкъара хилла хорачойн Зеламха. Кхиъна йогIу къоман интеллигенци а, хIинца а, паргIатонах догдиллина боцу Iеламнах а цхьаьнабоьзнера цо.
Иштта сурт кхоллало I9I7-гIа шо тIекхаччалц Нохчийчохь хиллачу къоман паргIатонан къийсамийн боламех. Амма и хIора а хан цецах чекхлитта езаш ю. Цу тIехь боккха Iилманан болх бан беза аьлла хета. «Мода» а йоцуш, къоман дуьхьа!
I. ДЖАНАРАЛИЕВ
БЕРСА-ШАЙХ.
МИЛА ХИЛЛА ИЗА
ХIинца а йолуш ю Куьрчалахь Юьртачоь олуш йолу меттиг. Оцу меттехь сецна хилла Нашхара схьавеана Кушул. Кхо кIант хилла цуьнан: ШаIа, ТIелип, Курчалхан. ШаIех схьабевлла зандакъой, ТIелипах – билтой, Курчалнах – курчалой.
ШаIин гу олуш меттиг а ю Курчалахь. Бакъду, оцу гу тIехь вай махках дахале ШаIа цIе йолуш кхин стаг а Iийна. XIX-чу бIешарахь Зандакъара ГIовтакъин некъах нах а баьхкина хилла Куьрчала, уьш а Iийна оцу ШаIин гу олучу меттигана уллохь.
ѕДуьххьара дех Кушалех къаьстина дIавахана ШаIа, Зандакъа юрт а юьллуш. ШолгIа дIакъаьстина ТIелип, Билта юрт йиллина цо. ХIинца а ю Куьрчалахь ТIелипан гIала олуш йолу меттиг. КхоалгIа кIант Курчалхан Куьрчалахь Iийна.
Курчалой хьалха а болуш, зандакъой а, билтой а курчалойх схьабевлла бохург чIагIдан ца гIерта вай. Кхаа вешин тIаьхье ю ала йиш ю и кхо тайпа. XIX-чу бIешеран 60-гIа шераш тIекхаччалц вовшашца гергарлонаш а лелийна оцу кхаа тайпано.
Куьрчалахь оцу Юьртачоь олучу меттехь вехаш хилла ялх кIант а волуш, Темболат цIе йолуш стаг. Шен ялх кIентан нана кхелхича, Темболата ялийначу зудчо вина хиллачу кIантана Тимирболат аьлла цIе тиллина. Бер долуш дуьйна чIогIа ницкъ болуш, хIуманна каде кхуьуш хилла иза. Баккхийчу вежарийн цунах вуно самукъадолуш а хилла. Амма царна дагахь а ца хилла Тимирболат воккха хилча ницкъаца шайл тоьлур ву бохург.
Оцу хенахь Гумс хил дехьарчу луларчу Гуьнахь вехаш хилла доьзалехь кIант воцуш цхьа къонах. Ткъа нохчашна кIант ма везий тIаьхье кхиийта. Иштта цхьана дийнахь оцу къонахчун накъосташна цуьнан хIусамнана доьзалхочух хилар хиъна. Цара барт бина, нагахь кIант хилахь, чагIаран кад а мелла, говр хаьхкина ор чуьра ка хьалабаьккхинчу беречуьнга оцу къонахчун йоI а луш, той дийр ду, аьлла.
Дукха хан ялале кIант хилла оцу доьзалехь. Гуноша луларчу ярташка хаийтина шаьш той деш хилар. Массо а ярташкара нах баьхкина Гуьна. ХIора юьрто шайн тоьлла бере хьажош хилла, амма ка хьалабаккхалуш ца хилла цхьаьнгга а. Курчалойх цхьа а схьаволуш ца хилла. Ткъа Тимирболат шайн баккхийчу вежарех эхь-бехк хеташ, юкъа ца волуш хилла. ТIаккха гуноша аьлла, курчалошка, и хIун ду, говр хахка бере вац шуна юкъахь, дIалаьхкинчохь а ца дуьтуш, гунойн шинарш-м ма ийдо аш, боху, забар а еш. Тимирболат юкъаваьлча, дIавала, вай юьхьIаьржа ма хIиттаде, аьлла, човхийна баккхийчу вежарша.
– Сайн хьал суна дика хаьа, – дуьхьало йина Тимирболата.
Говр хаьхкина, маIа а лаьцна хьалабоккхуш болу ка, маIа каг а елла, юха ор чу боьжна. И гуш болчу мехкарша мохь тоьхна:
– Барзо туххучу тоха деза ка, – аьлла.
Юха а говр хаьхкина, вортан тIера а лаьцна, ор чуьра ка хьалабаьккхина Тимирболата. ТIаккха оцу йоьIан да дохковаьлла, курчалошка йоI лур яц ша, гергарло лелор ду, аьлла. Накъосташа бехк баьккхина цуьнга:
– Берахь дуьйна цхьаьна кхиъна ду вай. Цкъа а вовшашна тешнабехк а ца бина, дашах шалхо а ца йина. Нагахь вай аьллачунна тIехь севцца, курчалошка йоI дIа а луш, хьо чекх ца валахь, тхо хьан декъа тIе кхин догIур дац, вайна юкъара гергарло цу тIехь хедар а ду,- аьлла.
Шен накъосташа шаьш бохург билггала дийр дуйла хиъначу къонахчо йоI дIаелла. Цул тIаьхьа Тимирболатан гергарлонаш, уьйр-безамаш совбуьйлуш хилла, ткъа ялх вешинаш жимлуш хилла. Баккхийчу вежаршна деза ца делла Тимирболатан накъостий алсамбовлар. Цара барт бина, дуьхьал хIоьттина велур вац, тешнабехкаца вен веза вай иза, аьлла.
Иштта бахана ГIоьрдалана уллохь ТIехьа олучу меттехь кIорга ор а даьккхина, цунна тIехула хIума тесна и къайла а даьккхина, бухабирзинчу цара Тимирболате аьлла:
– Вай хIинца талла даха деза. Ахь хьакха тIелоллур ю, оха юьйр ю.
Иштта барт бина дIабахана хIорш. Тимирболатан говр дIайолалушшехь ор чу доьжна и шиъ. Цу чуьра хьалавала аьтто ца болуьйтуш, вежарша иза вийна.
Дикка лелла нус, сагатдеш, шен марвежаршка Тимирболат хатта эхь хеташ, цунах хилларг хIун ду ца хууш. Эххар а царах шек а яьлла хаьттича, «цунах хилларг а ца хоьттуш, хьайн Гуьна дIагIо» аьлла цуьнга марвежарша. Ша дIайоьдуш Куьрчала дукъара схьа мохь тоьхна несо, шена тIаьхьа хабарш а ма дийца, нагахь йоI хилахь, маьхьарна йиша а хир ю шуна, амма кIант хилахь, чIир екха мостагIа а хир ву шуна, аьлла. Иштта, ша доьзалхочух хилар хаийтина цо.
Гуьнахь цуьнан кIант хилла, ненахоша Берса цIе а тиллина цунна. Шен да Тимирболат санна, жима волуш дуьйна ницкъ болуш, каде кхуьуш хилла Берса. Гунойн бераша шайца ловза вуьтуш а ца хилла иза, тIаккха уьш вовшех леташ хилла. Берсас шаьш эшийча, цара тIехтохам беш хилла, шайх летачул хьайн да вийначунна бекхам бе, олий. Шега дийцича, ницкъана хьо шайл тоьлаш хилар ца лалуш олу цара, бохуш, дерзош хилла нанас хIоразза а. Эххар а Берса пхийттара ваьлча а изза тIехтохам бина цунна. ТIаккха аьлла Берсас шен нене:
– Я ахь сан да муха велла, хьан вийна дуьйцур ду, я со, хьо Iадда а йитина, Куьрчала дIагIур ву.
Нанас дерриге а дийцина Берсига. Ша Тимирболате муха яханера а, иза шен марвежарша вийна хилар а.
Берса бер долуш дуьйна ницкъ болуш кхуьш ву, аьлла, шайна хезча, цуьнан ден вежарий и лачкъо гIоьртина хилла, вен дагахь. И хааделлачу Берсин ненахоша аьлла:
– Шайн ваша аш вер шун шайн гIуллакх ду, амма тхан йишин кIант аш вехь, иза шайна дуьтур доцийла хаалашѕ
Куьрчала дукъа а веана Iаш хилла Берса, пхьоьхана гулбеллачу нахана пха а кхуьссуш. ТIаккха оцу наха мунда а йина, буьйсанна дIахIоттийна иза, нагахь стаг вен дагахь цо и пха кхуьссуш белахь, хуур ду вайна, аьлла. Берсас кхоьссина пха мунданах кхетча хиъна царна и пха кхуьссург мила ву. Дийнахь цхьа а ара ца ваьлла цу нахах. Ткъа буьйсанна Берсин ден вежарий а, шичой а, ерриг юрт а, кIеззиг нах Аьккхахь а совцуш, Теркал дехьа, Гуьмсе дIаяхана. Бехк боцурш а, бобераш кхобу зударий а, КIайн хи долчу хьала а баьхна, битина.
Аьхкахь а, Курчалой-Эвлахь а (Шелан район), Лаха-Неврехь а, кхечу ярташкахь а болу курчалой а, кIайчахой а вовшех къастабо цхьаболчара. КIайчахой аьлла тайпа дан а дац нохчийн. КIайн хи олуш хи ду, цунах аьлла ду иза. ЦIонтарой бекъча муха хир дара, цIонтарой а, чагIалкхой а, аьлла? Я гуной бекъча гуной а, марзоймахкахой а, аьлла?...
Берсин ЦIоьнтарахь, Бенахь, БелгIатахь, Айта-Кхаьллахь накъостий хилла. Бенара нускал далийна Берсас. Шеца цхьаьна ЦIоьнтарара накъост а волуш, невцалха вахана хилла иза. Оцу заманахь Нохчийчохь бусалба дин даржо гIерташ хилла Дагестанера молланаш. Ткъа, хууш а ма-хиллара, Бена суьйлийчуьра охьа ма-велли, уггар гергахь йолу юрт ю. Беноша бусалба дин тIе ца эцна, цунна бекхам беш суьйлийн бIоно церан даьхни дIакхуьйлуш хилла. Вайнехан Iедалехь дуьххьара стунцахошна гучувала вахана нуц вистхуьлуш дац. Берса а хилла-кха вист а ца хуьлуш, шеца волчу накъостан а, чохь болчеран а къамеле ла а доьгIуш, Iаш. Оцу хенахь уьйтIахула дIасабовлучу зударша аьлла хилла:
– ХIара вайн невцарий кху чохь Iашшехь, бенойн даьхни-м дIадуьгуш дуѕ
Берсина хезна и къамел. Берса а, чохь хилла кхиберш а тIаьхьа бахана суьйлашна. ТIекхиъча, Берсас аьлла:
– Со цхьаъ тIегIур ву, шу кхузахь совца.
Цо иза аларан бахьана хилла цуьнца волу цIонтаро жима волуш да а вела, йиша-ваша доцуш гIийла хилар.
Дика ду делахь, ахь цаьрца дов дийр дацахь, со ца вогIу хьоьца, ахь бохург дийр ду ас, – аьлла цIонтарочо.
Берсас суьйлийн имаме схьадехна бенойн даьхни. Амма вукхо аьттехьа а ца дитина даьхни духадерзор, нагахь санна беноша бусалба дин тIе ца эцахь. Берсас тур тоьхна цунна. Ша леш суьйлийн имама аьлла:
– Сайгара тур а, дакъа а (шайхалла) хьоьга дели ас, Берса-шайх.
Шайна имама иштта весет дича, вен йиш а ца хилла, Iадда витина суьйлаша Берса (иштта меттиг хIинца а йолуш ю Бена уллохь, «Берсин лам» цIе а йолуш).
Цигара вухавогIуш, Берса а, цуьнан накъостий а БелгIатан дукъахь буьйса йоккхуш севцна хилла. Iуьйранна ша самаваьлча шен гIевлангахь КъурIан карийна Берсина, дукха шера иза деша шена хууш хилар гучу а даьлла. Иштта доьссина Берса-шайхе бусалба дин а, шайхалла а. Ткъа БелгIатан дукъара и меттиг хьалха, гонах керт а йина, Iалашъеш хилла.
ЦIа кхаьчча шен нене аьлла Берса-шайха:
– Вай хIинццалц керстанаш хилла, амма хIинца бусалба дине ерза еза хьо.
Нана ца тешна кIантах. Берсига шегара ницкъ гайтар дехна цо. Берсас тIулга тIе ког таIийна, шеен лар йоссийна цунна чу. (И тIулг хIинца а Берса-шайхан зихIартехь болуш бу). «Со хьайх цатешарна къинтIера вала», – аьлла, Берса къинтIера а воккхуш, имане еана цуьнан нана.
Дуккха а меттигашкахь туьрца диллийтина Берса-шайха нохчашка иман. Иза иман диллийта волавелла дукха хан ялале белла Бенара, БелгIатара, ЦIоьнтарара цуьнан накъостий: тIемашкахь белла уьш.
Айткхаьллойн Термола хилла Берса-шайхана чIогIа гIо деш.
I990-чу шеран 5-чу августехь арадаьллачу «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газета тIехь Эвтархойн Ахьмадах лаьцна статья яра. Цу тIехь Д. Хожаевс далийнера «Берса-шайх иман юха чIагIдеш волчу хенахь» аьлла, Берса-шайха бусалба дин нохчашлахь духа чIагIдина дац, дуьххьара даржийна ду. Ткъа Термола цуьнан визир-накъост хилла ву: дешна болчу Iеламнаха а боху иза.
Гуной иман ца дуьллуш, дуьхьалбевлла хилла, Берса-шайха шайга и мосазза олу кханенаш а йохкуш. Цкъа иштта Берса-шайх веана волуш, кхана вола аьлла, вухахьажийна иза. ТIаккха Берсан ненавешин зудчо аьлла:
– Гонах массара а цо бохург дина. И кIант ша кхузахь вина а, кхиъна а волу дела шуьца эвхьаза ца вала IадIаш ву. Амма эвхьаза ца ваьлча-м вер вац, аш иштта дуьхьалонаш яхь.
ТIаккха гуночо шен хIусамнанна жоп делла: «Ас и дIо яйчохь кхехкаш хьакха юур ю, тIаккха иман а дуьллур ду»,- аьлла. И мохь а тоьхна, ша чу вахача, Берса-шайх шен чохь хиъна Iаш карийна цунна, хьакха чохь кхехкош болу яй дIа а Iанийна. (ХIан-хIа, аьлла хеташ стаг валахь, Гуьнахь и меттиг йолуш ю. «Яй Iанийна берд» олуш).
Бусалба дин тIе ца эца дуккха а гуной Теркал дехьа дIабахана. ХIинца а йолуш ю гунойн махка тIехь (XIX-чу бIешарахь дуьйна эрсаношкахь ю и меттиг) «Оьрза-Боьра» цIе йолу меттиг. Оьрза шен кIентий а буьгуш, кхин а гуной цхьаьна а болуш, Теркал дехьа а ваьлла, Оьрза-гIала а йиллина, охьахиъна. Цхьаболчу историкаша цунах «Ораз-ГIала йина, иза ногIашка а йиллийтина. Амма иза Оьрза-ГIала хилла, гуноша йиллина а йолуш. Кхин дуккха а ярташ хилла нохчийн Теркал дехьахь.
Берса-шайх нохчашка има диллийта волавелла I59I-чу шарахь, 400 шо хьалха. Цул хьалха Нохчийчохь бусалба дин хилла а дац. (Айдамиров Абузаран «Нохч-ГIалгIайчоьнан историн бакъдерш» цIе йолчу балха тIехь Берса-шайха шереIат кхайкхор XVIII-чу бIешеран 70-чу шерашкахь хилла, аьлла ду. Цхьана буха тIера схьаэцна хир ду иза автора, амма нийса дац).
ХIинца а нисло Берса-шайха суьйлий хилла, Ахсадара веана а волуш, бохуш, чIагIдан гIерта нах. Иза бакъ дац. Берса-шайх тайпана цIенна курчало а хилла, шен дайн цIентIехь, ков-кертахь дIавоьллина а ву. Оцу цхьаболчу наха олу: массо эвлаяъ а, шайхаш а Дагестанера схьабевлла. Иза а бакъ дац, хIунда аьлча, Мухьаммад-пайхамар а (Делан салам хиларг), бисина пайхамарш а хила безар-кха тIаккха суьйлий. Суьйлашна хIума ала ца гIерта, я эр а дац, массо а адам Дала кхоьллина ду: цу тIе нохчий а, суьйлий а халачу хенашкахь цхьаьна хилла а буѕ
Берса-шайхана оцу Бенарчу зудчо ши кIант вина хилла – ТIурло а (воккханиг), Аьрсамик а, Берса-шайх Куьрчалахь дIавоьллинчохь зихIарт ду. Цуьнан хIусамнана а циггахь, тIехь зихIарт а долуш, дIайоьллина ю.
Таханлерчу дийнахь Куьрчала а, Курчалойн-Эвл а йоцург, вайн республикан а, Дагестанан а 50-60 юьртахь бу курчалойн тайпана нах. Курчалой дуьххьара аренга (шерачу ара) девллачу нохчийн тайпанах бу. ГIабалкхахь (Новолакски), Осман Юьртахь, Аьккхахь, кхечу ярташкахь а хилла бу курчалой Берса-шайх валале дуккха а хьалха дуьйна. Осман-Юрт дуьххьара курчалоша йиллина ю. ГIачалкхахь а зихIарташ ду курчалойн. Масала, ИбрахIим-хьаьжин а, цуьнан ден а.
Аьккхахь, курчалой санна, нохчийн дуккха а тайпанех болу нах бу. Вай махках даьхначуьра цIадирзича, 50-чу шерийн чаккхенехь, шу нохчий дац бохуш, аьккхий Iехо гIиртира. Уьш цIенна нохчий бу, орамах лоруш долу церан тайпанаш пхьарчой, кешаной, чонтий, иштта кхин масех тайпа а ду. Халахеташ делахь а, тахана а нисло аьккхий нохчий бац бохурш. XVIII-чу бIешеран 80-чу шерашкахь нохчий а, гIалгIай а къастийра вовшех, паччахьан Iедало юкъа эладитанаш а доьхкина. Ткъа и шераш вай вешан лаамехь Россина юкъадахана шераш дара бохуш. ХIинццалц схьадуьйцуш дара В.Б. Виноградовс а, цуьнан накъосташа а, бийлархьама санна лелош хIума дара иза.
Ткъа хIинца цхьаболу орстхой а бу, шаьш къам ду бохуш, вайх кхин а цхьа дакъа дан гIерташ. Иштта къестамаш бича-м, нохчашна юкъахь барамехь угар дуккха болу цIонтарой, курчалой, чIинхой, кхиберш а къаста беза нохчех дIа шаьш а къаьмнаш ду аьлла. Вайнехан барт ца хилийта лелийна а, лелош а хIума ду иза. Вайна дика евзаш ма ю паччахьан заманахь дуьйна схьа хилла Россин амал: къаьмнаш дIасадекъа, тIаккха царна тIехь олалла де, – бохуш йолу. Берриг вайнах цхьаъ бу, тукхамашка бекъалуш, тукхамаш тайпанашка довлуш вовшахкхетта, цхьа къам а хилла кхиъна болуѕ
АстагI-Тимар Нохчийчу вогIучу хенахь ягийна Хошкалдена уллохь цхьана хенахь хилла йолу курчалойн юрт, Курчалойн Боьра олуш меттиг а ю цигахь. Соьлж хина уллохь а хилла курчалойн-юрт: Кавказан тIеман хьалхарчу шерашкахь, Грозная гIап юьллучу хенахь А.П. Ермоловс ягийна иза. ХIинца а ду цигахь курчалойн кешнаш цIе йолуш кешнаш. Лаха-Неврехь, Беной-Юьртахь, Маканехь, кхечу ярташкахь а Теркаца дукха хьалха дуьйна баьхна курчалой. Дадин-Юьртахь а хилла, ткъа ХаьнкIаш-Юрт курчалоша йиллина ю.
Нохчийчохь Шемалан заманахь а, цул дуккха а хьалха-тIаьхьа а хиллачу гIаттамашкахь жигара дакъалаьцна курчалоша. Нохчийн исторехь гIарабевлла къонахий а бевлла оцу тайпанах:
– Берса шайх, нохчийн дуьххьарлера бусалба имам;
– Молла (Шеста хилла цуьнан цIе), Таймин Бийболатан накъост, цуьнан бIонан къеда;
– Муса-шайх – Моллин кIант. Воккха Iеламстаг а, эвлаяъ а хилла иза. ДIавоьллина ву Куьрчалахь, тIехь зихIарт а долуш;
– ИбрахIим-Хьажа – Муса-шайхан кIант.
ДIавоьллина ву ГIойтIахь, тIехь зихIарт а долуш;
– ТIелхаг (Шелара), имам Шемалан наиб. Майраллица, хьекъалца, тIеман говзаллица вевзаш хилла Кавказан тIом болчу шерашкахь Россехь а, кхечу пачхьалкхашкахь а;
– Ботакъа, имам Шемалан Iедал дIахIотточу хенахь иссалгIа наиб а, эскаран къеда а хилла. Оцу хенахь Нохчийчохь а, Дагестанехь а уггар баккхийчу Iеламнахах хилла иза. ХIинца а Куьрчалахь ю Ботакъин хилла беш. Ткъа хIорш цуьнан дайн цIерш ю: Кушул, Курчалхан, Хьанбилхан, ЧIабалхан, ЧIайхан, Чергисхан, Бегал, Оку, ТIовла, Майла (Маиг), Товболат, Темболат, Тимирболат, Берса-шайх, ТIутаз, Iаббас, Мохьмад-Iела, Муртаз-Iела, Айдамар, Эдилгир, Буллу;
– Ахьматукъа-Хьажа. Ботакъин кIант. ДIавоьллина ву ШаIми-Юьртахь, тIехь зихIарт а долуш, Ботакъа воллучу кешнашкахь. Ботакъин тIаьхье ШаIми-Юьртахь а, Соьлжа-ГIалахь а, Соьлжехь а ю. Берса-Шайхана тIера охьа, цхьа а юкъах ца волуш, кIорггера дешна Iеламнах хилла Ботакъа, Ахьматукъа-Хьажа, церан дай а);
– Айдамар-Хьаьжа. ДIавоьллина ву Майртуьпахь. ВорхIазза Хьаьжин ЦIа вахана, дукха дешна Iеламстаг хилла иза а;
– Салам молла (Iалхан-Юрт);
– Махмат-Хьаьжа, БIачин-Юьртахь дIавоьллина ву, тIехь зихIарт а долуш.
Букку а, Мада а. И ший а Кавказан тIом болчу хенахь наибаш хилла. Церан тIаьхьенех нах хIинца а болуш бу Куьрчалахь.
Таймин Бийболат шен заманахь Нохчамахкахь ша эскарш вовшахтухучу хенахь Куьрчалахь соцуш хилла шен накъост Молла волчохь. ХIинца санна жима юрт ца хилла Куьрчала цу хенахь. Имам Шемал эшначул тIаьхьа нохчий Туркойн махка кхалхош дукха курчалой дIабахана I865-чу шарахь. Паччахьан меттигерчу хьаькамашна хууш хилла ТIелхаг, Ботакъа, Буку, Мада курчалой буйла а, бусалба дин Нохчийчохь дуьххьара Куьрчалара схьадаьллийла а. Цундела цара паччахьан Iедалца тарлур боцчарах лоруш хилла курчалой.
I900-I907-чуй шерашкахь Иордане а бахана курчалой, кхечу Iаьрбийн мехкашка а кхаьчна. ДIадаханчу шеран ноябрехь нохчийн къоман гуламе веанчу Мохьммад Баьппига ас леррина хаьттинера, курчалойн тайпанах нах буй цигахь, аьлла. Шена хууш Иорданехь а, Иракехь а, Иранехь а, Йеменехь а, Туркойн махкахь а, Сирехь а курчалой хилар чIагIдира цоѕ
ТIамехь чIогIа дакъалоцуш хиллачу Мурдалан кIанте Iобига шен йоI Жансари елла хилла Таймин Бийболата. Нохчийчохь ун даьржича, цхьа кIант Саламха воцург, хIусамда а цхьаьна, берриг доьзал белла йисина Жансари. Иштта цхьа кIант волуш йисина Iаш Иласхан Юьртарчу Кунта-Хьаьжига маре яхана иза (дIайоьллина ю Куьрчалахь, тIехь зихIарт а долуш). Сих-сиха Куьрчалахь Iаш а, ткъа пIерасканан дийнахь рузбана а Куьрчала вогIуш хилла Кунта-Хьаьжа а, цуьнца цхьаьна Сесанара Ташов-Хьаьжа а, Зандакъара ГIеза-Хьаьжа а, ГIоьрдалара Асандар а, Гуьнара Хьаькам-Хьаьжа а. (Ткъа К. Чокаевс а, С-Хь. Нунуевс а, кхечара а шаьш Кунта-Хьаьжех лаьцна яздечу хенахь Жансарин хьокъехь хIумма а ца олура). Кунта-Хьаьжин дайн цIерш хIорш ю: Товхьид, Илес, ГIирми, Имаз, Ама, Шовхал, Киши.
Кунта-Хьаьжин вежарий: Мовсур, МуцIу, Мовсуз, Висха. Нана – Хеди. Шиъ зуда хилла цуьнан – Сади а, Жансари а. Садис дина диъ бер хилла: кхо кIант а – Мовла, Махьма, Хизри, Эсет цIе йолуш йоI а. Жансарин Дибиг цIе йолуш кIант а, Субар цIе йолуш йоI а хиллаѕ
Шемалан заманахь Хасун кIант хилла Асу цIе йолуш. Шемала шен наиб хила веза хьо, аьлча, наибалла тIе ца лаьцна цо. Каде а, майра а тIемало хилла иза. Паччахьан эскарна юкъахь а хилла чIогIа доьналла долуш, цхьа каде эпсар. Шех лата стаг вуй, олий, йохье а воккхий, шех леттарг милла а вен ка долуш хилла цуьнан. Иштта, цхьана дийнахь оцу эпсарх лата ша вахийтар дехна Асус имаме.
– Хьуна-м реза вара со, Асу, оцу хьан говрана реза вац-кха, – аьлла Шемала.
– Говрах дерг суна дика хаьа, цунах ас жоп ло, суна цигаьрканах цхьа кIур баккха бакъо лохьа, – дехна Асус.
Цигаьрканах кIур баккха а, оьрсийн эпсарх лата а бакъо елла цунна Шемала. ТIаккха Асус, оьрсийн эпсар тIекхоччушехь, цунна тIе мажар-топ а лоцуш, боккха баьккхина цигаьрканан кIур дIахецна. Асун топ ца яьлла моьттуш, эвххьаза тIевогIуш хилла эпсар. Асус тоьхна вийна иза. Цул тIаьхьа ша а велла Асу гIазотан тIамехь. Цуьнан чурт а, хIоллам а Куьрчалахь бу. Цуьнан тIаьхье Гуьмсан районехь а, кхечухьа а йолуш ю: Iалашделла цунна имам Шемала дина совгIаташ а, елла мидалш аѕ
Берса-шайхах лаьцна яздинарг вуно кIезиг ду. Дукха хьолахь цуьнан тIаьхьенех болчара кар-кара оьцуш схьадеанарг ду вайна хууш дерг. ХIара материал зорбане яьллачул тIаьхьа а хирг хир бу шайна цунах хезнарг, девзинарг дуьйцуш берш.
В. КУРЧАЛОЕВ,
Веданан район
БЕРСА-ШАЙХИН ТУР
I920-чу шарахь, аьхка, Буру-ГIалахь партийни курсашкахь доьшуш вара со. Ала деза, цу курсашкахь со цхьаъ бен кхин нохчи вацара, ткъа цигахь болх беш кхин цхьа нохчи а вара – Ахтаханов Осман. Цхьана дийнахь Iалхан-Юьртара Газиев Iабдул-Iаьзим веара со волчу, ша новкъа даьккхинчу гIуллакха тIехь гIо-накъосталла лацар а доьхура цо.
Цунна сан да вевзаш а хиллера, цуьнан хьехамца веана хиллера иза. Ша курчалойх хиларх хаийтира Газиевс. Тайпанан юрт Веданан районехь ю, Куьрчала цIе а йолуш. I857-чу шарахь паччахьан эскарша Веданахь йолу имам Шемалан резиденци йохийча бисинарш ДегIастана бухабевлира. Цу шарахь эскарша тIамца яьккхира Куьрчала. Юрт яьккхинчул тIаьхьа, тайпана сийлахь долу тур а, секха-Iад а, цуьнца кхоъ пха (я биъ) дIабехьна. И герз дуьххьара Нохчмахкахь (Ведана, Нажин-Юьртан районехь) бусалба дин даржийначу Берса-Шайхан хиларна лардора курчалоша.
Берса-шайхан каш Куьрчалахь ду, тайпанан наха лоруш, зерат а деш.
Тайпанера схьадаьккхина Берса-шайхан герз паччахьан эскаран командованис дIадехьира.Терски областной музей кхоьлличхьана, I920-гIа шо тIекхаччалц и герз цигахь Iиллина. И герз цига кхаьччахьана, Берсин тIаьхьено иза схьадерзо гIерташ массо а агIо йина. Дехарш дина Терски областин инарла-губернаторе, Кавказан сардале, кхаа паччахье – Александр II, Александр III, Николай II. Герз схьадоьхуш динчу дехаршна а массо меттахь дуьхьало хилира. ТIаккха, кхин дан хIума а ца хилла, персийн шахана тIе бахана курчалой, шайн дехаран гIолацар доьхуш. Хетарехь, цуьнан дехарша а башха гIо динчух тера дац. Царна дуьхьало яран къайле иштта ю: тайпанна юккъехь лелаш цхьа тешам хилла цу «герзан да» денвелла, паччахьан эскаршна дуьхьал гIаттам болор бу. Ткъа паччахьан урхалчашна, хетарехь, и герз курчалошкахь мел ду, имаме болу сатийсам бовр бац. Газиев Iабдул-Iаьзиза Берса-шайхан тIаьхьенах уьтталгIачу дега ваьлла лорура ша.
Цхьана чкъуран хан 30 (уггар лахара) шо лоруш хилча цу герзана I920-чу шарахь 300 шо кхочура. Газиев Iабдул-Iаьзимера иштта тоьшаллаш сайна хиъча, цу хенахь Терски областан комитетан секретарь хиллачу Н.Ф. Гикалона тIе вахара. Тхойша а волуш, цо зIе туьйхира Терски областан исполкоман председателе Квирикелияга, тхойшинга кехат а делира Гикалос. Квирикелияс областан музейн хьажархочуьнга Газиевга Берса-шайхан герз дIадалар магош, кехат чIагIдира.
Газиевна хазахетаран доза дацара. ЦIерпоштан новкъахь шех цхьа хIума Iоттадаларх ларвалархьама, музейн неIарера Базоркина юьртахула ГIалагIайчу веара. Кхузахь шен хьешера гIалгIайчуьнгара говр а яьккхина, говрахь Iалхан-Юьрта кхечира. Тайпано турпалхо санна тIеийцира иза. Цул тIаьхьа, масех де даьлча, тайпанан иттех сов бере а волуш, герз Куьрчала хьаладехьира. Герз духадерзар даздеш юьртахь говраш а хохкуш, доккха той хилира. Кхин цхьа хIума а ду: I857-чу шарахь, дуьйцу герз дIахьочу хенахь, туьран макъаран цхьана агIор йолу кхаларан коьчал юьртахь йисина хилла. Иза схьа а еана, хьаьвсича, иза цу тIера хилар шеко йоццуш хилла. Цу билгалонца хиъна курчалошна тур а, секха-Iад а, пхьерчий а шайн сий-ларам берш дуйла. I920-чу шарахь Газиевга дIалуш, суна а гина и тур, ала деза, кхин башха бIаьрг тIехь саца билгало яцара цу тIехь. Туьран батта тIехь къаьсташ хIума дацара: иза мекха йоьлла яра. Шайн тайпанан турпалхочунна курчалоша тоьлла говр а, нуьйр а, шед а, верта а делира. Герз лардар а цунна тIедиллира, цо уьш шеца Iалхан-Юьрта лардан дIадехьира. Цул тIаьхьа ши-кхо шо даьлча, Ермоловке ваха вахара Газиев. Со кест-кеста хуьлура иза волчохь. I927-чу шарахь ас цуьнгара секха-Iад а, пхерчий а нохчийн музейшна дехна, цига деара. Пха маса хилла суна билггала дага ца догIу. Цхьана я шина пхан вед аьчган яра, чIогIачу дечиган дара уьш, хетарехь, чай – боллан. Секха – Iода тIехь яра вуно говза юьйцина чилла-хьесан озориг (тIийриг), оьзиган шед санна. IаддаргIийн эханнал бен еха яцара озориг (тIийриг), маьIах даьхначу бустамашца кечдина дара секха-Iад (бугIанан я масаран – Iаьржачу басахь). Дечиган декъа тIехь даьхна бустамаш, дика къаьсташ доцуш, суна хIетахь ца гира. IаддаргIа дечигах йина лоруш вара со хIетахь, амма хIинца леррина, тидамца хьаьжча, гучуделира иза вуно говза вовшахлетийначу кIозйохарех дина хилар.
Газиев Iабдул-Iаьзизан йоI Тамара дийна ю. Книгийн издательствон редакторан хIусамнана ю иза. Хетарехь, Газиевн хIусамнана а дийна ю. Кху тIехь ас дуьйцуш дерг цара тIедуза мега. Цу герзах лаьцна Къилба-ХIирийн музейхь кехаташ дисина хир ду. Лардеш долчу секха-Iодан а, пхерчин а исторически башха мехала маьIна ца хила а мега. ХIунда аьлча, пачхьалкхан музейхь уьш Iохку бIе шо сов ду, цундела мегар дара уьш ярташкахула гойтуш ца лелийча а. Цуьнан хIинца лаххара а 350 шо ду. Суна хетарехь, секха-Iад меттигерчу говзанчаша дина дац, иза Дашо ордан пхьераша дина ду. IаддаргIа ца йисина халахета. И йисинехь, Куьрчалахь болчу баккхийчу нахе хетта мегар дара Берса – шайхан туьрах хилларг.
Казахстанера цIа веача ас хиттира секха-Iодах дерг, цхьанна а цунах хилларг ца хаьара. ТIаьххьара а секха-Iад карийра. Кхийолу хIуманаш а карор яцара-те музейн фондехь? ХIорш ю уьш: Чилланан горга билгало (значок, цIен бос а болуш) дуьххьара Нохчийчохь имам Шемилан коьрта наиб хиллачу Шамурзаев Ботин байракха тIе латош хилла иза. Цунна гондIа Iаьрбийн маттахь яздина дара (хетарехь, иштта чулацам бара цуьнан): «ТIаьхьенан ойла еш верг, цкъа а майра хир вац».
Шайх-Мансуран детин мухIар (тIера йоза «Имам Мансур»).
Iаьрбийн маттахь 50 кехат тоьшалла (тайп-тайпана тIедахкарш, омранаш). Дукхахдерш Шемила шен куьйга яздина а дара, шен мухIар тIе а тоьхна. Царна цхьанххьа а зорба а ца тоьхна).
Iадатийн гулар (Iаьрбийн маттахь). Цу тIехь билгалдина дара тайп-тайпанчу зуламашна таIзарш дар билгал а даьккхина, «Оьрсийн бакъдергах» тера. И Iадатийн гулар доккха маьIна долуш яра. Иза Нажин-Юьртахь карийнера, цхьана а меттехь зорба а ца тоьхна.
I926-чу шарахь композитора А.А. Давиденкос нотни йозанца дIаязбина 80 нохчийн мукъамаш.
Халид ОШАЕВ,
I5 сентябрь. I965 шо.
Зорбатоха кечйинарг –




