Печать
PDF
Дек
02

Илисхан-Юьртара Кишин во1 Кунта-Хьаьжа (Дала даржехь сов воккхийла иза)

Веза-Сийлахь волчу АллахIа  ша  хIара  дуьне  кхоьлличхьана  хIокху  лаьттан букъ  тIе  цхьа бIе ткъе виъ эзар  пайхамар  ваийтина. Кхо  бIе  кхойтта элча а ву царех. Ткъа Сийдолчу  Къуръан  чохь  хьахийна, билгалваьккхинарг  ткъе  пхиъ  бен  вац.
Уьш Дала  бахкийтина, Ша цхьаъ  бен  кхин Дела  вац  аьлла чIагIдина  долу  Шен цIена  дин Ислам  адамашка  дIакхайкхаде, довзийта  аьлла, тIе  деза декхар  диллина. Цаьрга  Дала  тептарш, суьхьуфаш, жайнаш  диссийна. Нахах диканиш  бу  шуна уьш аьлла, къаста а бина Цо уьш. Цара  къа деш, вуониг деш а ца  хилла,  я  адамийн  шайх  безам  бер  болчу, я адам  шайх  къаьхкар долчу  тайпа  цхьа  а, Дала схьа а кхоьллина  сакхт, сиркхо, я кхачамбацар  а ца  хилла цаьрца.

Оцу  мел  болчу  пайхамарел, элчанел  вазвина,  церан эла  хилла  волу,  шел  веза  стаг  хIокху лаьтта  тIе  веана а, я  вогIур  воцуш, Дала Шена дукхавезаш  верг  аьлла  къастийна, дуьненал,  Iаламал вазвина  волу  вайн  Делан Элча  Мухьаммад  ву царех  тIаьххьарниг,  Делера   салам маршал  хуьлда  цунна а, мел  болчу пайхамаршна а!

Вайн Делан  Элчана  тIаьхьа,  Делера  салам-маршал хуьлда  цунна, иза  дIакхелхинчу кхаа баьIшарчохь муджтахIийдаш олуш болу  мазхIабийн  дай а, баккхий  эвляаш, Iилман  дай, устазаш,  шайхаш бахкхийтина Дала. Бусалба  динан  дашо  бIешераш а олу царех. Цара  шайна  Дала  деллачу  ирачу  хьекъалшца, кхетамшца  Къуръанан аяташ, Элчан  хьадийсаш  талла а толлуш, нахана  дин Iамош, даржош  ондда  къахьегна. Веза-Воккхачу АллахIа къинхетам  бойла царех, шен  ниIматех даккхий даржанаш  лойла  царна!  Делан  Элчано  (Делера салам-маршал хуьлда цунна) шен  версаш бу  аьлла-кх Iеламнах. Делан дин  гIел  ца  далийта, хIора  бIешарахь  богIур  бу а  аьлла  Элчано и нах.
Дала  билгалонна  караматаш ло эвляашна. Эвляаш Дала дика  дина  нах  бу, шайн  Iамалшца,  Iилманашца  Далла  герга  бахана, Делан  гергара  нах. Церан дахар  деккъа бусалба  дин хуьлу. Къуръан  чохь  Дала  уьш  гIайгIане  а,  кхоьлина а хир  бац, уьш Шен  гергара  нах бу аьлла, хьахийна а бу уьш.

Дала эвляийн беркат  ца луш  ца  йитина  Нана  – Нохчийчоь а… Нохчийн къомана луьра, сингаттаме мур тIехIоьттинчу заманахь, тIемаша, Iазапаша, баланаша дерриг къоман лаг Iаьвдинчу хенахь, Веза-Сийлахь волчу АллахIа Шен беза, боккха къинхетам бина, Нохчийчу бахкийтина хилла Сийдолу эвлаяаш, устазаш, шайхаш. Шайн белшаш тIе деза дукъ эцна, вайн къомана юккъехь Делан дин даржорехь, чIагIдарехь, машар, маслаIаташ дарехь къа а хьегна цара. Уьш хилла къиен, миска, дуьненах, дахарах хербелла, цунах дIа а къаьстина, халбатехь. Еккъа цхьа Iалашо хилла-кх церан – Делан дин марздар, хьехар, даржор. Цара баланаш, сингаттамаш лайна, мацалла а хьегна. Сов оза хиларна, гIодъюккъехь гIайбанаш лелош хилла а олу цара. Цхьа зовкх хилла-кх оцу Дала дика диначу нехан – бусалба дин... Дала къайле цIинйойла церан..! 

19-чу б1ешеран шоллаг1чу эхехь,  ах сов б1ешарахь,  т1улга т1ехь т1улг ца буьтуш, Кавказан т1амо къиза б1арзйина, са кхачийна, дукха нехан, дукха к1ентийн ц1ий 1енна, и ц1ий хуьйдина Нана-Нохчийчоь  парг1ат яккха машаран векал хилла г1аьттира х1окху Нана-Нохчийчу баьхкинчу безачу эвляэх  веза эвляъ хилла волу Илисханан-Юьртара Кишин во1 Кунта-Хьаьжа, шен кхайкхамашца а, хьехамашца а.   Массо а аг1ор нахаца к1еда-маьрза, 1а-маьрза, масла1ате, машаре, ша шен куьйгашца яьккхинарг бен юуш воцуш, Далла герга боьду некъ лоьхуш дукха халбатехь ваьллина, Дала доккха дика дина, доккха дарж, доккха 1илма а делла   шайх  хилла Кишин во1.

Халкъалахь лерам беш цуьнан цIе иштта йоккху: Иласхан-Юьртара  Хьаьжа, Кишин воI, Мубарик Хьаьжа, Хедин воI, Мовсаран ваша, Висхин ваша, Матин ваша, Хьаптин ваша, Моцин ваша, Эсетан Дада, Субаран Дада, Махьмин Дада, Мовлин Дада, Эртинара Хьаьжа, Iаламан устаз, Делан вели, Элчанан верас, Эвлаяийн гIовс…
Хьаьжин дай хилла: Киши, Шовхал, Ама, Имаз, Амаз, Г1ирма, Тавхьид, Хьусайн(Дала юьхь сий йойла цуьнан), Турпал 1ела(Дела реза хуьлда цунна), Абу-Т1алиб, 1абдуль-Мут1алиб, Х1ашим. Уьш Къурайшин цIийнах хилла. Хьаьжас олуш хилла бах: «Элчанера дуьйна охьа (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), хIора кхоалгIачу стагах шайх волуш хилла шайн цIийнах» олий.

Хьаьжин дай ГIирмехь, ГIиргIазойхь, Абазойхь баьхна . Ама ГIумхахь ваьхна. Цул тIаьхьа Шовхал Нохчийчу, ГIоьрдала олучу юьрта веана, цигара – Мелчу-хиэ вахана. 
Хьаьжа дуьненчу ваьлла, гергарчу хьесапехь, 1830-чу шарахь, Мелчу-хие юьртахь. Цуьнан ворхI шо хан йолуш Киша шен доьзалца Иласхан-Юьрта веана . 1840–1847-чуй шерашкахь ХьаьжагIеран доьзалш Гуьна баьхкина. Баккхийчара дийцарехь, цара Гуьнахь, Хьаьжин-Эвлахь яьккхинарг 11 шой, 7 буттий хан ю.
Хьаьжа дуьхьала хилла стеган ц1ий 1еначу муьлххачу а т1амана а, бекхамна а, ч1ирана а. Миллион стаг х1аллак хилла, кхид1а а х1аллакьхуьлуш, д1адолуш лаьттачу  нохчийн къоме  т1емаш ма бахьара аш, вай жима къам дара, доьза ма дахьара шу бохуш хила-кх цуо. 

1862-чу шарахь, Шемал йийсар вахана кхо шо хан яьлча ц1авирзира Хьаьжа, шеца Къадарин т1арекъат дохьуш. Дуьххьара Дег1астанахь Къадарийн тIарикъат даржийнарг Иласхан-Юьртара Хьаьжа ву. 

Иштта бара Хьаьжин хьехамаш:

«Дела веза лууш делахь – нийсо езалаш. 

Хьайна хилийта луург хьайн вешина а лаалахь.

Кхечарал хьалдолуш хила бахамаш ма гулбойла аша. 

Нах шайх хьегийтархьама бахам вовшехтохарх а ларлойла шу. 

Шуна г1олехь ду шуна шуьгахь 1илма а, хьекъал а, нийсо а, комаьршалла а хилла нах хьегар.

Т1ом – акхаралла ю шуна. Т1амах мел хьакхалучу х1умнах ларлойла шу, нагахь санна мостаг1 шун дин а,

сий а хьаша г1ерташ вацахь.

Шайна зиен динчунна зенаца бекхам ма бойла аша, цуо кхин а самса доккху шуна зиен-зулам.

Нагахь санна мостаг1а шайн зударшна т1е куьйгаш кхийдо волалахь, шайн дин а, 1адат а, мотт а

д1абаккха г1ортахь, т1аккха т1аьххьара ц1ийн т1адам божжалц цунах леталаш.

Даим къахьоьгуш хилалаш, мел боккха белахь а балхах а ма кхералаш, шен къинхьегамца вехаш воцург –

нехан хьацарца веха шуна. Ткъа иза къилахь ду, къоладар санна.

Баьпган цуьрган а т1алам белаш, цуо хьоза а, зингат а дузадо шуна.

Дуьненан рицкъана т1аьхьадовлий а ма лелалаш, цхьа б1арлаг1а бен яц шуна иза. Шайн мискаллах делаш дозалла.

Шайна дукха хаьа аьлла, я шайн дуккха а ду аьлла хетахь, д1асадала сихлолаш, д1а ца делларг дайнарг ду шуна.

Ткъа д1аделларг къематденна дика а ду шуна.

Гонах долчу жил-1аламца а, акхарошца а, дийнаташца а ларамца хилалаш. Хиш ма бехделаш. 

Шаьш кхобуш долчу шайн даьхнин хьашташ кхочуш дан а, уьш шайн хенна 1алашдан а ма дицлолаш,

уьш къамаьл далуш а, адамийн мотт хууш а дац шуна. 

Муьлххачу а меттехь, массо а аг1ор къинхетамца а хилалаш.

Воккханиг ларалаш, цунна шуначул а дукха гина шуна.

Шайн керта даьллачу хьайбана етта а ма етталаш, цунна наь1алт а ма кхайкхаделаш.

Дала чу са кхоьллина, адмана зиене яьлла йоцу х1ума 1алашъяр т1едуьллу ас сайн мурийдана».


Имам Шемале т1еман ницкъаца, гобаьккхина даккъаш т1ера яккхий тоьпаш еттарх бусалба дине ца бахкабелла г1алг1ай, деккъа суьлхьанашций,  зикарций вахана хиллачу  Хьаьжина дуьхьала тобанашкахь иймане буьйлуш, тобанашца баьхкира. Цунах эхь хетта хиллачу г1алг1аша герзаш д1алечкъийна хиллера олуш ду…

Делахь а, г1айг1ане хуьлу-кх  Хьаьжа санна болчу нехан кхоллам. Хьаьжин кхоллам а хилла-кх иштта.1964-чу шеран 3-чу октябрехь, даим халкъ декъа 1еминчу хьаьг1нечу  наха меттанаш детташ ца вуьтуш, 1едало лаьцна Вологодски губернерчу Устюжине набахти хьажийра Хьаьжа. Дукха мурийдаш гулбелира Шелахь, 1едале шайн устаз маьрша ваккха бохуш. Кхаа дийнахь собар дие, юха цхьана дийнахь собар дие, арахоьцур ву бохуш, Буру-Г1алара шайна г1оьнна эскар-б1о т1екхаччалц нах 1ехабеш хиллера 1едало. Ламанийн массо а ярташкара адам дара охьаг1оьртина.  Мухха делахь а, хьовр-з1овр иккхина, т1аме дирзира хьал. Хьаьжин 164 мурийдан кхалхар нисделира цигахь…

1едало Хьаьжа лацале а, Хьаьжа Дег1астанахь дин даржош, хьехамаш беш лелачу заманчохь а, дуьненах самукъа а долуш, пондар локхуш стаг хиллера Дог1а. Дог1ас х1ун боху Хьаьжас аьлла,  Хьаьжа хаьттича а, мурийдаша, ахь х1унда хьехаво Хьаьжа, хьан х1ун г1уллакх ду Хьаьжа хьехо  бохуш, бехкаш дог1уш хиллера цунах. Т1аккха Дог1ас олуш хиллера, хуур ду-кх цхьана дийнахь…цхьана дийнахь къаьстар ву-кх мурд верг а, воцург а.

Шелахь и т1ом хуьлучу дийнахь, даггара шен  пондар  леккха-леккха, юха бахьа а баьхьна иза шен ц1ийнан ц1енкъа юккъерчу б1ог1амах тоьхна боха а бина, тахханалц безаш лекха а лийкхи хьо, битаза ца волуш Делан ц1арца нигат дина, Делан дуьхьа бита а буьту-кх ас хьо, сайн устазан шина пханар юккъе б1аьрг хьажоза  сайн ц1ент1е вухавоьрзур ма вац со аьлла тур даьккхина, оцу т1аме ваха новкъа ваьлла хиллера Дог1а. Эвтарара цуьнан  доттаг1а а хиллера цуьнца. Х1ара шиъ сихвелла д1авоьдуш, хин коьрте хит1а еана  ши йо1 кхийтира боху цаьршиннах. Ша юьхьарлаьцначу некъаца, сихха оцу т1аме д1акхача шовкъ йолуш волу Дог1а саца а ца соцуш, д1аволавелла хиллера. Саца а сецна, 1одика йойла шун, мехкарий,  марша 1ойла-кх  шу, х1окху дуьненахь кхин гур дац-кх вай, тхайшиннан устазан шина пханар юккъе б1аьрг хьажоза вухавоьрзур ма вац тхойша аьлла юккъ йихкина араваьлла ву тхойша бохуш лаьтташ шен  доттаг1 хаавелла, вуха а хьаьжна Дог1ас аьлла хиллера цуьнга : «Схьавола, бита дуьненан мехкарий, кхана ялсаманан х1уьрла1ан мехкаршца дийр ду вайшимма къамаьл» аьлла. Валлах1и г1ур вац хьуна шуьшиъ тхойша а йитина-м аьлла, шайшиннан керта иккхина, ши мангал эцна, цу шинна т1аьхьа а х1оьттина, д1а а яхана, цу дийнахь   декъал хилира боху  Дог1а а, и ши йо1. Ден цхьаъ бен воцу к1ант хилла-кх Дог1а…

Гихтарчу Ковранакъа олуш хила-кх, Хьаьжас аьлла хиллера олий: «Массо а белхан хьалхе яра вайгахь. Амма г1азотан хьалхе яцара. Тахана Шеларчу Дог1ас  г1азот а даьккхи, Делан Элчан, Делера салам-маршал хуьлда цунна, девешин Хьамзатан доллу  дарж делла, Дала цунна юххе охьа а хаий-кх иза».

Шайна дуьхьала цхьа топ кхоьссина воцчу, т1емаш ма бие бохуш нохчашка  кхайкхамаш беш леллачу  Хьаьжина  Паччахьан 1едало еш хилларг кхаа капекана харж хиллера. 
Дуьненан еъъе а маь11ехь д1асадаьржина хилла-кх  Хьаьжин доьзалан рицкъанаш, цуьнан ц1ийнан ох1ла: Туркойн махкахь, Шемахь, кхидолчу а 1арбойн мехкашкахь.  Шена дукхабезаш берш баланашца зуьйр ма бу ша аьлла, вайн Делан дош ду боху-кх. Дала х1окху дуьненан мел болу баланаш лайтина-кх Хьаьже. Ма г1ийла ваьхна-кх иза, кийра буззалц юууш воцуш, дег1ана аьхначе вуьжуш воцуш, беркъаниг бен духуш воцуш… ма г1ийла ваьхна хилла-кх  хьо, Хьаьжа, ма г1ийла ваьхна хила-кх хьо, Дела везаран марзонах кийра а бузош, Дела везаран шовкъанах дег1 а духуш, Дела хьехорца  вуьжуш, Дела хьехорца, Далла 1амалш ярца г1уьттуш,  кхин цхьа а зовкх доцуш,  кху дуьненан мел йолчу марзонех хервелла, ма г1ийла ваьхна хиллера-кх хьо, Хьаьжа, Дала къайле тойойла-кх хьан! Дала къайле хазйойла-кх хьан, Дала къайле ц1инйойла-кх, Хьаьжа!

Хабаев Исма1ил