ТАШУ-ХЬАЬЖА (ДАЛА ДАРЖЕХЬ СОВ ВОККХИЙЛА ИЗА)
Х1окху кехато схьадуьйцург бакъдерг, нийсадерг ду. Х1ара тоьшалла схьадаьлла ду ша бакълуьйш волчу, шена бакъо елла волчу Сесанарчу Бештогара (Дала къинхетам бойла цунах).
Х1ара кехат яздешверг Сесанара Виситин к1ант Муса ву. Аса х1ара яздеш ду цуьнгара ма-хаззара (цуьнан багара схьа ма-даллара). Со а, Бештон нуц волу Ног1ин к1ант Эдал-Мирза а, цуьнан тайпана ваша Хьаммирзин к1ант Г1еза-Махьма а вара цуьнца и волчу кертахь хийшина 1аш, цуо бечу хьехаме ладуг1уш. Бештога оха хаьттира, вайн вели, устаз волчу Индарера Ташу-Хьаьжа (Дала къайле тайойла цуьнан) лечу заманчохь вирд хьехар, нах нисбар бакъо хиларан (изну) хьокъехь.
Бештос (Дала къинхетам бойла цунах) элира: «Иза цомгуш хилча, и волчохь мурдаш гулбелира. И валарна кхоьруш боьлхуш бара уьш. Ташу-Хьаьжас шен мурдашка элира: «Баккъалла, массо х1уманан шен хан ю. И хан т1екхаьчича, т1аьхьа ца вуьсу я хьалха ца волу. Нагахь санна х1ара дуьне цхьаьнца даиман лаьттар долуш хиллехьара, вайн Пайхамарца (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) лаьттина хир дара. Со валарна г1айг1ане ма хила, сан т1арикъатах са ма гатде. И хедар ма дац, вайн Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) шари1атца мел ду. Шуна Довлткха-молла, Илес-молла ву. Оцу шиннах муьлххачунна т1аьхьах1иттича а, шу нислур ду. Соьгара ду аьлла шайна хезнарг кхочушде, ца кхеташ х1ума хилахь, аш хатталаш».
Оцу цамгарах иза кхелхинчул т1аьхьа цуьнан весетаца и д1аволларна кечамбан дуьйлира тхо. Ша 1амалйинчу кертахь д1авоьллира Ташу-Хьаьжа (Дала къайле тойойла цуьнан).
Д1авоьллина ворх1алг1ачу буса суна г1енах гира иза. Цо элира: «Соьца дика хили хьо, сан к1ант, сан лаам кхачушби ахь суна ма-лаъара, хьайга аьллачунна т1ехь хьо нислолахь». Суна ч1ог1а 1аткъам бира цуо. Соьга цуо и аьлчхьана дуьйна, цхьа дош аьлла я 1амал йина ма яц ас, цуьнан омра доцуш».
Цул т1аьхьа ас хаьттира Бештога (Дала къинхетам бойла цунах) х1окху дийцарах лаьцна. Т1аккха цуо элира: «Бакъо хилар шина тайпана ду: гушйолу а, къайлахйолу а хуьлу бакъо. Къайлахйолу бакъо гушйолчул ч1ог1а ю. Курчалойн-Эвлахь ши мурд ву, цхьана букъах схьаваьлла волуш. Цаьршинах цхьаъ 1еламстаг ву, шолг1аниг - 1илма доцуш ву. Вай санна, Индарерчу Ташу-Хьаьжица (Дала къайле тойойла цуьнан) йинчу ч1аг1онна юкъавог1уш ву и шиъ. Товсолта, Йог1алби хилла цаьршинан ц1ераш. Лекхахиллаволчу Делера (Хьазратера) цаьршинан къайлахйолу бакъо ю. Цунна т1едоьг1на ас цаьршинна бакъо ло вирд хьеха а, халкъ нисдан а, Индарерчу Ташу-Хьаьжин (Дала къайла тойойла цуьнан) т1арикъато ма-бохху, цуьнан лора т1ехь и ший а ч1аг1веш. Оцунна вай Дела теш лоцу, тешлоцучарех диканиг Дела ву. Далла хастам бу, 1аламийн Да волчу».
Назма
Шайхашлахь шайх ву иза - Индарера шайх,
Цуо карладаьккхира халкъан Делан дин,
Цуо хьалаайъира Мухьаммадан дин.
Гушдолчу 1илманца тур баттара даьккхина,
Динехь нисвеллачунна цуо хьехам бора,
Динна ша дуьхьалверг цуо х1аллаквора.
Къайлахчу 1илманца тур баттара даьккхина,
Бохамаш бечарна юккъехь къахьоьгура,
Делан лейн синлаамаш тобеш иза вара.
Цуьнца лакхадели вайн Делан шари1ат,
Цунна муьт1ахь хилар а сов пайдехь хир ду,
Ткъа дуьхьалваьллачунна оьг1азло гур ю.
Цакхетаран бода динах д1акъаьсти,
Аллах1е - 1алашо хиллачу – кхечи,
Шен х1усамехь тоьллаче Цуо охьахаий.
Барзахехь, вайн синош гуллучу меттехь,
Ша дийна волуш а санна, цуо гайти,
Шеца ч1аг1о эцна мурд кхиош и лийли.
Оцунна делилаш гучудуьйлуш лаьтта,
Вирзина и хиларх тоххара Лаьтте,
Царех ду нах нисбан муршидаш бахкар:
Сийлаллин даржехь волу Сесанара Бешто,
Делах кхоьруш дуьне дитина 1абдул-Вадуд а,
Шелара 1еламстаг, шен ц1е ерг Ахьмад.
Курчалойн-Эвлара бара уьш шайхаш:
Товсолта - кхелхина вахана ша волу,
Йог1алби - хастамбарца гучуваьлла волу.
Ишттачийн 1уьналлехь хила догдохуш,
Т1арикъатан белхашлахь ша ийна волуш,
Делан лай - Муса хьаьжа – кхоьллинарг назма.
(Курчалойн-Эвларчу вахархочо (ц1е евзаш яц) д1аязйина Сесанарчу Муса-хьаьжин назма).
Бештос (Дала къинхетам бойла цунах) дийцира тхо цхьаьна долуш, вайн эла а, вели а, хьажжул Хьарамайни волчу Индарерчу Ташу-Хьаьжас (Дала къайле тойойла цуьнан) аьллера, аьлла: «Со х1окху дуьненара эхарта д1акхелхинчул т1аьхьа суна т1е а веана со устаз лаьцнарг милла велахь а, и сан мурд хир ву дуьненахь, эхартахь, со цуьнан доладеш хир ву дийна болу эвлияаш санна, соьгара кхиавар хир ду цунна; логан пхенал герга хир ву со цунна, цо соьга г1одехахь. Цул сов, сох х1оттабелчарна ас пайда бийр бу со дийна волуш сох хуьлучу пайданал сов». Аьллачунна т1етуьйхира Бештос (Дала къинхетам бойла цунах): «Везчу Делах дуй буу ас, и боккха дуй ма бу, шуна и хаахь, и бакъ хилар кара ма дира суна».
Оцунна жайнаш чуьра делилаш а ду. Цхьаболчу эвлияаша хьахийна, баккъалла, (Делан халкъах хоттавалар д1ахадийна, ц1енна шен са
Делаца хоттарна) вели ша веллачул т1аьхьа ч1ог1а ма ву, ша дийна волуш хиллачул а. Цундела Дала цуьнан лерам бо, цунах тасабеллачу нехан хьашташ кхочушдарца.(«Машарикъул Анвари»)
Шайна т1е бала беача, шайх имам Рамлега хаьттина хилла наха: «Ва хьенех, шайх!» я и саннарг аьлча, и шайхаш (шаьш дийна болуш санна) орцахбевр буй те шаьш беллачул т1аьхьа?» Цуо жоп делла: «Эвлияашка, пайхамаршка, дикчу нахе, 1еламнахе орца деха мегаш ду. Баккъалла, уьш орцахбевр бу беллачул т1аьхьа а».(«Машарикъул Анвари»).
Къурайшин тайпана волчу 1елас элира: «Виъ шайх гина суна шайн кешнаш чохь, дийна болуш санна, лелаш: шайх 1абдул-Къедир, шайх Ма1руфил Курахи, шайх 1укъайлул Мунажи, шайх Хьаят бин Къайс Хьирани». («Жами1ил Усул»)
Ташу-Хьаьжас (Дала къайле тойойла цуьнан) аьлла шен «Мифтахьул Асрари» олучу жайнахь: «Дала со 1аламийн яккхийчу гушйолчу а, гушйоцчу а (хьулъеллачу) къайленашна т1екхиийтича, Делан ницкъаца 1аламехь хилла болчу инзаре боккхачу х1орда чу вуьйлира со. Тешарах йина г1аланаш яра суна хьалхарчу йоккхачу майданахь, цу чуьра сийлахь дакъош, мехала жовх1арш схьаэца сол хьалха адам, жин хьакхаделла доцуш».(«Мифтахьул Асрари»).
Индарерчу Ташу-Хьаьжин (Дала къайле тойойла цуьнан) оцу дешнаша вайна хоуьйту, иза барзахехь хьийзаш болчу баккхийчу эвлияэх хилар.
Х1ара яздинарг ву Сесанара Муса-хьаьжа.




