Печать
PDF
Дек
02

ЗАНДАКЪАРЧУ Г1ЕЗА-ХЬАЬЖА ШАЙХАН ДАХАРАН АГ1ОНАШ

Шен заманчохь Нохчийчохь а, Дег1астанахь а вевзина ца 1аш, Дуьненчохь бусулба нехан туш (кхерч) йолчу Маккахь вехаш, цигахь цуьнан ч1ог1а лерам беш а эвлияъ хилла Зандакъара Г1еза-хьажа шайх. Цуьнан ц1е яьккхича, и ца вевзаш стаг баккхийчарах к1езиг хир ву х1инца а Нохчийчохь. Амма кегийчу нахалахь цунах дерг цахуурш ца девзарш а нисло. Цунах цхьана а тайпана цецволийла а дац, х1унда аьлча вайн нохчийн къам еххачу хенахь дохийна, даржийна лелла дела, вайн къоман исторех, синоьздангаллах язйина йолу архивни материалаш гулъяран, зорбане яхаран меттана, т1алам боцуш, къиза х1аллакйина хиларна. Еххачу хенахь хаьдда лаьттина баккхийчарна, кегийрхошна а юккъехь хила еза з1е. Къоман кхиарехь беркате йолу з1е. Цундела къоман иэсехь баккхий эшамаш бу оцу декъехь.

Цул совнаха, х1ара статья язъяле сайн шайца къамел хиллачу Акаев Вах1ида (меттан, литературан, историн, экономикан 1илманан-толламан институтан директор), философин 1илманийн кандидата а, нохчийн мохкбовзаран /краеведчески/ музейн директора Мусаева Заремас а ч1ог1а халахетарца билгалдаьккхира шаьш куьйгалла дечу институтехь, музейхь Зандакъарчу Г1еза-хьажа шайхах цхьана а тайпана хаамаш бисина цахилар.

Цундела лиира суна Г1еза-хьаьжех лаьцна яздан, цуьнан хьокъехь дуккха а х1уманаш хууш болчу баккхийчу нахе, цуьнан шен гергарчу т1аьхьенех бисинчу баккхийчу нахе хаттарш деш, цаьрга схьадуьйцуьйтуш. Мила хилла Зандакъара Г1еза-хьаьжа – бохучу хаттарна цаьргара жоп лийхира аса. Газетадешархой, суна къинт1ера бевр хир бу, нагахь кху юкъахь сан кхачамбацарш нислахь, х1унда аьлча уьш ларамза нисделла дела.

Бисмиллах1ирохьманиррохьими. Со х1инца д1аволало айса лакхахь яздан 1алашо х1оттийначух дийца.

Г1еза-хьаьжа вина Нохчийчоьнан (Нохчмахкарчу) Зандакъа - юьртахь. Г1еза-хьаьжин ден ц1е Аьрзу (Аьрзо) хилла, иза а вина Зандакъахь.

Г1еза-хьаьж жима волчу хенахь (иза вина шо билггала къаста ца ло) цуьнан 7-г1а шо доладелча цуьнан дас Аьрзус шен говрана т1ехьа а хаийна, шаьш дехаш 1аш долчу нохчийн ширачу юьртех цхьаъ йолчу Зандакъара д1авигна Дег1астанахь а, Нохчийчохь а дика вевзаш хилла волчу шен хенахь воккха 1илманча хилла волчу шайх Мухьаммад Ярагски коьртехь волчу Медресе (хьуьжаре) деша д1авала. Цу 1еламстага к1ант шена т1е а лоций, к1орггера динан 1илма 1амочарна юкъа д1аоьцу.

Мухьаммад оцу 1еламстеган ц1е хилла, ткъа Ярагски бохург цуьнан фамили санна а лелаш, иза вина а, ваьхна а волчу Яраг аьлла ц1е йолчу лезгинин юьртан ц1е ю. И Яраг-Казмаляр боху лезгинийн юрт Азербайджанан а, Дагестанан а дозанца долчу Самур ц1е йолчу хина гена йоццуш Магарамкентски ц1е йолчу лезгинийн районехь (Дагестан) ю.

Зандакъарчу Г1еза-хьажа шайхан шен ц1ахь а, юьртахь а шен ц1ийнан наха йоккху ц1е Беза ю. Шен юьртахь йоккху ц1е Беза-хьаьжа ю, ткъа юьртана арахьа иза вевза Зандакъара шайх (Эвлияъ) Г1еза-хьаьжа ц1арца.

Жимчу Безин дуьххьара багара д1аяьлла «шурин» церг Аьрзус Безин ворх1олг1а шо долчу хенахь Мухьаммад Ярагски волчу деша д1авала вуьгуш новкъахь д1аяьлла хилла. Амма цуьнан «шурин»  церг цуьнан дас а, нанас а д1а ца кхуссуш, шаьш дуьненахь йоккхучу дукха хенахь 1алаш а йина. Цул т1аьхьа и церг Г1еза-хьаьжин Мута1ела ц1е йолчу к1анта 1алашйина. Мута1ела велча, цуьнца цхьана д1айоьллина. Цуьнан каш Зандакъа юьртана юккъерчу ширчу кешнашкахь ду.

Шайх Мухьаммад-Яраг1и коьртехь волчу хьуьжарехь (Медресехь) Г1еза-хьаьжица цхьана доьшуш хиллачу цхьайтта мута1елимо шайн устаз Мухьаммад Ярагски лоруш хилла. Царна юкъахь хилла:

1.       Гази-Мухаммед – Дагестанан халкъийн дуьххьарлера имам   вина 1795 ш. Унцукулехь. Иза царалахь уггаре воккха хилла. Велла 1832 шарахь.

2.       Ташу-хьаьжа – (Сесанара Воккха-хьаьжа). Велла 1843 шеран 2-чу эхангахь (см. А.Айдамиров «Хроника истории Чечено-Ингушетии». Изд. Грозный – 1991 г.).

3.       Имам-Шамиль – вина 1798-чу шарахь, Гимри юьртахь. Велла 1871 шеран 4-чу февралехь.

4.       Абдурахманов Сухри

5.       Г1еза-хьаьжа (Зандакъара Г1еза-хьаьжа – иза царалахь ханна уггаре жиманиг хилла) и д1. кх.

Верриге а оцу муьрехь уьш 11 стаг хилла. Царех дукхах болчех баккхий 1еламнах а, эвлаяаш а хуьлу. Г1еза-хьаьжа царалахь жима хиллехь а, амма дешарца дика ларош а, 1илманан к1оргене г1ерташ а билгалваьлла хилла.

Зандакъарчу шайхан да Аьрзу а хилла Нохчийчохь а, Дег1астанахь а массарна вевзаш, массара а лоруш къонаха. Аьрзун ялх к1ант хилла: Г1еза (Беза)-хьаьжа, Орза, Алдам (Олдам), Аг1амирза, Тодакх, Г1ожакъ. Ялхе а ваша Нохчийчохь шайл т1аьхьа ала дика дош дуьтуш д1авахна.

Г1еза-хьажин шен 3 (кхоъ) к1ант а, йиъ йо1 а хилла. Царех уггаре а жимчун, 4-чу йоь1ан ц1е Теи хилла. Ц1алацанза а хилла иза.

Т1аьхьо, 1877-чу шарахь, Теис шен ден вешин к1ант Алдамов Алибек-хьаьжа (1аьлбаг-хьаьжа Олдамов) Нохчийчохь паччахьан политикана дуьхьал хиллачу г1аттаман коьртехь а волуш имам ваьллачу хенахь Симсарахь хиллачу буьрсачу т1амехь майрра дакъалоцу. Г1еза-хьаьжаг1ар т1аьхьо кхелхина д1абахана хилла Зандакъара Симсара. Г1еза-хьаьжин Зиярат а ду Симсарахь. Зандакъарчу шайхан Г1еза-хьаьжин ден ц1е вай лакхахь ма-аллара, Аьрзу хилла. Аьрзун ден ц1е Г1азбахьмад (Г1азмахьма) хилла, Г1азмахьмадан ден ц1е Г1азмахьма хилла. Г1азмахьмадан ден ц1е Мамму (Мамма) хилла, Маммун ден ц1е Дарта хилла. Оцу Маммун 2 (ши) к1ант хилла: Мицил, Г1азмахьмад ц1ераш йолуш. Оцу Г1азмахьмин ши к1ант хилла. Царех цхьаьннан ц1е Аьрзу хилла, Зандакъахь вехаш 1аш волчу. Ткъа шолаг1а к1ант Девкар-эвлахь (Довлетгирийн эвлахь, Толстой-юьртахь) вехаш 1аш хилла. Оцу Девкар-эвлахь вехаш 1аш хиллачу Аьрзун вешин ц1е дага ца йог1у тхуна, Зандакъара нах Девкар-эвла кхелхина бахана хилла боху, ламанца ч1ог1а мацалла иккхинчу шерашкахь.

Бакъду, тхуна хуург лахарниг ду: Байракх ц1е йолуш цхьа воккха стаг хилла Зандакъахь вехаш, 133 шо а долуш. Цуьнга дехар дина хилла юьртарчу наха: «Байракх, айхьа дуьненчохь яьккхинчу хенахь хьайна уггаре а хало хилла хан йийцахьа», - аьлла. Байракха жоп делла: «Ворх1 шо деара х1окху ламанца болчу махкахь ца совцуш дог1анаш доьлхуш, йочанаш хуьлуш, ялта ца хуьлуш, дуучуьнца г1ело йолуш, мацалла иккхина. И мацалла еана шераш уггаре а хала шераш дара. Оцу шерашкахь х1окху ламанца коьллаш т1ехь йолу ч1ог1маш кхарза а кхорзий, цуьнан «ахьар» а дой, и даа г1иртина со а, нах а. Херх хьаькхча йолу чич кхарза а кхорзий, уьш логехула чу а ца йоьдуш, г1ело гина суна а, нахана а. Тхьамарш ахьа а охьий, церан «ахьар» а диъна наха х1етахь. Оцу ас дийцинчу «даарехь» уггаре а «чомехь дерг» б1ег1ийланиг тхьамарийн «ахьар» хилар хиира суна а, суна санна кхечу нахана а. Х1унда аьлча, тхьамарийн ахьаран къахьо к1езиг ю вукхерчул. Иштта, и дерриге а гина а, лайна а ву со. И мацалла еанчу шерашкахь ламанца болу дукха нах арен т1е кхелхина д1абахна, шайн дог1маш к1елхьарадаха.

Байракхан ден ц1е Ханболат хилла. Паччахьан эскарш Нохчийчу даьхкинчу хенахь, иза б1о а гулбина, Орга долчу аг1ор т1аме а вахана, оцу т1амехь велла. Ханболат т1аме воьдуш цуьнан ц1ийнанана доьзалхочух хилла, цундела тиллина хилла Ханболатан к1антана цуьнан сийнна (хьурматана) Байракх аьлла ц1е. Оцу заманца йоьзна ю Зандакъарчу Г1еза-хьаьжа шайхан дахаран аг1онаш.

Сесанахь зиярат долу Ташу-хьаьжа (Воккха-хьаьжа), Симсарахь зиярат долу Зандакъара Г1еза-хьаьжа шайх а, Илисхан-юьртара Кунта-хьаьжа (Киши-хьаьжа) а вовшашна т1е а кхочуш, цхьана заманан эвлаяаш хилла. Оцу кхаанах цхьаъ – Зандакъара Г1еза-хьаьжа ханна Ташу-хьаьжел жима хилла, амма Кунта (Кишин) хьаьжел воккха хилла. Зандакъара Г1еза-хьаьжа Ташу-хьаьжас (Воккхачу-хьаьжас) кхиийна ву.

Хууш ду, Ташу-хьаьжа Дег1астанахь а, Нохчийчохь а дика вевзаш хилла волчу 1еламчийн Ярагски Мухьаммадан мурд  хилар. Иштта Нохчийчохь а, Дег1астанахь а дика вевзаш хилла волчу 1еламстеган шайх Мухьаммад Яраг1ин тергонехь дуьззина дешар дешна чекх а ваьлла а волуш, Сесанарчу Ташу-хьаьжица цхьаьна. Ташу-хьаьжин а, иштта Мухьаммад Ярагскин мурд ву Зандакъара Г1еза-хьаьжа. Шайх Мухьаммад Ярагскис Ташу-хьаьжина т1едиллина хилла Г1еза-хьаьжа эвлияийн дарже кхачош кхиор. Г1еза-хьаьжас холботахь дуккха а шераш дохучу хенахь цунна т1ехь дуьззина 1уналла деш, терго латтош а хиллачу Воккхачу-хьаьжас инзаре дукха адам гулделлачохь Сесанарчу Воккхачу-хьаьжас къобалдеш, халкъе д1акхайкхош, эвлияин дарже ваьлла ву Зандакъара Г1еза-хьаьжа. Цул т1аьхьа уьш кест-кестта вовшашна т1е а кхочуш, вовшех дага а буьйлуш баьхна. Еххачу хенахь Мухьаммад Ярагскис ша 1амош болчаьргара лоьхура юучуьнца-молучуьнца оьзда хилар, массо х1уманна т1ехь тоьхна доза долуш дахар хилийтар, валаран ойланехь волуш ша-шен ц1анвар, политически дахарна юкъа цаг1ертар. Амма хено, замано а Мухьаммад шайх Ярагскин динан-философски хьежамаш хийцаболуьйту. Цул т1аьхьа цуьнан керлачу хьежамашца нисбо шайн хьежамаш Гази-Магомеда (Дег1астанан хьалхара имам), Шемала, Ташу-хьаьжас, Зандакъарчу Г1еза-хьаьжас.

Къаьсттина Нохчийчохь 1адатийн меттана шарий1ат юкъадалош болх д1аболабо Сесанарчу Воккхачу-хьаьжас (Ташу-хьаьжас) а, даимна а цуьнан цхьа аг1о а лаьцна лелаш волчу Зандакъарчу Г1еза-хьаьжас а. Церан цхьаьнакхетарш хуьлу Нохчийчуьрчу 1еламнахаца. Ярташкахула нах г1азоте кхойкхуш лела уьш. т1еман г1епаш йо т1елетарш паччахьан эскарийн ч1аг1онашна.

Г1еза-хьаьжас лелориг паччахьан векалшна ч1ог1а новкъа хилла. Цундела Г1еза-хьаьжа бахьана долуш Симсара паччахьан эскаро ягийна, йохийна, берриге а Симсара нах аренга кхалхийна бахьана долуш Зандакъара нах а ч1ог1а хьийзина оцу шерашкахь

Инарла Орца Зандакъарчу Г1еза-хьаьжин мурд хилла, х1етахьлерчу паччахьан 1едалан инарла а волуш, лакхарчу даржехь паччахь г1аллкхехь а воллушехьа. Цундела инарла Орцас къайлаха Г1еза-хьаьжина г1о деш хилла. Г1еза-хьаьжа паччахьан 1едало юьртах ваккха хьийзочу хенахь, инарла Орцин дехарца паччахьан 1едалан векалшна а, Зандакъарчу Хьаьжина юкъа масла1атна векалш боьхкина. Оцу векалшна юкъахь хилла Энганара ч1ог1а хьекъале лоруш волу, Келамат ц1е йолу 1едалан тешаме стаг, иштта и санна кхиберш а.

Векалша, шайна т1едиллина ма-хиллара, Г1еза-хьаьжега д1а аьлла:

- Нагахь ахь хьайн т1амна йихкина юкъ д1а ца ястахь, хьо юьртах, махках вала веза хьайн доьзалца, - боху паччахьо.

Т1аккха Г1еза-хьаьжас жоп делла:

- Делаца, пайхамарца ч1аг1о а йина, бусулба динна йихкина юкъ йостур яц ша, - аьлла. Т1аккха 1едало Г1еза-хьаьжина а, цуьнан доьзална а ламанца йолчу Зандакъахь, Симсарахь, иштта кхинд1а а йолчу ярташкахь 1ер а ца магош, юьртара д1акхалхийна бахийтинчура юха ц1аберза ца магош, сацам бина.

И сацам хилар хианчу инарла Орцас къайлаха Зандакъарчу Г1еза-хьаьже хаам бина:

- Ахьа хьайна уггаре ваха луучу метт (юьрта) ма вахийта ала 1едале, т1аккха хьо 1едало х1уттаренна цига вохуьйтур ву, - аьлла. Цул т1аьхьа Г1еза-хьаьжас юкъалелачу векалшка аьлла: «Ша Девкур-эвла ма вахийтахьара, и йоцчу метте вахийтахьара», - аьлла. Х1унда аьлча, х1етахь Г1еза-хьаьжин ден ваша а, цуьнан кхин а гергара нах Девкур-эвлахь бехаш 1аш хилла. Цул т1аьхьа 1едало Г1еза-хьаьжа Зандакъахь, Симсарахь, иштта кхин д1а а ламанца 1ан бакъо йоцуш Девкур-эвла вохуьйту шен доьзалца. Цуьнан ши к1ант: Пирмахьма-хьаьжа, Мута1ели, церан доьзалш хуьлу цуьнца. Г1еза-хьаьжас шайн доьзалшца 13 шо хан яьккхина Девкар-эвлахь. Г1еза-хьаьжин воккхах волу к1ант Пирмахьма-хьаьжа, шен да бахьана долуш паччахьо уьссаза лаьцна набахте воьллина. Амма иза инарла Орцин г1оьнца набахтера ц1а воуьйтуш хилла. Г1еза-хьаьжийца юьртах ваьккхина, Давлетгерийн-эвла вахийтина волчу Пирмахьма-хьаьжин цу эвлахь к1ант дуьненчу волу. Оцу к1антана Г1еза-хьаьжас оцу юьртан ц1арах ц1е туьллу. Оцу Давлетгерин а, цуьнан вешин Заг1аловн а кхиъна йоккха т1аьхье ю х1инца а йолуш. Г1еза-хьаьжин пхи ваша хилла: Орза, Олдам, Аг1амирза, Тодакх, Г1ожакх. Г1еза-хьаьжин Олдам ц1е йолчу вешин ялх к1ант хилла: 1ела-мохьмад-хьаьжа, 1елим-хьаьжа, 1арапха, Султ1и, Зелимха, 1аьлбаг-хьаьжа. Оцу Олдаман ялх к1ентах цхьаъ ву нохчийн халкъан яздархочо Айдамиров Абузара «Лаьмнашкахь ткъес» ц1е йолчу шен романехь вуьйцуш волу, Алдамов Алибек-хьаьжа. Г1еза-хьаьжа волчу хенахь 1аьлбаг-хьаьжа жима к1ант хилла. 1аьлбаг-хьаьжа вина Зандакъахь, цул т1аьхьа Симсара кхелхина бахана уьш.

Г1еза-хьаьжа дуьненчура д1акхелхина 22 шо даьлча (1877 шарахь) имам ваьлла (Олдаман 1аьлбаг-хьаьжа).

Теркайистерчу Девкар-эвлахь 13 шарахь 1ийначул т1аьхьа Г1еза-хьаьжа Макка д1авахана шен йисина хан, яккхархьама. Сийлахьчу Маккахь хьаша хилла Муса шайхана и т1е а воьссина. Оцу Маккин ох1ланца Муса шайхаца цхьана дуьззина кхаа шарахь хан яьккхина хилла цо, вовшаца ч1ог1а лерам а беш. Цул т1аьхьа кхо шо хан чекхъяьлча Делан кхиэле д1авирзина Зандакъара Г1еза-хьаьжа оцу Муса шайха шен куьйга д1а а листина. Пайхамарин, элчанан, асхьабийн, эвлияийн Маккарчу кешнашка уггар езачу метте д1а а воьллина Зандакъара Г1еза-хьаьжа.

Шен да т1аьххьара а Макка 1ен, цигахь виса д1аваханчул т1аьхьа, цо цигахь даьккхинчу кхаа шарчохь, Г1еза-хьаьжин воккхах волу к1ант Пирмахьма-хьаьжа шозза вахана Хьаьжин-ц1а (Макка), цунна т1аьхьа, и ган, цуьнгара хьал-де хаа. Цкъа вахача цуьнца 1ийна веана, шозлаг1а вахача шен да д1акхелхина, Маккарарчу Муса шайха и д1алистина ваьллачу кхаьчна. Маккарарчу Муса шайха а Зандакъарчу Г1еза-хьаьжин к1ентийн (Пирмахьма-хьаьжин, Мута1елин) ч1ог1а гергарло тасаделла хилла, Г1еза-хьаьжин, Муса шайхан а хьошалла, доттаг1алла бахьана долуш. Цул т1аьхьа, цхьа хан яьлча, Маккахь волу Муса шайх д1акхалхар хьокъехь хабар кхаьчна Зандакъахь 1аш волчу Г1еза-хьаьжин к1анте Мута1еле. Т1аккха Мута1елас шен ден доттаг1а д1акхалхарна лерина Зандакъа юьртахь доккха саг1а даьккхина, дуьззинчу кхаа дийнахь тезет а латтийна.

Х1ара дерриге а къамел соьга схьадуьйцуш болчу Симсарахь бехаш 1аш болчу вежаршка Эрсенбиев Мажаде а, Эрсенбиев Абдурешиде а ас хаттар до:

- Г1еза-хьаьжас лело некъ муьлхачу т1арикъатехь хилла? – аьлла. Ас динчу хаттарна Мажада а, Абдурешида а жоп ло:

Т1арикъат – иза эвлияийн къайленан некъ бу. Х1окху Къилба-седа Кавказехь бехаш болчу бусулбанаша юкъахь лелош дерг ши т1арикъат ду: 1.Накъашбандин т1арикъат, (накъашбандин т1арикъат лелочарна юкъабог1у Сесанара Воккха-хьаьжа, Зандакъара Г1еза-хьаьжа, Курчалой-эвлара Янгулбий-хьаьжа, Товсолта-хьаьжа и д1.кх.)

Шолаг1ниг: къадарин т1арикъат ду. (Оцу т1арикъатехь некъ бечарна юкъабог1у Илисхан-юьртара Кунта-хьаьжа, 1аьндара 1умар-хьаьжа и кх.д1. Къадарин т1арикъатехь берш хьийзачу зуькарехь хуьлу).

Г1еза-хьаьжин мурдаш, цунна вирд доккхурш, (доккхачу декъехь) Нохчийчоьнан Симсарахь, Теркайистерчу ярташкахь, Девкар-эвлахь, Алхан-юьртахь, Борг1анехь, Ч1уьлган-юьртахь, и.д1.кх. бу.

Зандакъарчу Г1еза-хьаьжин з1е йолу меттигаш дукха ю, цо шел т1аьхьа ц1е тоьхна битинчу нехан зиярташ а ду. Масала: Ч1уьлган-юьртахь (оьрсаша цунах с.Знаменское олу) зиярат долу эвлаяъ Абдулвах1аб-хьаьжа ша нохчо ву. Цуьнгахь йолу з1е Зандакъарчу Г1еза-хьаьжиниг хилла.

1алхан-юьртара Абусалам Г1еза-хьаьжас витина ву, цунах воккха эвлаяъ хилла, цуьнан зиярат а ду, т1аьхье а ю Алхан-юьртахь, оцу зияратахь д1авоьллина кхин а цхьа нохчо ву, ша воккха 1еламстаг а волуш, эвлаяъ а волуш, цуьнан ц1е Абдурешид ю. Абдурешид х1етахь ша Теркайистерчу Бена-юьртара Алхан-юьрта къеда хилла веана хилла, оцу Алхан-юьртарчу шен устазна Абусаламна юххе ша д1аволлийта дагахь ният долуш веана хилла, цу юьрта къеда хилла.

Оцу 1алхан-юьртарчу Абусаламна шел т1аьхьа шен некъ д1акхехьа Борг1анера Абдулмежид витина, иза а Зандакъарчу Г1еза-хьаьжин з1е ю, Абдулмежид воккха эвлаяъ хилла. Оцу эвлахь цуьнан зиярат а ду, цуьнан х1усамнана а ., цуьнца оцу зиярат чохь д1айоьллина.

Оццу Борг1анерчу Абдулмежида шел т1аьхьа (шена т1е а кхайкхина) «х1ара шега делла аманат шун ду», аьлла Зандакъарчу Г1еза-хьаьжин к1ентан к1анте (Мута1елин к1анте Жобега) схьаделла Г1еза-хьаьжин г1уллакх (некъ).

Оццу Зандакъарчу Жобас шел т1аьхьа 1алхан-юьртара Абусаламнан к1ентан к1анте Ахьмаде д1аделла эвлияий лакхара коьртера дуьйна схьа Накъашбандин т1арикъатан кара-кара луш схьаделла шен мух1арций цхьаьна.

Нажин-юьртан районера 1аларара Умат-хьаьжа Зандакъарчу Г1еза-хьаьжин ц1е тоьхна витина ву.

Ткъа оццу Умат-хьаьжас шел т1аьхьа и шегара з1е Энганарчу Маде а, 1аьларойн-эвлара Абзат-хьаьже а д1аелла.

Энганарчу (шен зиярат а долуш волчу Мадас) шел т1аьхьа шегара Г1еза-хьаьжин з1е Симсарарчу г1еза-хьаьжин ц1ийнах волчу Хьаькиман к1анте Аьрзога д1аелла, шена и т1е а кхайкхина: «х1ара шун аманат шега ма-даллара ша д1а ло хьоьга», - аьлла. Цу Аьрзога елла з1е Симсара чохь йисина.

Х1ара лакхахь аса Зандакъарчу шайх Г1еза-хьаьжех лаьцна яздина къамел соьга схьадийцинарг коьртачу декъана Нажин-юьртан районера Симсарахь вехаш 1аш волу ши стаг ву, вежарий бу уьш. Х1ара Эрсенбиевг1ар Г1еза-хьаьжин гергарчу т1аьхьенах бу. Ас хаттар дира вежаршка: х1оккхул долу х1ара Г1еза-хьаьжех лаьцна къамел шуна муха хиъна, х1ара мичара схьадаьлла? – аьлла. Цу хаттарна жоп луш, Эрсенбиев Абдурешида элира: «Х1ара ша а, шен вашас Мажада а дуьйцург Г1еза-хьаьжин к1антера Мута1елерий, Мута1ели к1енташкара а схьадаьлла. Мута1елин виъ к1ант хилла: Нурмахьма-хьаьжа, Г1азмахьма-хьаьжа, Г1азмахьма, Г1айрмахьма, Жоба, оцу веанех кхо к1ант 1илмана нах хилла, эвлаяин декъахь а хилла. Оцу кхаанах цхьаъ (Жоба) эвлаяъ ц1е а тоьхна, вирдаш дала витина хилла. Иштта нийсаниг хуучу буха т1ера схьадаьлла ду х1ара къамел.

Ас даггара баркалла боху х1ара статья кечъеш оьшуш болу мехала хаамаш сайга схьабийцина болчу нахана: Эрсенбиев Абдурешид – Симсарара, Эрсенбиев Мажад – Симсарара, Темирсултанов Т1оха – Симсарара, Бурзуханов Ибрах1им – Симсарара, Алтабиев Исраил – Симсарара.

Минбулатов Асраддин