Печать
PDF
Дек
02

МАНИ-ШЕЙХ

Нахана нийса некъ гайтинарг

Iумин Мохьмадан Назархин Мохьмад иштта ю хинволчу шайх Манин цIе, дуьненчу ваьлча дас-нанас тиллинарг а, шен шовзткъа шо кхаччалц лелийнарг а. Дуьненчу валар а, гIеметта хIотталц вахар а Цоци-Эвлан лаьтта тIехь нисделла цуьнан.  Цуьнан денда Мохьмад шен шина кIантаца Назархица, Вазархица шайн тайпанан а, цIийнан а лаьтта тIера, Харачуьра, бу. Оьрсийн паччахьан эскарша ярташ ягош лелочу къизаллаша, талораша  карзахдаьккхинера нохчийн къам. Иштта Харачуьра меттахваьлла ши ваша юьхьанца БIаьчинюьртахошна тІевуссу. Амма цигахь дукха ца хьелуш кхелхий, шайн тайпанан нах болчу (харачой) хинйолчу Цоци-эвлан латта тIехь, Хуло-хин йистехь ваха соцу.

Mani-Shayh.gifВежарий шайн дайшкара дуьйна говза аьчгапхьераш хилла. Оцу говзалло кхобуш хилла уьш шайн ворхIе дайшкара схьа. Герз дан хаарал сов, аьчган маьIданех лала а деш эчиг къасто, цу аьчгах болат дан а говза хилла уьш. Цундела шаьш даха севцначу кIотарахь пхьалгIа, эчиг лало куьрк  дIайоьллу шина вашас. Вежаршна хууш хилла вайн махкахь лаьмнашца аьчган маьIда (руда) долу меттиг. Наха дийцарехь, и меттиг Эвтарний, Веданний юккъехь хилла, амма тахана иза билггал йийца хууш цхьа а вац. Бакъду Мани Iийначу кертахь Iаш ву цуьнан кIентан кIентан кIант. Цо дийцарехь, шен денден ден хIусамаш лаьттина бисина гу дIашарбеш карош хилла цунна айъа  Iаламат деза а долуш, тIехьаьжна даккхий а доцуш, можа-Iаьржа тIулгаш.

Ша-м уьш цIеношна буттучу бухана юкъа кхийсира боху цо, амма тIаьхьо хиира шена и тIулгаш аьчган аьргалла олу руда хилар. Назархин а, Вазархин а говзалла оцу заманахь оьшуш а, мехала а говзалла хилла. Цундела ши ваша везаш тIеийцира кIотарарчу харачоша,  мескароша. Вазархин ши кIант, цхьа йоI  хилла кхуьуш, ткъа Назархин - кIант Мохьмад.

Цхьаъ бен вацара аьлла, дечу гIулкхашна, балхана  кхоош ца хилла дас кIант. Цундела Мохьмадна жима волуш дуьйна а карадирзина аьчгапхьералла, къаьсттина аьчгах  болат деш, юха цунах тешаме герз даран пхьеран къайленаш.

Мохьмадан куьйгаша дина тур, наха дийцарехь, мел юткъачу дегIан гIодаюкъна, муш санна, гонах хьовзалуш хилла. Аьчган аьргалла (руда) куьркахь лалоран говзалла а дика хууш хилла Мохьмадна, дас берахь дуьйна шен корматалла цунна йовзийтарна а, Мохьмад цкъа гинарг я хезнарг лерина, дика  схьалоцуш хиларна а.

Назархин, цуьнан кIентан Мохьмадан а герздаран говзаллин цIе гIарайолу гонахарчу ярташкахула. Кхаьрга шена шаьлта яйта вогІу цхьана дийнахь Устрада - Эвлара ИбрахIим - Шайх (Иба). И эвлаяъ  хилла (Дала къайле цIинйойла цуьнан) Дала ненан кийрахь волуш дуьйна а дика дина. ТIахъаьлла, маса  стаг хилла и эвлаяъ. Шен кхойтта шо долуш, Устрада-Эвла веана пелхьо-суьйли цецвоккхуш, ИбрахIим, пелхьо тIехула волавала боьзначу, ачган муьша тIехула волавелла хилла.

Назархас ИбрахIим-шайх дукха веза, сийдеш тIе  а оьций,  шен кIанте шайхана шаьлта йойту. Шаьлтанна тIехреза хилар делахь а, я синойн гергарло азаллехь дуьйна а Делан лаамца кхолладелла хиллехь а, ИбрахIим-шайхан а, Назархин а доьзалшна юкъахь гергарло тасало, марзо дийно-дийно чIагI а луш. Оцу гергарлонах лаьцна,  цунах шина а доьзална даьллачу беркатах  лаьцна дика яздина, вайн махкахь цIе яххана волчу бусалба динан Iилманчас, меттан говзанчас, поэтан похIма шегахь долуш хиллачу, I922 - I927 шерашкахь вайнаха зорбанехь лелийначу Iаьрбийн йозанан бух тIехь кхоьллинчу алфавитан авторо, Сугаипов ШахIаба. Цо яздинчух ца теша цхьа а баххьана дац, хIунда аьлча иза цу заманан теш  ву, Шайх-Манин мурд а хилла, цуьнца тоба дина ву. Оцул сов шен устазан йозанан болх буьззина дIакхоьхьуш гІоьнча а хилла, цу хенахь писар олуш. ШахIаба шен цIарах яздеш хиллачу кехаташна, йозанна а, цхьанне а, и йоза шегара дац аьлла, шеко ца хилийта, тIетаIош Мани-Шайхан мухIар хилла, массо а шен цIарах долу кехат чIагIдеш. И мухIар хIинца а долуш ду цуьнан цIийнан тIаьхьенашкахь. ШахIаба яздина «Иманан бошмаш дегнашкахь кхиоран ДегIастанан хьостанаш (шовданаш)» цIе йолу жайна. Оцу жайни тIехь дуьйцу ШахIаба Устрада-Эвларчу ИбрахIиман, Цоци-Эвларчу Манин тIарикъатан балхах а, церан гергарлонах лаьцна а лаьцна.

Оцу жайни тIехь ю ШахIаба шен устазах Манех лаьцна Iаьрбийн маттахь язйина ши бIе  сов касыдаш (шинамогIанийн байташ, назманан байташ). И жайна ша шен устазан гIо-накъосталлийца яздина хиларна тоьшалла а до ШахIаба. И жайна оьрсийн матте гочдина суьйлин махкахь дегIастанхочо. Нохчийн матте и далаза хила мегаш ду.

Сугаипов ШахIаб шен заман чохь дешна, бусалба динан, дуьненан Iилма а долуш, меттан говзанча хиларал совнаха, поэтически похIма шегахь гучудаьлла шариIат а, тIарикъат а доггаха лело тIелаьцна стаг хилла.  Цул сов вайн къомах дог лозуш хилар, цунна дешарца Iилма  Iама лууш хилар  гучудолу ШахIабан кхоллараллехь.

Вайн къомана йозанан мотт Iаморан юьхь йолийначу махкахойх цхьаъ  ву иза. Цо Iаьрбийн элпийн бух тIехь кхоьллинчу алфавитца Хилла нохчийн мотт I920 - I927 шо кхаччалц, амма  и йоза Iедало кхин дIа даржа, чIагIдала  ца дуьту, бусалба динца доьзна долу дела. Ткъа дин-м, муьлхха а, бусалбаниг-м мухле а, мостагI вара советан  Iедалан. Сугаипов ШахIаб шен устазал Манел бархI-исс шо жима хилла, цундела вина хан цуьнан, хила мегаш ю I856 шо. Иза ваьхна кхузткъе дейтта шарахь, I93I шарахь кхелхина. Цуьнан шина зудчо бина доьзалш хилла: йоIарий - Зайбат, Зайбула, Марха, Гуьлджан; кIентий - Iелий,  НурIелий.

Iелин ши кIант хилла: ПатIудди, Фахрудди,  кхин кхо йоI хилла цуьнан, ткъа НурIелин ши йоI, цхьа кIант Ихван хилла. ШахIабан тIаьхьенаш Нохчийчохь а, ДегIастанахь а яьржина ю.

Тахана вайна мехала ду Сугаипов ШахIаба дитина  «Ийманан бошмаш дегнашкахь кхиийна ДегIастанан хьостанаш» цIе йолу жайна. ДегIаста боху дош тахана шина  маьIнехь лелаш ду, мацца цкъа ширачу заманахь цхьана маьIнехь леллехь а. Оьрсийн паччахьан колонизаци йолаялале хьалха вайнехан а, суьйлийн а мехкаш бекъабелла а боцуш, цхьа цIе а йолуш, цхьа мохк хилла хила тарлуш ду - ДегIаста. Иза иштта хилар тардаларо гойту нохчаша оцу дешан кхетам: дай баьхна мохк, латта бохучу маьІнехь хилар.

Цундела вайн маттахь шуьйрачу, шен ширчу заманахьлерчу маьIнехь дисина и дош «ДегIаста». Амма  цунна чудогIуш хилла латта жимделла, шина декъе  декъаделла. Вайн къомана цIе а оьрсаша тиллина «чеченцы», Чечана юьртах бух а бина. Иштта къомана цIе туьллуш хилча, муьлххачу махкахь долчу хин, я хьалха тIенисвеллачу гIалин, юьртан цIарах дIаяхийталур ю муьлхачу къоман а цIе. Китайцех алалур ду пекинцаш, шанхайцаш, оьрсех - маскалеш, немцойх - дрезденцаш. Со хIун ала гIерта, вайх-м «аргунцы», «хуллонцы», «сунженцы», «наурцы», «мескетинцы» я гIумкаша санна, «мычигыш» - мичагхой алалур а дара. Вай-м дукха а ду вайн маттаца я историца а ца догIуш, луъ-луьучо тIекхиссинчохь дисина хIумнаш. Ткъа Чечана вайн дош  дац. Иза монголин эла хилла, цхьана хенахь шен четарийн туп а тоьхна кху вайн лаьтта тIехь Iийна. Оцу талорхочуьнан «сий деш», вай ваьш оцу меттехь йиллинчу юьртана цIе тиллина.

Мел къизачу талорхочун а цIе ваьшна юкъахь лелор йолуш, вешан доьзалхошна а тохкуш а ду вай: Чингис, Чингис-хан, Тамерлан, Тимур, Язед, Къабил,

ПирIун, Япо, Гирман, и дI. кх. Вайн кхетам метта багIахь, вай вешан хила езачу цIарна кIел доьрзур ду нохчийн къам а хилла. Оцу маьIнех жайна доьшучунна хала хир дац кхета, хIунда аьлча цу тIехь буйцучу эвлаяийн цIераш а вайн махкахойн ю, дуьйцург а церан беркат ду. И беркат бахьанехь ийман а, Далла тIе боьдучу некъан ниIмат а вайн халкъана довзарх лаьцна ду жайна.

Mani-Shayh.jpg Сугаипов ШахIаба чIагIдо шен жайни тIехь вайн къоман синош цIандаларан беркат даьлла Илсхан-юьртарчу Кунта-Хьаьжех, Эвтарарчу  Баммат-Гира-Хьаьжех (Iовдех), Устрада -Эвларчу ИбрахIим-Хьажех (Ибех), шен устазах Цоци-эвларчу Мохьмадах (Манех), кхин болчу шайхех, устазех, эвлаяэх. Шен жайни тIехь ШахIаба дуьйцу шен устазо Манис эвлаяалла шегахь гучудалале, гучадаьллачул тIаьхьа дахарехь бинчу некъах лаьцна. Оцу дийцаро чулоцу Цоци-эвларчу Назарханан Моьмада (хинволчу шайхо) аьчгапхьеран говзаллица болх беш дIаяхана хан а, цуьнан говзаргех Грозный-гIопехь, Владикавказехь, Наур-гIопехь, Iумахан-гIопехь, кхечу меттигашкарчу бахархоша а пайда оьцуш дIаяхана зама. ШахIаба къаьсттина билгалдо шен йозанехь хинволчу шайхан белхан цIеналла, дикалла, комаьршалла, говзаргаш оьцучуьнан лаамна мехаца, оьшучу куьцашца а тIекерччина хилар яра Манин коьртачех амал, дахаран муьлхха а хьал шена тIехIоттарх. Дела герггара, кIоргера  вовзар, цуьнан къинхетамна герга кхача лаар бахьнехь, Устрада-эвларчу ИбрахIимца (Дела реза хилда цунна) шен тасаделлачу доттагIаллех лаьцна дийцина Манис ШахIабна. Манис ша дечу тешаллица гуш ду, шен гергарло тасаделлачу ИбрахIим-Хьаьжех (Ибех) дерг, Далла герга кхача гIерташ, шен доттагIчо хьоьгуш долчу къинах, хIумма а хууш цахилар. Амма бусалба динехь нисвала цунах (ИбрахIим -Хьажех) сих-сиха дагавийларца Iемаш хилла Мани. Оцу тешалло гойту цоцанхочун са кхиъна хилла шен гергарло долу ИбрахIим-Хьажа нах сана могІарера хилла Iаш цахилар Далла гергахь. Къаьсттина иза гучудаьлла Манина шен хьешан ИбрахIим-Хьаьжин хIусамехь, цо ламаз оьцучу хенахь, тидам бича, цоцанхочо дийцарехь, ИбрахIим-Хьаьжас аьтто пхьарс буьлучу хенахь. Мохьмад (Мани) тоба дан а кийча хиллера ИбрахIим-Хьаьжица, амма цуьнан шовзткъа  шо кхачаза хиларна, тоба дар ИбрахIим-Хьаьже хьахо ваьхьаш ца хилла иза (пайхамаралла, устазала а Дала шовзткъа шо кхаьчча бен стагехь гучу ца доккху бохург бусалба нахалахь чIагIделла хиларна).

Цул сов Манина шена хезна хилла шен доттагIчо, Устрада-Эвларчу ИбрахIим-Хьаьжас олуш, ша шовзткъа шарал сов вехар вац. ИбрахIим хьаьжина Дала шена тоьхна хан цIенна гуш хиллера, цуьнан теш а хилира Мани. Манис хаьттина хиллера шен доттагIчуьнга ИбрахIим-Хьаьжега:

- Муьлхачу тIарикъатан некъахь го хьуна ирс а, лакхара динан Iалашо а?

ИбрахIим-Хьаьжас (Дела реза хилда цунна) аьлла:

- Далла гергахь царна юкъахь йолан а, мелан а барамехь башхалла йолуш хIума дац. Ша хIордан берда йистехь лаьттачу стагах тера ву. Шен баьргашна го хьалха лаьтта дитташ, бецаш, зезагаш. Амма шена ца хаьа когаш кIел охьа ца хьажахь, оцу Iаламе ша хьоьжушехь, ша берда тIера цу Iаламна гергахуьлу, бердана гена волу, я хIордан хи чу вужуш, хIаллакхиларе гIерта.

Оцу масало гойту доза тоха йиш йолуш ца хилар, иштта деш долу хаттар. Цул  тIаьхьа Устрада-Эвлара ИбрахIим-Хьаьжа Кишин-Хьаьжин (иза махках ваьккхича  Iедало) коган метта  хила хьакъ волуш, цуьнан векал хуьлу. Амма ИбрахIима тобанаш шен цIарах дайтар  тIе ца лоцу, Дала шена орцанна кхойкхучарна гIо-накъосталла даран орцанан дакъа ца лахь. Цундела ИбрахIима шариIатана бен тобанаш ца дойту. ТIарикъатан тобанаш ца дойту цо шена Делера билгалонаш яц бохуш. ИбрахIим-Хьаьжас Цоци-Эвлара Мохьмад, шеца тоба ца дойтуш, Эвтарарчу  Баммат-Гира-Хьаьжина (Iовдина, Дала реза хилда цунна) тIе хьажаво. Иза Илсхан-Юртарчу Эвлаяан, Кунта-Хьаьжин, кога метта, тIарикъатан тобанаш дайта хьакъ волу, Далан вели вина хиларна. Манис Эвтарарчу шайхаца тоба а до. Iовдин беркате ниIматан барам, доза доцуш шорта кхета Манех.

Iовдин мурд а волуш, Устазан цIенца гергарло  латтош хилла Цоци-Эвлара Мадин Юнус. Ша Iовда волчу Эвтара вахар нисделча, цо Iовдина дийцина хилла шена гина гIан. Цхьадолу гIенаш Делера хаамашца доьзна хиларх тешна бу нохчий,

хIунда аьлча адмана наб кхетча са марша долу  дела, ша Кхоьллинчуьнан ницкъаца шена пурба хиллачу кхача, дуьхьала оьхьнарг иэсехь сацо, юха шен чорха чу дерза. Цундела хилла элчанийн, пайхамарийн, эвлаяийн, Iелам нехан, Дела реза винчу нехан а Хастам хиларах кхиар а, иза везар, вовзар а гIенан кхоьлах. Цундела ишттачу гIенийн нийса тидарца хууш хилла оцу нахана Делан лаамах дерг, доцург Дала гIенан кхоьлах гучуйоккхучу къайленах а. Оцу тIе а доьгIна хьоьвсур вай, муха тидда Iовдас Цоци - Эвларчу Мадин Юнуса шена дийцина гIан. ГIенах го Юнусна лекха доккха акхтарган генаш тIехь, олхазарш санна, хевшина Iаш  йолу элаяийн тоба. Оцу акхтарган диттан хенна тIехула, ведда хьалаваьллачу Цоци-Эвларчу Мохьмада (Манис) и попан дитт охьатухуш. Дуьйцуш волу Юнус саца а вой, Iовдас хотту цуьнга:

- Муьлхачу агIор охьакхийтира поп?

- Малхбузехьа, - олий, жоп ло Юнуса.

Оцул хьалха Мохьмадна (Манина) шена а гина хилла ша Iовдийца дашо хенна цхьацца агIор а хиъна, бераша цхьа лекхачу гуьйриг тIе  у  а диллина, хьала-охьа оьхуш, хехкалучу кепара, оцу хенна тIехь хехкалуш, ша малхбузехьа, Iовда малхбалехьа агIор а волуш. Iовдас, хIетахь хIумма а ца олуш, Iадвитинера Мани, шена цунах дерг хууш  хиллехь а. Ткъа хIинца Юнуса а шена Манех лаьцна гIан дийцича, Iовдас аьллера Юнусе:

- Дика накъост вара Мохьмад. Сайна юххехь эшнера суна иза. Амма дан хIума дац, регIал дехьа вала везар ву иза тобанаш дайта!

Iовдин Юнусца къамел хиллачул тIаьхьа Мани кхочу шен гIулкхана Iовда волчу. Вовшех дагаволуш дикка Iийначул тIаьхьа, Мани дIаваха тохавелча, Iовдас олу:

- Мохьмад, охьаваха везар ву хьо, регIал дехьа, цигахь вайн болх дIакхехьар хьуна тIе доьжна, и болх ахь дIакхехьа  безар бу. Цавахча вер  вац! - бохург тIе а тухуш.

Iовдас оццул лерина тIедожош шега регIал дехьа вала везар хьахийча, Манис

шена хьалхо гина гIенаш  дуьйцу  Iовдина.

Манис олу:

- Ваьшта ши буьйса ю соьга гIенах цхьана, йоккха маж йолчу, стага, тIе а хIуьттуш, ворхI юьртахь пхьалгIанаш яхка боху. Ас, уьш яхка а лур яц, я ехкича, царна чохь болх а балур бац бохуш, и гІулакх тIе ца лоцу. ШозлагIа веача воккхачу стага, ас ца элира хьоьга ворхI юьртахь  пхьалгIа дIаелла, хьо хIун деш, стенга хьоьжуш Iаш ву, бохуш, чехийра ша олу Манис. ТIаккха Iовдас, шена Юнуса дийцина гIан а дуьйций, Манега хоуьйту, иза Делерчу омранца лелаш болх хилар. Мани цунах теша везар а. Iовдас шена тIе  дожош, тIарикъатан тобанаш дан хьакъ хиларх ша тешийча бен ца вахара Цоци-Эвлара Мохьмад, Мани а хилла, бусалба дин Нохчийчохь даржо регIал дехьа. Амма хууш я оьрсийн, я гIумкийн мотт а боцуш, регIал дехьа а ваьлла, воккхачу стага-м гIенах ворхI юьрта пхьалгIанаш яхка баьхнера цуьнга,  Манис Теркаца йолчу ткъа юьртахь сов тIарикъатан тобанаш тIелоцуьйту, багахь буьйцучу маттаца, шен дахаран леларца. Паччахьан Iедална кхераме нах хеташ хилла шайхаш, эвлаяаш, дешна болу молланаш. Иза шен бух боцуш а дац. ХIунда аьлча Iедал кхоьру, наха  аьлларг а деш, ла а дугIуш, сий-ларам  болуш, гоьбевллачу нахах. Цундела буьгу лоьций, махках а бохуш, I911 шарахь Эвтарара Баммат-Гира-Хьаьжа (Iовда), Шелара Соип-мола, Майртупара Чиммарза (Дука), Сурхохир БатIал - Хьаьжа, Девлатгирин - Эвлара Iабдул - Iазиз (Докка), Теркйистера Кана - Хьаьжа, Iаьндара Iумар-Хьаьжа, Цоци - Эвлара Мохьмад (Мани - шайх). И лакхахь цIераш яьхна Iедало бохийна  лелийна вайн махкахоша шайна тоьхна хан Калуга - гIалахь йоккху. Цигахь цара хан йоккхучу хенахь, Чимарзина кIант вина хиллера, тIаккха вай хIун цIе туьллур ю цунна аьлча, Калуга ву аьлла, цIе тиллира Манис. Калуга аьлла цIе тиллина нохчаша шайн кIантана аьлла хабар хьаькмашна хезна хиллера. Веанчу цхьана хьаькамо и цIе Калуга аьлла хIунда тиллина аш, хаттар динера. Кху мехкан гIалин сийдеш тиллина аьлла жоп деллера. И хазахетта хиллера оьрсийн хьаькмашна, шаьш цхьаьнакхеттачу хенахь цара юккъе тускар хІоттийна, ахча тесна хиллера, нохчашна совгIат деш.

Калугехь хан йоккхуш Манех лаьцна нехан иэсехь дисина дуккха дийцарш ду. Калугехь Нохчийчуьра беза, сийлахь нах Iаш болчу хIусамашна кертал арахьа охьахьовша дина гIенташ хиллера. Оцу гIенташ тIехь кетIа  бевлла, дуьнене бIаьрг тухуш хилла Iовда, Мани, Баттал - Хьаьжи, Чиммарза кхиберш. Ураман некъахула дIасалелаш оьрсийн нах а хилла.  Карахь хьуьнан цIазамех дуьзна тускар а карахь, йогIуш хилла цхьа орсийн зуда. Кхарна (шайхашна) дехьо  лаьтташ полицейски  хилла, хьокха  санна, вогIа а велла. СхьайогIуш йолу тускар карахь долу зуда, шерачу новкъахь ког тасабелла я кхаьрга хьаьжжинчохь, галъяьлла делахь а, охьакхетта. Тускар чуьра цIазамаш, ах бохург санна, охьаIенна. Полицейски тIехьоду зудчунна: «Цу наха хIумма - м ца дина  хьуна?» - бохуш, цунна хьалагIатта гIо а деш. Зудчо, шена цхьатерра мажош йолуш, ондий догIмашца, лекха куйнаш коьртахь, тIехь нур догуш санна, къегаш болчу баккхийчу нахана тIе куьг а туьйсуш, олу низамхочуьнга, оцу святой наха хIумма а ца дина шена. Цул тIаьхьа, Iаьнна клубника шен тускар чу а ерзийна, Манина хьалха охьадиллинера тускар, хи а кхаьрзина, шайна даа и цIазамаш аьлла. Iовдас, вела а велла, Манина реза воцуш корта ластийна. Кхара цIазамаш хаза хих чекх а даьхна, диира, массара а Мани хьийза а веш цхьацца забаршца. ШолгIачу дийнахь кхарна цIазамашца тускар дитина зуда шен  майрачуьнца, боргIал а йохьуш, еара кхарна тIе. Оьрсийн маттахь бохуш хиллера цо: «ХIара нIаьна ас, урс хьаькхна, кечйина еана хир яра. ТIаккха аша иза юур йоцу дела, еъна ас хIара дийна, кеч а ца еш.»

Iовдас, зудчо дуьйцург шена гочдича, аьллера:

- Ма хьашт доцург леладо ахь Мани! ЦIазамаш диъначул тIаьхьа нIаьна а тIекхетча, хьайн яьIни тIе леци-кх ахь, Мани и зуда. Цо урс хьаькхна еанехь а, яа  мегар дар-кх и нIаьна!

Амма доллучул а тамашена хIума дара цул тIаьхьа хилларг. Оцу зудчун майрчо шаьш гIеххьа гена даьлла доьдуш долуш,  вуха а вирзина Манега дIакховдийра шегара  Iаса. Iовдас, ша хьалха аьллачунна тIетуьйхира:

- ВаллахIи, биллахIи и зуда лаьцна ца Iаш, цуьнан майра а леци-кх ахь, Мани, кханалерчу къемат денна хьайн яьIни тIе! Ма хьашт доцург леладо ахь!

И Iаса мекха ца йолийта болатан чIунах йина хилла. Махках баьхначу Нохчийчуьра кхойтта шайхан, эвлаяийн  куьйгаша болатан гIодна гонах дуткъа цIулла серий дуьйцина цунна. И Iаса Калугера вайн махка  кхочу. Оцу Iасанна гонах дуьйцинчу серех сиргIаташ а йохуш, и сиргIат чохь лаьттинчу хих цомгашчарна дарба а хуьлуш, схьайогIуш ю боху и. ХIинца-м и серий кхачош а дохку куц ду. И Iаса вайн къам махках доккхуш I944 шарахь Манин кIентан кIентан зудчо Табарака (Дала гечдойла цунна, иза а йоцуш ю хIинца),  салтичо шена букъах тоьпан бух бетташехь, едда шайн чу а иккхина, и шен чета а йоьллина, кех йолуш хилла. Амма, охьатаса хьайн четахь ерг бохуш, салтичо тIаьхьара ца волуш ша хьовзийча, Табарака шен лергара дашо хIоьънаш дIа а делла и тIаьхьара а воккхуш, Iаса Киргизе кхачайо, юха  цIа доьрзуш Нохчийчу а йохьу. Нохчийн къомаца мухIажар хилла лелла, вайна ма-гарра, Манина Калугехь оьрсичо елла Iаса а.

Кхин цхьа хIума а ду адамийн вовшашлахь дуьйцуш дисина. Калугехь Iедало махках дохуш хан тохаран бахьанаш къестош, вайн эвлаяаша вовшен забаршца хьийзош хилла:

- ХIара шайх ву аьлла махках ваьккхина, иза Iелам стаг ву аьлла, дIора – тоба  йоккха хиларна. ХIара Чиммарза хIунда ваьккхина махках? - аьлла Соип моллас.

Iовдас: -Жоп лол цо дечу хаттарна, хIунда ваьккхина хьо махках?- аьлла,  хаьттича, цкъа ма алийта шега а аьлла, юха жоп делла Чиммарзас:

-Тхо дерриге а ДегIастана цIа гIур ду, Iовда, хьан кхузахь кхалхар а хир ду.

- Оцунна ваьккхина шуна хIара махках,- аьлла Iовдас.

Цо ма-аллара, Iовда воцург уьш берриге а хан яьккхиний, яккхазий цIа богIу, ткъа Iовда I3 сентябрехь I9I4 шарахь Калугехь дIакхелха. Iовда чохь волу зиярт Манис доттийтина хилла. Шелара цIе яхана пхьар валийна хилла Манис Iовдин зиярт доттийта. Шен мурдашка Шеларчу пхьерана гIо а дойтуш, сих-сиха Мани ша  тIе а хьожуш, лерина бойтуш хилла болх. Делкъенан хан хуьлучу хенахь а зиярт ах доьттина даьллий-даланзий а долуш, пхьерана даг чу иккхина: «таханлерчу дийнахь хIара доьттина долий а ца хаьа, нахана кхин болх бан со вахана хиллехь, кхуза а ца вогIуш, кхо сом ахча-м лаххара а даьккхина хир дара ас хIоккхул болх бинехь! » Багахь цо шега схьааьлла хIума доццушехь, Манина хиъна пхьеран даг чохь дерг. Пхьеран дог а ца дохош, пхьере делкъе а яйтина, Манис, кхин дIа зиярт тIехь шен мурдаш а ларалур бу аьлла, дIавахийтина. Шелара пхьар дIавахча Манис шен мурдашка цо доьттина зияртан пенаш вовшахдахийтина. Цул тIаьхьа, юха бух тIера дуьйна, шен мурдашка хьала а доттийтина зиярт чекхдаллалц. Нах цецбевлла Манис динчух. Манис аьлла: - И пенаш дитинехьара, дегаза болх биначу пхьерана хилла вас, Iовдас шен яIни тIе лаца езара,  тІоьхула тIе даггара доцу хIума вайн маго йиш а яцара!»

Иштта ду-кх, Дала Iуй а бина вайна тIехIиттийначу элаяийн а, устазийн а гІуллакхаш. Девлатгирин - эвлах а хIоттаелла, регIана кIелахь йолу Аьчканхе (Горячеводск) юьртара  регIаца Соьлжа - гIала богІу некъ а, Манис шен мурдашка биллийтина бохуш дуьйцу махкахоша. И некъ биллийтаран Iалашо хилла Мани - шайхан оцу некъа денна Соьлжа-гIала дIасалелаш долчу  оьрсийн эскаршка шайна гIоде бохуш, я йожа хIума хилийта бохуш дийнахь, бусий, хан йолуш, йоцуш чу а лелхаш  гонахарчу ярташкарчу нохчашна зенаш ца дайта. Некъ бина баьлча, Манис шен мурдашка оцу балхана тIера мовлад а доьшуьйтуш, сагIа а доккхуш, зикар дайтина хилла бохуш, дуьйцу. Зикар дечу нахана гонах хьийзаш ша Мани-шайх хилла, кхо белш тIе куьг тоьх -  тоьхначунна шовкъан хьал а кхочий, иза зикар дан а хIуттуш. Соьлжа-гIалара

Оьрза - гIала (Червленне) вогIуш волу инарла кхаьчна оцу балхана тIе. Инарлас цу зикаран балхе  хьоьжуш а лаьттина, Манега шена тIе кхайкхийтина, аьлла:

-ХIокху сан тачаьнка лелочу даьнчикна (кучерна) а тохахь белша тIе куьг!

Важа-м хилла, ша нохчех стаг велахь а, цхьа «къаьркъанан кад» олучарах.

Манис инарле аьлла хилла:

- Цунна а ца тухуьйтуш, хьайна тохийтахьа соьга белша тIе куьг, хьо атта хир вар-кха суна зикаре хIотто хьан даьнчикал!

- Нет, нет, не надо! - аьлла, мохь баьлла инарлин. Цул тIаьхьа инарлас Мани - Шайхана тачанка ялаяйтина совгIатна.

Сих-сиха Iоттабаккхамаш, наггахь вер-ваккхаран девнаш а довуш хилла Теркаца бехачу гIалгIазкхашна, гIумкашна, ногIашна, нохчашна а юкъахь. И девнаш Iедалан суьдхоша кхел йича а доьрзуш ца хилла нахана юкъара. Цундела девнаш дерзо маслаIатна юкъаозош хилла Мани-шайх. Цо дерзийна дов, дина маслаIат а тIаьхьало йолуш дирзина карийначу Оьрза-гIаларчу (Червленнера) атамано а дина хиллера Манина совгIат шаьлтанца. И шаьлта тIаьхьо Манис шен Ломаз-юьртарчу тоьллачу мурдана елла а хилла. Цул тIаьхьа шаьлтанах хиларг хууш дац, ша вайн къам I944 шарахь махках доккхуш НКВД-ен хьадалчийн  кара ца яханехь, хIунда аьлча  арадохучу дийнахь герзах дIацIандина нохчийн къам. Мани-шайх схьаваьллачу Цоци-эвлахь, Эвтарахь воIда йолчу нехан дийцаршкахь а Манис Iовдица, цуьнан доьзалца а гергарло цIена, шера долуш дIалелийна, дозаллин цIе а ца лоьхуш. - Эвтарарчу Воккхачу стага (Iовдех и олуш хилла Манис), ас кху регIал сехьа йиллинчу хьеран апари чу хи хецча, сан хьер йолало (тIарикъатан болх болало боху маьIна хилла иза цуьнан). Цо тIехоьцуш долу хи лагIделча-соцу.

Иштта шена Дала диначу диканан пусар деш, шена хьалхе ца лоьхуш хилла иза. Iовдин кIанта, Iелас, дас шега Калугера, лаьцначура Iедалан бертаза Эвтара цIа а веана, эвлаяалла, Делан лаам кхочуш беш, шега дIаделлашшехь, тобанаш дайтар ца долош хан ялийтина. ЦIе езаш болчу нахах волу цхьаъ, ша  ву Iовдас тобанашна векал вина, бохуш, шен вирд кхолла хIоьттина хилла. ТIаккха Мани - Шайх вахара боху оцу «керла ваьллачу устазна» тIе. Манис аьлла хилла оцу «керла ваьллачуьнга:

- Ахь хIун леладо. Iовдас Калугера, Iедалах лечкъина цIа а веана, шен кIант Iела шена дуьхьал, голаш дуьхьал голаш а нисъеш, охьа а хаийна, тIарикъатан устазаллин болх дIалуш, цу чохь теш а хилла, цул тIаьхьа и шиъ волчуьра ара а ваьлла, нахе: - Iовдас нехан керта ца хьовсий вай, шен кертахь дити, шел тIаьхьа  тобанаш дар Iелина тIедилли, аьлларг хьо вацара? Хьо хIун тобанаш дойтуш ву? - шега аьлча, вукхо жоп деллера: - ШариIатан тобанаш дойтуш ву со аьлла. ОьгIазваханчу Манис аьлла хилла цуьнга: - Ма леладе хьаштдоцург, IадIе, валахIи кхана догIун долчу къематдийнахь, Дала адам махьшаран майдана лохкуш, цу нахана юкъахь хьан куц къийган суьртахь гуш ма ду суна!

Цул тIаьхьа  и стаг  дохкаваьлла,  бехкала вахана  хилла бохуш, дуьйцу. КІорггера дешна, Iелам стаг хилла Манис бехк баьккинарг. Дала кошмалла делла а хилла иза, хIунда аьлча ша лен волу де а, сахьт а билгалдина хилла цо. И дерриг  цо ма-аллара нис а делла цуьнан. Дала декъала бойла, цуьнан некъахь нисбала гIерташ, къахьегна болу делан лайш.

Мани - Шайхах лаьцна дуккха а ду дийцарш цуьнан мурдашна а, арахьарчу нахана а юкъахь дуьйцуш, цо лелийначу дарбанех, валарчу вирзина, лоьрийн дарба доцу, ненан цхьаъ бен воцу кIант, нене Делан дуьхьа иза шена а валийтина, юха товарх. Кхечу  стеган, цхьа хьаса бен бозуш а боцуш, шен кIагчуьра схьабаьлла бIаьрг тобарх а, кхин а мел ду уьш вайна инзаре хетар долу Iаламаташ. Цундела вай теша эвлаяашкахь башха ницкъ хиларх а, уьш вайна Iуналла деш хиларх а, уьш вовшаца долу гIиллакх - оьздангалла, Дела  реза вина, лакхара долуш хиларх а. Цунна масала ду Маних а, Устрада-Эвларчу Ибех (ИбрахIим - Шайхах) кхин дIа долу Сугаипов ШахIабан тоьшалла.

ШахIаба дуьйцу:

- Ша Эвтарахь тоба а дина, Устазан чуханах вехкавеллехь а, хIинцалц шен хьехархо, доттагI а лаьттинчу Устрада-Эвларчу ИбрахIим - Шайхаца Мани гергарло кхин а сов чIагIдеш, лелош хилла. Оцу шайхан Iилмано, зикаран шовкъан асаро, шариIатан хааршкахь, Далла ечу Iамалехь  сов воккхуш кхуьу Мани. ИбрахIим-Шайхехьара шена хиллачу тIеIаткъамах лаьцна дукха дийцина ШахIабна Манис. Манис шена дийцина дийцарш буха а дохкуш, уьш тоьшаллина а далош яздина шен жайна ШахIаба. Иштта дIадолало и жайна:

«ИбрахIим, Делан Элчанера (I.с.в.с.), Делера а шена хила дезачу ВахIега (билгалоне) сатуьйсуш хилла. Цо олуш хилла Манега: - Делера я цуьнан геланчера шена вахIин билгалонаш хилахь, хьуначул хьалха иза гучудер долуш цхьа а вац хьуна!!

Манис шен  цIахьчул алсам хан ИбрахIим - Шайх волчохь йоккхуш хилла. Буьйса яккха Мани ИбрахIим - Шайх волчохь соцуш хилча, ИбрахIима (Дела реза хуьлда цунна) дIадуьйшучу хенахь вуьжу мотт шен куьйгашца, ша буьллуш хилла, цкъа хьалха шена, цул тIаьхьа Манина, когаш шаьшиннан дуьхь-дуьхьал а болуш. Ишттачу буьйсанех цхьа буьса кхолагIчу декъе йирзича, шена гIан гира бохуш, дийцина Манис ИбрахIим-шайхан хIусамехь. ГIенах ша гIамаран арахь гуш хилла Манина. Оцу арахь гулъелла хуьлу дукха а садолу хIумнаш. Мани, оцу садолчу хIумнаша, баьллачу чIогIачу мохо айинчу гIамаран ченалахь  садукъдина, лечу хьолехь хьовзаво. Оцу хенахь Манина го лекха хилла волчу Дала Устрада - Эвларчу  шайхана деш долу диканан дакъа, ишттачу дешнашца: «Ла илахIа иллаллахIу Мухьаммада  расулуллахI» пхийттаза аларехь а, цул тIаьхьа пайхамарна (I.с.в.с.)  салават дилларца  - пхьоьазза. Иза Устрада-Эвларчу ИбрахIим - Шайхаца тоба деш, устаз лаца лиъначарна хIора ламазехь лело вирд дара. Ша набарха ваьлча, Манис дехар дира ИбрахIиме, шена гина гIан дийцийтахьара аьлла.

- Ма дийца, хьуна гIенах ма-гарра ду хьуна бакъдерг! - аьллера ИбрахIима. Манис шолгIа дехар динера, дийцитахьара шега аьлла. Цо юха а изза аьллера:

- И дерриг хьуна ма гарра ду!

Манис кхозгIа аьллера: - Суна иза дийца лааран бахьана ду, оцу гIенахь суна гиначунна тIе ца тоьуш хIун ду, я сов даьлла хIун ду, хаа лаар!

ИбрахIим - Шайха, дийца хIета аьллера. Манис дийцинера шена гина гIан. ИбрахIим - Шайха, ла а доьгIна, аьллера:

- Хьуна ма-гарра ду шадерриг. Иза вайнахе дIакхайкхо а деза. Дала шен къинхетамах, диканах а ма дохийла вай!

Оцу дийнахь дуьйна ИбрахIим - Шайха тIарикъатан некъахь адам нисдан долийра зикар дар, парзан а, суннатан а ламазаш тIелоцуьйтуш, Кунта - Хьаьжас (Дела къайле цIинйойла цуьнан) тIедиллина вирд а хьоьхуш. Ткъа шегара шапаIат дезачарна, вай дийцина, гIенан кхоьлах гайтина вирд тIелоцуьйтуш а хилла Дала. Манис шен хьехархочо, Устрада - Эвларчу ИбрахIим - Шайхо шега цул тIаьхьа дина къамел дуьйцу шен мурдана Сугаипов ШахIабана. ИбрахIим - Шайха олу Манега шайн хIусамехь шаьшиъ висича:

- Ас Дала сайна дина диканан дакъа нахалахь хьоьга дIакхайкхадайти дечу зикарх а, доккхучу вирдах а дерг.

Шел тIаьхьа тIарикъатан болх дIабахьар Манина тIаьхь дуьсий хаийтар дара иза шайхан. Цундела Манис неIсагIехьа гIулч а йоккхуш: - Соьга дIадахьалур долуш дукъ дац иза,- элира. ИбрахIима юха а Манина тIедожийра, хьалха санна, вакалаталла а, кога метталла а. Манис шолгIа гIулч неIаре а йоккхуш: - Соьга дIадахьалур дац иза - элира. ИбрахIима кхозлагIа тIедожош элира: - Дуьхьалонаш ма е ас хьайга бохучунна. Дала сайна деш долу дика хьуна довзар хьалха хилийта юкъара хилларг со хилча, ас бакъо ма елла хьуна и болх тIелаца. Со реза ву ала!

Манис кхин дуьхьало ца еш: - Со реза ву - аьлла.

Амма Манис ИбрахIим дIакхалхале я кхелхинчул тIаьхьа а, цкъа а цуьнан шайхаллина я цуьнан мурдашна тIехь зикар хьехарца, вирд тIедилларца долу куьйгалла я шайхалла  тIе ца лаьцнера, дуккха а шерашкахь шен са цIандаларх кхиъча бен.

Устрада - Эвлара шайх ИбрахIим цомгаш хилча, Манис дийцарехь, даима а шен меттахь кIегар а хиъна Iаш хилла. Цамгаран лазарша ша мел хьийзаварх, меттахь дIатевжаш ца хилла ИбрахIим - Шайх. Хьовса богIучара, кхуьнгара хала хьал хууш, олуш хилла: «ДIатовжахьа, ма хала Iаш ву хьо! ХIунда хьоьгу ахь и Iазап, дегI паргIат а ца доккхуш». ИбрахIим - Шайхо, Дела реза хилда цунна, олуш хилла: - Шу девр дарий меттахь паргIат. Делан гергара, иза реза вина декъаллой шайга хьовса оьхуш, шайна тIехIуьттуш хилча? Делан доттагI волу  Ибрахьим - пайхамар (Делера салам хьулда цунна), ткъа Делан Элча Мухьаммад (I.с.в.с.) хIора дийнахь масуьйттаза тIехIуьттуш хилча. Иштта беза, Дала дика дина къонахий тIе а хIуьттуш, ша муха Iийр ву паргIат  а ваьлла? - бохуш хилла цо.

Шен садала герга дахча, ИбрахIима, Дела реза хилда цунна, ша дIакхалхале пхийтта де хьалха, ша ларвечу нахе аьлла:

- Кхузахь боцчу вайн накъосташка хаам бе, нагахь со валале сан юьхь ган лууш уьш белахь, тIедогIучу шолгIачу оршотан дийнан Iуьйре кхачале тIедуьйла ала. Оцу хенал тIаьхьависинчунна со валарчу вирзина карор ву, Делера кхайкхар лерехь хезаш, хIай дуьненчуьра са, хьайн Деле дерза, резахиларан кхаъ дIаэца, хьо хиъна Iаш ма - дарра. Вай дIагIур ду Дела ша реза хиллачарна кечйинчу хIусаме доккха зовкх хеташ!

Цо ма - аллара дерриг а нисделира. ИбрахIима дегIах шен са къастале, тхо дерриге а ша волчуьра арадехира: со - со вита сайн чохь, со хиъна Iаш волуш сан са далалц! Цул тIаьхьа чу а даьхкина со дIанисвер аша.

ИбрахIим - Шайхана лиънарг дира оха бохуш, дийцина Манис ШахIабе. ИбрахIим - Шайхан юьхь - сибат нур лепаш, хаза дара, аьтто агIор белша тIе корта а товжийна. ИбрахIим - Шайх дIавоьллира Устрада - Эвларчу юьртан кешнашкахь. Цуьнан каш наха Iалаш деш, сих - сиха адмаш тIехIуьттуш ду. Шайх - ИбрахIим дIаваьллачул тIаьхьа дуьненахь дахаран аьттонан ойла яр дуьззина дIакъаьстина хилла Манех; деган доттагI, хьехархо, Дала дика дина гергарга стаг дIаваларо чIогIа бала, гIайгIа  йоссийнера Манин кийра.

Кху маьлхан дуьненах къастар хIумма а хетар доцуш сингаттаман хIордалахь, цхьа а хIума кара ца доьрзуш виснера Мани. Цул тIаьхьа нахаца долчу Iумсталлех а хаьдда, масех шарахь Далла Iибадат дар бен кхин са декъа, тидам тIехьовзо агIо а йоцуш, шен ойланаш чувуьйлира иза. Холбата воьлла хилла олу иза наха. Холбатахь дукха хан ца яьккхина Манис. ГIенийн кхоьлах, набаран тарца, самах а бохург санна, кIоршаме бIаьрлагIаш гора мелла а цIарматчу сибташкахь: дегIах хьерча лаьхьанаш, саьрмико кадетташ, леш доллучу беран саийсазаран мур, я дастамечу востара зударий. Цхьана а минотана и бIарлагIаш дуьхьлара ца йовлуьйтура, Делан мостагI долчу, шайтIано. Сийлахьчу КIурIан чохь Дала ялийна, оцу шен мостагIчун, чIагIо ю:

«Ахь со Хьайха дIакъасторна, со Хьан нийсачу некъана тIехь кIел хуур ду, уьш оцу некъа тIера галбохуш. Хьоьца нисбала гIерташ болчарна гонах дер ду со: хьалхахула, тIехьахула, агIонашкахьара. Уьш дукхах берш Хьайна баркалла бохуш  я хастамаш беш  карор бац Хьуна».

Цул тIаьхьа Манис, Далла хастам беш, боху: «Дала со ларвора оцу шайтIано со иэгIо гIерташ, тиларчу верзо Iалашонца лелочу бозбунчаллех, Шайх - ИбрахIиман Iуналла а, беркат а суна тIехь лаьтташ хиларна!» Кхин дIа а Манис дуьйцу ШахIабе: «Со адмашца, сайн доьзалца Iумсталлех хаьдда волчу хенахь (иза холбата воьлла Iийна денош хила а мега хьехораш) суна дуьхьала хIутту вуьрхIитта хьекъале адмех вовшахкхетта тоба. Царах цхьаберш Манина бевзарш а болуш. Цара Манега кховдадо Дала Шен Къайлахчу Орцанан тешам белла волчу Iабдул - Къедар Гиланин мухIар, шена тIехь язйина Делан деа маликан: Джабраилан, Минкаилан, Исрапилан, Iазраилан а цIераш йолуш. И мухIар Манега кховдош, цара олу:

- ХIара мухIар деана оха хьуна, иза  лело хьакъ хьо хиларх тешна а ду-кх тхо, дIаэцахьа хIара.

Манис олу:

- ХIан - хIа! Ас хIунда оьцу иза схьа!

Баьхкинчара шозлагIа, кхозлагIа а дехар до мухIар дIаэца бохуш,  и мухIар кхуьнгахь хилча, нахана цунах доккха беркат дериг хиларх Мани тешо гIерташ. Манис жоп ло царна:

- И мухIар цхьана есачу кхаби чу диллий, цхьана - шина шарахь дита. Нагахь нахана оцу кхаби чохь Iиллинчу мухIарх дика болх балахь, аса схьаоьцур ду иза, ца балахь оьцур а дац!

Цара олу Манега:

- Есачу кхаби чу диллинчу мухIаро, хIун пайда лур бу?

Манис, церан хаттарна жоп луш, олу: - Оцу есачу кхаби чуьрачул сов и мухIар соьгахь хилча а хир бац адмашна пайда!

Оцу жоьпаца Манис юхатоьхна и тоба  мухIар эцна гучуьра елира.

- Иза а, со Iехалой хьожуш, бIарлагIа яра, со зуьйш, - аьллера шен мурде ШахIабе Манис.

Дукха ца хуьлу иштачу совгIатех (и мухIар санна) ца Iехалурш, дукха хьолахь коьрталла дезарна нахана тIехь! ХIай, АллахI Дела! Хьайн Iуналлех ма дахалахь тхо, Iехадаларх, тиларх лардеш, кхин болчу хьайн лешна санна, кху дуьненахь рицкъа а латтаде ахь тхуна, эхартахь цIеран Iазапах а ларде ахь тхо!

Ша холбатара ваьллачул тIаьхьа Устрада - Эвла вахара ша бохуш, дийцира Манис. Цигахь зикарна тIе а нисвелла, цу юьртарчу мурдашца Дела а хьехийна, дIасадоьлхучу хенахь, шен говр жимма яжийта, эрна арахь дIа а хецна, нуьйр гIевланга а йиллина, дIатевжира ша бохуш, дIахьо шен дийцар Манис ШахIабца - Стигла а хьоьжуш со дIатевжина Iаш, наб кхетта а воцуш, амма, билггала, самонна сема а воцуш цу хенахь стиглара сирла нур тIекхеташ хааделира суна. Со Iуьллучуьра хьала а гIоттий, меттиг а хуьйций, юха а дIатевжа . Юха а из-за сурт го суна набаран тар а тосий. КхозлагIа а хуьйцу аса меттиг, билггала къасторхьама: шайтIанера бIарлагIаш ю те уьш я Делан болх бу те олий! Амма со мичча ваьлча а стиглара нур суна тIаьхьара долуш дацара. Сан дагна чIогIа там хиллера, са доккхадеш дара. Оцу буса дуьйна нах тIеэха буьйлало суна, мара лелхара, соьха дагабовлура, бакхий беш хьехнарг кхочуш дора. Со-м уьдуш вара адмех сайн ма-хуьллу. Амма цунах сан гIуллакх ца хилира, ца вуьтура лечкъича а. Кхин дан хIума а ца хилла, нехан хьашташ кхочуш дан хIоьттира со. Ас уьш сайна ма - хуъу Делан некъа тIехь нисбора: зикар дарехь, буьйсанаш Iамалца денъярехь а йохье бохура. ИбрахIим - Шайхан вирд дIадоло векал хила а дийзира сан, цуьнан гIоьнча хилла леларна, Илсхан - Юьртарчу Кунта - Хьаьжин вирдан некъ дIакхехьа декхар а хиллера, Делера бакъонан дакъа билгалдаларна.

- Делан, къинхетам а беш, реза хуьлда царна а, вайна а!  Сан ваша,- олуш хиллера Манис ШахIабе: - Дала шен калам тIехь бакъ волу устаз вуьйцуш аят далийна: мужжизат гойтуш, тоьшаллина ду царна делла, декъа латта (тIехь хIумма а яьлла йоцу латта), вай дендира иза, цу тІера буьртигаш довлуьйтуш, царах бузуш бу уьш. Оцу лаьтта тIехь довлуьйту Вай стоьмаш, цу тІера бухдуьйлуьйту шовданаш, хиш а Iенош, оцу дерригенах а царна напха а деш. Оцу лаьттах ду церан рицкъа а, къахьоьгуш долу церан куьйгаш а. И дерриг а шайна гуш хилча, хьасталур дац те адмаш вайна  хастамца?» (Ааят). Оцу аятан маьIнах вай нийса кхетахь, Манис дийцарехь, шен устазо бина хьехамаш, тIедахкарш кхочуш деш, буса Iамалш еш болчу мурдашна, Дала «деллачу лаьттана» луш болу ницкъ ло, серло ло устазан дагчуьра буьртигаш а тосуш, мурдан даг чу. Оцу буьртигийн зIийдигех пайда, беркат а даьржа мурдан дегIехь; иштта болу мурдаш, ненах кхетта бер санна, токх хуьлу шайн шайхан дагчуьра стоьмех - иманах. Делан, нехан а безам кхочу шен устазан омран - нихIи кхочуш дечу мурдашна. Иштта шайхашкахула декъала бо нах Дала, нагахь уьш КъурIано, пайхамаран Суннаташа, царна тIетевжаш устазо бина  хьехамаш кхочуш беш чекхбовлахь бохуш, ШахIабна дийцина Шайх - Манис. Къобал хилар цIена долчу мурдашна, Дала устазан дагчохь Кхоьллинчу Стоьмийн бешара кхача латтабо церан иман, ислам, ихьсан сов доккхуш. Дала устазна муьтIахьчу мурдана оццул деза совгIаташ деш хилча, вай хастам беш хила деза дуьне, Iалам а Кхоьллинчунна.


Шен жайна дерзочу декъехь Сугаипов ШахIаба юха а шен устазан, Мани - Шайхан тоьшалла даладо:

- Дела реза хилда цунна, сан устазо элира: - ШариIат а, тIарикъат а бусалбанан ши тIам бу, цуьнга Дала Шена тIе, олхазаре санна, некъ бойтуш. Нагахь санна бусалба стага, шариIатах тоам а бина, тIарикъат дIатасахь, иза тарло, хIорда тIехула, хи чу а ца дужуш, берда тIе кхача гIертачу олхазарх. Цхьана тIемаца тIома дIадахалур дац олхазар. Иштта ду Далла тIе некъ бечу бусалбанан хьал а: тарлур дац шариIат тIарикъатах а къастийна, Iалошоне кхача Далла тIе бечу некъахь. Вай дерриге а ду дуьненахь дахаран хIорда тIехула Далла дуьхьал доьлхуш. Дукха бац оцу хIорда тIехула чекхбовлалурш, буха ца боьлхуш, къемата де вай ца хьехийча а. Дуьненчохь ловзуш ши хIорд бу шариIатан а, тIарикъатан а, вовшашна мелла а герга хилла. Амма иэ ца оь и шиъ, цаьршинна юкъахь гечо ду. И гечо дола даккха къовсалуш бац и ши хIорд, амма цхьаьна а ийна, вовшен маьIна, мах а иэша а ца до цаьршимма.

Цул тIаьхьа  элира Манис:

- Цу шинний а чуьра (шариIатана, тIарикъатана) арадуьйлу жовхIарш, маржанаш: аьлча а бакъдерг,  иза довзар. Везан Дела, Хьайн къинхетам белахь тхох дуьненахь, эхартахь а. Хьайн Iазапех ларделахь тхо!

Иштта чекхдолу «Иманан бошмаш дегнашкахь кхиийна ДегIастанан хьосташ» цIе йолу жайна. Цул тIаьхьа го вайна Сугаипов ШахIаба шен устазана Шайх - Манина лерина язйина касыдаш:

«Ад - далия»,  шишша могIанехь I30 байтехь:

Касыдашна тIехь, уьш гочъеш, лерина бан безаш болх бу. Ткъа ШахIаба

«Ад - далия» касыдел тІаьхьа шен устазах лаьцна а, цо шена дийцинчух а хаамаш бо.

- Ша (ШахIаб) реза волуш чекхбелира шен «Ад - далия» касыдаш тIехь бина болх, - бохуш, яздо автора. Кхузахь юха а лиъна шена шен устазах лаьцна цхьацца хIумнаш гучудаха. Шайн умматан (кхузахь а, кхин дIа шайн мурдийн тобанан боху маьIна ду) шайх Мухьаммад ДегIастанара, Цоци - Эвлара а, Баммат - юртара а, Дела реза хилда цунна, шена хIара касыда язъян пайде ваьлла волчу. Оццу ойланера шен шайхан, Манин, къамела тIе волу ШахIаб: - Хаалахь, сан ваша, - боху Манис ШахIабе, - эвлаяашна, (шайхашна) Дала дуьхьал оьзна, адмех уьш ларбеш, кирхьа хуьлу, нахана уьш ца бовзийта шайн къайленашца. Оцу балхо адамийн шеконаш дебайо эвлаяэх, нахана уьш, шаьш санна, хоьтуьйтуш. Нахана уьш кура, дозалла дезаш бу а моьтту. Адмашна моьтту тIебогIуш болу баланаш берриге а, шайх хьакха а ца болуьйтуш, эвлаяаша тIехтилийта безаш бу. Делан кхел хийца таро йолуш вац цхьа а эвлаяъ. Ткъа цара иза деш ца хилча, наха емал бо уьш, церан тешаме мурдаш а. Оцу балхо Делан оьгIазло совйоккху. Дала ша реза вина, шена герга балийна шайхаш, эвлаяаш ларбо, амма уьш емал беш, царна луьйш болчарах шен кхайлахчу орцане, царна дагахь а доцчу хенахь, дера катухуьйту.

-Эвлияашца долу хIума наха экам  лело дезаш хилар довзуьйту Манис ШахIабна. Эццехь ШахIабна  дагатосу: - ХIунда дебба те кху заманахь цIармата, ши юьхь йолу, девне, вон адамаш? Шек а боцуш, шайн вочу амалшна тIаьхьабозу уьш, шаьш - шайх баккхий боь уьш, нахах ца беша. Къаьхкина йоьлхучу варрех тарбелла и нах. Амма муьлхха а царах къемата дийнахь орца-м дезар долуш ву, тахана оцуьнан цара ойла ца яхь а.

ШахIабна шен устазан сий, ларам Делехьара сов долуш го, цуьнца хьагI лелочарна хуьлуш болу бекхамаш а билгал бовлу. Цигахь Делан аят даладо ШахIаба КъурIан тIера:  «Ларлолаш царна лерах, эладитанаш дийцарх а, АллахIан буьрса бекхам хир бу шуна!»

Манин Iедалан векалшца тIекаре дика хиларна а цхьацца хIумнаш дуьйцуш хилла наха, Манис цаьрца лелош ерг тIоьхале йоллушехь.  Манис Iедалца гергарло лоьху  моьттура цхьаболчарна, оцу Iедалера шена сий, ларам а лоьху моттало кху дуьсур долчу дуьненахь. Ишттачу наха дуьйцуш хиллера:

«Хуьлийла а вац иза Далла гергахь цIена, Далла везна эвлаяъ. Хилча, цо гергарло лоьхур дацара, Дела вац бохуш долчу Iедалца!» Эццехь а Делан КъурIанан аят даладо ШахIаба: «Лоьхий те цара (эвлаяаша) шайна сийлалла, ткъа ерриг а сийлалла АллахIан долахь ма ю!»

Манис Iедалца лелош долу гергарло мискачу нехан дахаран гIайгIа, бала байбан аьттонна дара, и Iедал къаьсттина динца Iоттаделла долу дела ДегIастанахь. Кхузахь а КъурIанан аят даладо ШахIаба:  «Бусалба наха ца лоху гIо-орца а мунепикъашкара- уьш ларло церан ямартлонех!

Дала бакъо ло бусалба стагана керистанца, мунипикъашца а, церан зуламех ларвалархьама, меттан Iумсталла цаьрца лело. Доцца аьлча, Дала ша дагца долчу  хIумане бен ца хьоьжу боху, иза маттера хиларх. Адмашна юкъахь жаьхIала нах а, церан зулам а тоьллачу заманахь, иманан охIланна лардала бакъо луш, бала байбина  Дала бохуш, кхетош хилла нах Манис, (Дела реза хилда цунна). Оцу Iалашонца шен мурдашка Теркаца ха дойтуш а хилла Манис, Iедалца бертахь а долуш. Оцу балхо адмашна бахар - бахкарехь тем луш, аьтто беш а хилла, церан Iер-дахарна гIоле еш а хилла. Цунах лаьцна а даладо КъурIанан аят: - Дуьненахь шен вешин (бусалба вешин) даг тIера бала байбинчунна, Дала цуьнан гIайгIа эхартахь яййир ю къемата дийнахь! «Адмаш - уьш АллахIан бераш ду. Цунна царех уггаре а дезаш дерш ду кхечу шен берашна дика динарш!» Дуккха а диканаш, хасто хIумнаш а дийлина шен шайхера, боху ШахIаба. Амма уьш дерриге а дийца кехат я шекъа а тоьур дацара. Цундела (дешархо) иза шен бехкенна ца лоруш хила луур ду шена, боху автора. Цул лахахь а ша язйина касыда «Ат-таIия» ялайо ШахIаба шен шайхана лерина.

Оцу касыдо а чулоцу шишша могIа болуш езткъей пхийтта байт. Уьш гочъярехь а лерина бан безаш болх бу. «Ат-таIия» касыда чекхъяьлча а буьйцу ШахIаба шен шайхах, устазах, Манех (Дала реза хилда цунна) дагалецамаш.

Дела реза хилда цунна, бохуш яздо ШахIаба, шен устаза Манис дийцира:

- Нахана (мурдашна) кхетам луш, уьш Делан некъа тIехь нисбеш волчу шайхана йовза еза церан хIоранан а корматалла, шен хьехам дIаэца хьекъална уьш маса бу я партал, дIаэцнарг церан дIакхехьа ницкъ, собар хир ду я дац. ГIорасизчунна тIе дIакхехьалун доцург тIедиллахь, цо иза эшо долор ду я дIатосур ду. Ткъа къобаллонна гIаролахь волчунна шена тIедиллинарг кIезго  хетахь, и мохь сов баккха гIертар ву, шега дIа ца кхехьалур болчу барамехь. Амма  мохь цуьнга  гена бахьалур бац. Шен мурдашкара и тайпа ледарлонаш ца йийлита оьшуш ву бакъ волу устаз, олуш хилла Манис. Бакъ волу устазаца тоба дина кхузткъе итт эзар мурд хилча а, цо уьш хIора а дIанисвийр ву, шена - шена хьакъ долчу ислам динан кевне шиъ цхьана гечонах а ца нисвеш. Шайхо уьш хIора а Iамор ву Далла ечу Iамална, царна бан марзбеллачу рицкъа лахаран балхах уьш хера а ца бохуш: мах беш верг йохка - эцарехула, пхьар говзаргаш ярехула, иштта дIа кхин а Дала шайна еллачу корматаллашкахула, церан хьекъало атта тIелоцучу агIохьара. Оцу шех тешна, Далла Iибадат дан хIоьттинчу кхузткъе итт эзар синошна, кхузткъе итт эзар тайпана хьехар а хир ду бакъ волчу шайхан, хIунда аьлча де-буьйса хан чохь кхузткъе итт эзарза хIаваъ чу а узу, кхузткъе итт эзарза хIаваъ ара а хоьцу адамо. ТIе хIора садаIарехь адаман деган хьал хийцалуш ду, оцу хьоле хьаьжжина хьехам а оьшу цунна хІора садаIарехь. И болх бан ницкъ ло Дала бакъ волчу шайхана, эвлаяана а. Нагахь устазо шена тIедиллинчу хIуманна мурд кхо гIулч юьстах (шен лаам хьаьвзинчу) валахь - иза шен устазах дIахедаш ву.

«Кхечанхьа шен устазо (Манис) гулбеллачу нахана хьехам беш хезира шена боху ШахIаба:  Мурд шен устазах дIа ца хеда цо чагIар меллехь а, хьакхин жижиг диънехь а, я устазо дIа а ца тосу и мурд цуьнгара евллачу ледарлонашна, хIунда аьлча шен мурдан диканаш тидаме а оьций, шайх цунна къинтIера волу, нисвала цунна хан а луш.!»

Нах дIасабаханчул тIаьхьа, ШахIаба хаьттира ша боху шен устазе, Манега (Дела реза хилда цунна):

- ХIай, сан устаз, ас хьалха вай гулделлачохь ахь динчу къамеле  ладуьйгIира,  тахана бинчу хьан хьехаме  ладуьйгIира. Ахь хьалха динчу къамелаца ца догIуш ма хийтира суна тахана дийцинарг!»

Дела реза хилда цунна, сан устазо элира:

- Устазана (шайхана) цхьаволу мурд хуьлу Iаламат, бIаьрг тIехIоьттина, везаш, цул дукха дезаш хIумма а доцуш, Лекха Хилла волу Дела, цуьнан геланчаш  дIабевлча. Оцу мурдана тIехецна хуьлу шайхан шадерриге а Дала шена делла ниIматаш. Нагахь оцу ша къастийначу мурдашлахь везавеллачу мурдана шайхо цхьа декхар тIедожадахь, ткъа мурдо, устазан омра ша кхочуш дале, кхо гIулч шен лаамехь, юьстах яккхахь, оцу мурдо ша хадош ду шена тIехецна устазан ниIматаш, шен лаам, шена хетарг, шен безам,  устазан ниIмател гIоле а хетта. Ишттачу меттехь мурд ша хедаш ву устазах возуш волчуьра. Кхин мурд хуьлу оцу шайхан (устазан) кхечу мурдех къастийна а воцуш кхин берш санна, везаш. Оцу мурдо шена тIедиллина вирд кхочушдо, амма шен сино а, шена чохь долчу шайтIано а бохург а кхочушдо.

ТIаккха шайтIано лерехь хьехар до ишттачу мурдана: «Ахь шайхаца дина тоба дохий, цо хьо хIинца мукъа вити, юха тIе а лоцур вац, хIинца хьуна гIоле ду, хьайна луъ - луъург а деш, дIалелар, ма-тов са а къоьруш.» Ишттачу мурдан даг чохь шеко кхоллало, хIинца хеди теша шен шайхаца бозуш хилла иманан хьаса олий?

Иштта хотIе воьжна мурд шайхо тосий ца вуьту. Шегара яьллачу ледарлонна даггара дохко иза ваьлча, цунна, шайхо шеха дIахьоттвала, схьакхета а некъ буьту. Дала а ма аьлла шен КъурIан чохь вайн элчане (I.с.в.с.): - Ахь дIаала Сох тешначаьрга шайгара йийлинчу ледарлонашна Шен къинхетамах дог диллий ма лела. АллахIан къинхетам, массо а къиношна гечдан а, боккха бу.

ШахIаба лакхахь динчу хаттарна кхин дIа а жоп луш, Манис олу:

- ТIаьххьарчу вайн цхьаьнакхетаре баьхкинчарах цхьаберш, шайгара йийлинчу ледарлонашна, нисдала агIо йисаний техьа шайна аьлла, хаа баьхкинарш хила тарло. Иштта баьхкинчарна дегайовхо луш бинера аса сайн хьехам. Делан къинхетамах догдиллина дIавахийта йиш ма яц вайн цхьа а. Дала а ма бах шен КъурIан чохь:

- Делан некъа тIе кхайкха адмашка хьекъале, дика а хьехамца! Цундела вайн кхайкхам, хьекъале дош, дика хьехам атта дIакхочуш хила беза шайхан къамелехь.

- Дела реза хилда шен Устазана, Мани-шайхана, боху ШахIаба. Ша бечу хьехамашкахь хIора ладугIучуьнан дог  декхош, бусалба динна тIе ойла хьовзош, хаарш а, меттан говзалла а, шариIатан а,  тIарикъатан а некъийн къайленаш цунна йовзуьйтуш бо ШахIаба. Шен мурдашца кIеда, мерза вара Устаз Мани, къинхетаме, доглазаран синхаамашца а тергалбора цо уьш, нисбора собарца ловш церан ледарлонаш, гечдеш гIалатлонашна, тесна ца буьтура. Амма дозанал, хьаькхначу сизал дехьа бовлар нисделча, кхетабора, дас шен доьзалхой санна. Манис олуш хиллера, шайхо хIиттийна дозанаш лар ца деш, дохош болу мурдаш, шайн де-ненан аьлларехь ца совцучу берех тера бу. ЦIена духар а духий, бераш кечдо цIерачара. Даханчу бераша ловза а довлий, лелий  шайна тIера цIена бедарш,  я бехйо, я этIайо цхьанхьа тийса а лой. Оцу берийн хьесапехь хуьлу цхьаболу мурдаш а. Шайхо шайн дегнаш цIеначу хьоле а далийна, хьагI-боданах къастадой шен мажлисера дIасабохуьйту мурдаш  шайн-шайн гIуллакхашка, белхашка а. Пхьоьханашкахь, базаршкахь уьш беттало жаьхIил нахах, цаьрца хабаре буьйлуш, къийсалуш, гIийбаташ деш къинош летадо. Шайхо шайн дегнашка тоьхна хиллачу хьолах бухий, иза бехдой я дойий, юха устазна дуьхьал богIу уьш. Дас-нанас шайн доьзалхойн бедар санна, шайхо  цIандо, тоьгу мурдийн дегнашкахь телхина  мел долу хIума, эккхабо царна чуьра бода. Ден-ненан  доьзалхо санна, шен мурд дIатаса йиш яц устазан, хIунда аьлча да-нана  доцург латкъа меттиг болуш дац бер. Иштта тевжийла ю мурдана а шен устаз. Дала аьлла шен КъурIан чохь:

- АллахIера къинхетам бу хьуна, хьо цаьрца (адмашца-авт.) кIеда, мерза хиларна, хьо хьайн амалшкахь мел оьгIазе, дог дера велахь а. Церан муьтIахьалла хьан нуьцкъаллех мукъа хила еза. Хьо царна (адмашна-авт.) къинтIера вала а веза, царна гечдар доьхуш хила а веза, цаьрца дагавала а веза уьш нисбаларехь, ткъа болх АллахIана тIе билла. Цунна дукха беза шен къинхетаме сатуьйсурш!

Манис олура:

- ХIетте а цхьа мурд шен тобанах вухур вац денош дIаэхарх, нагахь денна шен устазах возуш хилахь. ТIадаман барамехь дика динчунна  диканца бекхам хир бу, ткъа тIадамал зулам динчунна а бекхамца дуьхьала даьндерг зулам ду. Везан Дела, хьайн Iуналлин кIелахь совцаделахь тхо. Хьайн диканах ма дахалахь тхо дуьненахь а, эхартахь а, цIеран таIзарх ларделахь тхо. Амин.

Шен жайни тIехь ШахIаба ялайо ша язйина касыда «Ал-къафия».  Уьш а шен  устазан безамна, Манин корматаллаш гучуйохуш язйина байташ ю, шайн терахьца шовзткъе ворхIанга кхочуш.

Касыдин стихкхолларан барам «Мутадарик» олучу кепехь бу. Цул тIаьхьа «ДегIастанан бахархошка кхуьучу стоьмийн беша кхайкхар» ц1е йолу шен байташ (касыдаш) ялайо цо. Ткъе шина байтехь ю и касыда. Ша мел язйина касыдаш кхолларехь, уьш чекхьяхарехь  шен аьтто бинчу Далла хастам а бо ШахIаба, дагавийларшкахь шена хьехамаш бинчу, бусалба динан шайхалла Дала шена деллачу, шен устазна Манина хастам а бо цо. Оцу касыдина тIехь болх чекхбалар нисделла терахь рамазанан (мархин) беттан кхолагIчу Iуьйранна. Делан къинхетам латтийла Манина тIехь, вайна тIехь, массо бусалба адмашна тIехьа а. Амин. Иштта дерзадо шен дийцар ШахIаба.

И жайна Iаьрбийн маттахь зорбане даккха гIо дина Асадов Мухьмад - Хьусайна.

ДIаяздина (зорбанехь) I327 шарахь I0 - гIачу рабиIул - аввала баттахь Казаниша эвларчу Хьасана.

Цул тIаьхьа далош ду билгалдахарш. Царах лаьцна касыдаш гочъяр  дечу хенахь яздийр ду вай, хIунда аьлча и билгалдахарш касыдех хьакхалуш ду. Делан динан бехкамаш тIехь вайн оьздангаллин мехаллаш нохчийн къомалахь ларъеш, халкъан синкхача дийна латтийна вешан къонахийн - эвлаяийн цIераш, церан хьуьнарш, хьехамаш дахаран къилба дина, бертахь даха хьуьнар, хьекъал а, собар а лойла вайна Дала.