ТАШУ-ХЬАЬЖИН ВЕСЕТ
Мурдаша дуьйцу
Махьма, Сесана
Тахана а дIатуьйш дац къийсарш Ташу-Хьаьжа муьлххачу къомах хилла бохуш. Цо ша жоп делла оцу хаттарна:
– Давуда тIаьхьенах ву со. Къомах гIумки ву со. Тайпана цIонтаро ву со, – аьлла.
Шеко йоцуш дерг цхьаъ ду: Дагестанехь гIараваьлла волчу Мохьамадал ЯрагIис бусалба дин Iамийна ву Ташу-Хьаьжа. Цуьнан дуьнентIе валарх, бераллех, тайп-тукхумах, гергарчарах лаьцна материалаш ца карийра тхуна оьрсийн дукха документаш, нохчийн шира тептарш кегорах. Бакъду 2008 чу шарахь Iаьрбан маттахь зорбатоьхначу жайни тIехь хьахийна ду: 1810-чу шарахь шен устазо Мохьамадал ЯрагIис шена билгалйинчу нохчийн цхьана юьрта веара Индарера Ташу-Хьаьжа. Оцу юьртахь, цунна накъост, гIоьнча хир ву аьлла, билгалвина, Сесанара аренга охьавеана, юьртахоша лоруш, вехаш-Iаьш цхьа стаг вара. Цунна тIевоьссира Ташу-Хьаьжа. ХIусамдена бийцира цо ша арабаькхина некъ. Нохчийчохь бусалба дин цIандар, чIагIдар дара цуьнан коьрта декхар.
Сесанара Махьма-Хьаьжа (85 шо):
Мохьмадал-Яраг1ис Джалке г1о, цигахь Бешто бохучу стагана т1е кхача хьажа, аьлла хиллера Ташу-Хьаьжега.
«Ахь буьйцург г1умкийн мотт бу, суна иза ца хаьа»- аьлла Бештос.
«Цунна ахь самагатде, иза ас т1елоцу д1анисдан»- аьллачул т1аьхьа, буьйса бен юкъа ца юлуш, Бештона г1умкийн мотт 1амийна.
Салам дала а, эца а хууш зама ца хилла иза. Оцу т1ера дуьйна шен боккха болх д1аболийна Воккхачу-Хьаьжас.
Ташу-Хьаьжас яздина жайна ду х1ара.
Х1окху кепара ши жайна ду Воккха-Хьаьжас яздина, мурдаша 1алашдина, вайн замане схьадеана.
Нохчийчохь даьржина ши тарикъат ду: къадирийн, накъшбандин.
Къадирийн тарикъат Нохчийчохь а, Къилба-Седа Кавказехь а даржийнарг Илсхан-Юьртара Кунта-Хьаьжа ву. Мохь туххий зуькар деш, дегIана ницкъбеш, тIараш детташ, гонехь 1амал ечу къадирийтех къаьсташ бу, го бина охьаховший, меллаша зуькар деш, далла хастам беш болу накъашбандийн тарикъатан декъашхой. Хаваж-Баудди Накъашбанди ву и тарикъат дуьххьара даржо долийнарг.
Делан элчанна тIекхаччалц хьала йоьдуш ю и ший тарикъат кхайкхош хиллачу Iеламнехан силсил.
Оцу «силсил аз-забат» олучу «дашочу зIенан» чIагаршна юкъахь хьакъ йоллу меттиг дIалоцу Къилба-Седа Кавказехь и тарикъаташ даржо долийначу гIазгIумкичо Мохьамадал ЯрагIис. Цунна тIаьхьа хIиттинчу Iеламнахах бу Сесанара Ташу-Хьаьжа, Сиржа-эвлара Умалт-Шайх, Зандакъара ГIеза-Хьаьжа, кхиберш.
Моххьамадал ЯрагIис Ташу-Хьаьжина тIедиллина хилла накъашбандин тарикъат Нохчийчуьра Анапе кхаччалц долчу латтанашкахь довзийтар, даржор, цунна леррина бакъонаш, шайхан дарж луш.
Ташу-Хьаьжин васт ша-тайпа къаьсташ ду нохчийн эвлаяашна юкъахь. Иза динан да хилла ца Iаш, гIараваьлла тIемало хилла. Таймин Биболатан цIе политикан аренехь хьехор лагIлучу 1830-чу шерашкахь лата болало Ташу-хьаьжин сийлаллин седа.
1830-чу шарера 1843 шо кхаччалц болчу муьрехь Нохчийчохь, Дагестанехь дIахьучу къоман паргIатонехьа болчу къийсамехь имам Шемалца цхьаьна оьрсийн документашкахь хаддоза хьехош ю Ташу-Хьаьжин цIе. Ташу-Хьаьжа Iелам стаг хиларе хьаьжжина, бусалба дин Къилба-Седа Кавказехь даржор шен декхар хеташ хилла цунна. Кавказехь накъшбандин тарикъат дуьххьара юкъадаьккхинчу гIараваьллачу гIазгIумкин шайхан Мохьамадал ЯрагIин мутаIелам хилла ву иза. Имамашна ГIеза-Махьмина, Шемална гIазотан идеологи йовзийтина, церан хьехамча ву Мохьамадал ЯрагIи.
1819-чу шарахь инарла Ермолов Эндери юьртана лулахь гIалгIазкхин гIап йогIа воьлча, оьгIазбаханчу бахархоша цунна дуьхьало йира. ГIаттамхошна юкъахь вара Ташу-Хьаьжа. Цу хенахь Дагестанехь, Нохчийчохь хилла тIеман-политикан хьал ша-тайпа дара: паччахьан эскаршка ламанхой эша ца луш, ламанхошка колонизаторш шайн латтанаш тIера дIа ца бахалуш.
Къоман маршонехьа латточу къийсамехь яккхий новкъарлонаш йора нохчашна юкъахь яьржинчу вочу амалша: къаркъа мийларо, томка озаро, кегийрхой баккхийчаьрца эвхьазбовларо, цхьаболчу мехкарийн маьттаза леларо, г1иллакхаш ца лараро.
Оцу хьолехь вуно ледара даьллера дин лелор, ламаз-марха лардар, бусалба нехан сий дар. И дериг нисдан оьшуш дерг луьра низам дара. Адамийн дог-ойла гIатто, уьш шайн къийсамехь чIагIбан бусалба динан хаза гIиллакхаш марздан дезара. Кегий нах ийманехь, оьздангаллехь кхио безара. Ламанца, аренца йолчу нохчийн ярташкахь бусалба дин чIагIдан волавелира Ташу-Хьаьжа, даим шена уллохь Девкар-эвлара Уди-молла волуш. Дагестанехь имам кхайкхийна волу ГIеза-Махьма дегайовхонца хьоьжура Нохчийчу: цунна оьшурш нохчийн тIемалой, эскар кхаба ялтий дара. Цо мосуьттаза шен векалш хьажийра нохчашна юкъа шех схьакхета аьлла, амма цхьаннен куьйгалла шайна тIехь ца ловш болу нохчий шаьш дIакхоьхьуш бара паччахьан эскаршца болу къийсам.
Ташу-Хьаьжас яздина жайна ду х1ара.
Х1окху кепара ши жайна ду Воккха-Хьаьжас яздина, мурдаша 1алашдина, вайн замане схьадеана.
Оццу хенахь кхуьуш яра 1818-чу шарахь нохчашна тIехь даим кхерам латто йиллина йолу тIеман гIап. Цунна цIе а тиллинера Грозная (Буьрсаниг) аьлла. И гIап югIуш йохийна, ягийна лаьтта тIера хьаькхна дIаяьхнера дуккха нохчийн ярташ шайна юкъахь ЧIегана, Iалхан-юрт, Хан-ГIала, Эндере-юрт, Кули-юрт, ТIуртIи кIотар, Сарачан-юрт, Мамакхин-юрт йолуш. Ериг ткъе итт сов юрт хIаллакйина паччахьан эскарша и г1ала юьллуш. Цунах лаьцна тоьшалла до историк, этнограф волчу Александр Бержес шен «Нохчийчоь, нохчий» цIе йолчу книги тIехь.
И гIап йилларна дуьхьалболу нохчий хаддаза тIелетара паччахьан эскаршна. Ишта тIелатар хилира 1818чу шеран 4 августехь. Цхьа а шеко яц оцу тIамехь дакъа лоцуш хиллачу нохчашна юкъахь Ташу-Хьаьжа хилла хиларна, цу хенахь гIеметта хIоьттина стаг хила везаш вара иза.
И санна долу тIелатарш дуккха хиллехь, и гIала ца йиллийтта ницкъ ца кхечира нохчийн: атта дац еккъа цхьаьна шаьлтанашца яккхийчу тоьпашца тIом бан. Инарла Ермоловн акха къизалла бахьана долуш кхихкина Соьлжа тIехь йинчу гIалийна гонах тIемаш. Цу хенахь Кавказан линин штабехь гIуллакх деш хилла волчу А.С. Зиссермана шен «Ткъе пхеа шарахь Кавказехь» цIе йолчу книги тIехь дагахьбалламца яздо: «Нагахь вай вешан Iедал кIаддинехьара, мега долу некъаш дехкинехьара, Соьлжах, Терках дехьа-сехьа волийлаш йинехьара, промышленность кхиарна гIайгIа бинехьара, цхьаъ мукъна школа йинехьара, оьрсийн мотт Iамо доьналла долчу туземцийн бераш кхойкхуш, вай-ваьш хIара мохк, цуьнан бахархой бовза гIоьртинехьара, Грозный хила тарлора кхин машаре, граждански амал йолуш.»
Нохчийн цхьана ширчу илли тIехь аьлла ду Соьлжа-ГIала йилларх лаьцна:
«Хьо юьллу бехира
Нохчашна базарна,
Хьо йиллина хиллера
Нохчашна балийна»
Соьлжа-ГIала йилличхьана дуьйна цу чуьра нохчашна дуьхьал долчу массо зуламашна куьйгалла деш, хаддаза лаьмнашка таIзардаран экспедициш вовшахъетташ, маьрша нах хIаллакбеш, къинош летийна ву инарла Ермолов. Барам боцуш дукха ду цо динчу зуламийн тептар.
Шен «Ермоловн йозанаш» цIе йолчу книжки тIехь ямартлонашций, къизаллийций г1араваьллачу инарлас яздо:
«ХIинццалц масал дацара нуьцкъах цхьанне нохчичуьнга шен махкахошна дуьхьал герз даккхийтаран, амма хIинца хьалхара гIулч яьккхина, церан коьрта чу дижийна, иза иштта гуттар хир ду аьлла.»
Ермоловн Iалашо яра нохчий вовшахлатийтар, церан дуьхьлояран ницкъ малбархьама.
1835-чу шеран аьхка инарла-адъютанте Чернышевга яздинчу кехат тIехь инарлас Розена хаам бо: Сунженски линин командующий волу подполковник Пулло Энгелик юьртана, Ташу-Хьаьжина тIелата вахана шеца эскарш, гIалгIазкхий, 200 нохчи волуш. Цул тIаьхьа нисса шо даьлча, полковникан дарже ваьккхина волчу Пуллос хаамбо инарла-майор волчу Петровга Грозный-ГIалахь ша 100 теркйистера нохчо дIатарвина Ташу-Хьаьжийна дуьхьала, бохуш.
Шайн мохк ларбеш нохчаша дуьненахь ца гинчу майраллица дуьхьало йича, паччахьан Iедал кхийтира Кавказ караерзор иттаннаш шерашка дахлург хиларх. ТIаккха цара яхка йолийра хIора нохчийн юьртана лулахь гIалагIазкхийн станицаш. Цунна «Кавказски лини» аьлла цIе тиллира. Оцу линин цхьа га Iаьржа ХIорда тIера ГIоба хи тIе кхаччалц дара: аьтту агIор фланг. Важа га ГIажарийн хIорда тIера Терка тIе кхаччалц дара: аьрру фланг. Оцу флангашкахь боккха тIеман ницкъ бара, шайн командираш а болуш.
1830-чу шеран бIаьста Дагестанан имам ГIеза-Махьма Нохчийчу волавелира шен эскарца. Новкъахь цо го бира Бурны цIе йолчу паччахьан эскарийн гIопана. ТIамца схьаяьккхира Шамхалан коьрта шахьар Таркхи. Имаман 4 эзар эскархочунна гIоьнна веара 8 эзар гIумки, нохчи. Июнехь цара го бира Эндерин лулахь йолчу Внезапни гIопана. Оцу тIамна куьйгалла деш вара Ташу-Хьаьжа. Августехь гона юкъахь бисинчу салташна орцахвелира «Кавказски линин» командующи инарла Эммануэль, шеца цхьаьна инарла Бекович-Черкасски волуш. И дерриг хиъча, ГIеза-Махьма, шен эскарш эцна, аьккхийн хьаннашкахь къайлавелира. Цунна таIзар дан тIаьхьаваьлла волу Эммануэль, бекхамо корта хьовзийна, хьуьнах вуьйлира.
Инарлера и гIалат даларе хьоьжуш хилла Ташу-Хьаьжа шен эскарца цунна тIелетира. Оцу тIамехь Эммануэлна чов йира. Шегара командовани инарла Вельяминовга дIадала дийзира цуьнан. ТIаьхьашха тIеллеттачу ГIеза-Махьмин эскаро йистъяьккхира тIеман: цхьа йоккха топ дIакхуссуш, Внезапни гIопехь къайлабевлира паччахьан салтий.
И боккха толам бара. И толам бахьанехь нохчийн, суьйлийн, тIемалойн цхьабарт хилира паччахьан эскарца латточу къийсамехь цхьаьна лета. Оцу кхиаман коьртехь лаьтташ вара Ташу-Хьаьжа. И даим вара юкъарчу къийсамехь Къилбседа Кавказан къаьмнийн ницкъаш цхьанатохаре кхойкхуш. 1831-чу шарахь Ташу-Хьаьжас Кавказан бахархошна юкъахь баржийначу кхайкхам тIехь гIазотна дуьхьалболчу динан дайшка бохура:
Делах дуй буу ас, вайн пайхамаран умматах шу дац аьлла. Шу Делан, пайхамаран мостагIий ду. ХIинца дуьйна, ца лаахь а, Дала бохург ца дича девр дац шу.
1832-чу чу шарахь Гуьмсе уллохь нохчаша хIаллакйина дIаяьккхира гIалагIазкхийн дошлойн полк. Цигахь караеана ши йоккха топ нохчаша Бена дIайигира. Цу хенахь Бена паччахьан эскаршна дуьхьалояран меттамот хилла дIахIоьттинера. Кхузахь кест-кеста хуьлура шен хьехамашца Дагестанан имам ГIеза-Махьма, хIетахь башха вевзаш воцу Шемал, кхузахь чIогIа лоруш волу Ташу-Хьаьжа. Наха чIогIа лерина ладугIура цара бусалба динах лаьцна бечу хьехамашка.
Гуьмсехь хIаллакбинчу гIалагIазкашна бекхам беш Нохчийчухула цIарца чекхвелира инарла Розен.
Бена яга а йина, иза тIелетира имаман ГIеза-Махьмин гIопана ГIимрина. Цигахь хиллачу чевнех кхалхар хилира имаман. Оцу ц1ергахь хилла волчу Шемалан аьтто белира эскарийн гона юкъара аравала. Цул тIаьхьа, ши бутт балале, 1833 шо долалуш, Дагестанехь керла имам Хьамзат-Бек хаьржира. Цхьана шарахь эха шарахь имаман даржехь хилла и чIирхоша вийра. ШолгIа имам вийначул тIаьхьа оцу дарже уггар хьакъволу баьчча хилла дIахIоьттира Ташу-Хьаьжа, Уди молла. Амма цига, Ташу-Хьаьжас гIо а деш, Шемал хаьржира. Ташу-Хьаьжа имаматан Лакхарчу Кхеташонан декъашхо хаьржира. Оцу хенахь дуьйна Ташу-Хьаьжин цIе хаддаза хьехош ю оьрсийн тIеман документашкахь. Царах цхьанна тIехь аьлла ду Ташу-Хьаьжина тIаьхьахIиттинчу тIемалойн барам кхаа эзарне кхочура аьлла.
1835-чу шарахь Ташу-Хьаьжас шен чIагIонаш йо Устрада-Эвлахь, Майртуьпахь, Казбек-юьртахь, Сесанехь, Зандакъахь. Оццу хенахь паччахьан инарлаша къаьсттинчу тидаме оьцу Ташу-Хьаьжин бIо. 1835-чу шеран июнехь Ташу-Хьаьжин эскар тIелета Орга хи тIехь Пулло отрядашна. Кхаа дийнахь тIом бинчул тIаьхьа эшийна Пулло юхаволу. Амма шо даьлча, Хошкелда а ягош, нохчийн ярташна юха тIелетта Пулло юха а эшаво Ташу-Хьаьжас.
1836-чу шеран 26 августехь паччахьан эскарша ягайо Зандакъ. Дагестанера сихха юха а воьрзий, Уди-моллица цхьаьна Ташу-Хьаьжас гуо бо юрт ягийначу Пулло отрядна. Бевдда Внезапни гIопехь къайлабовларо кIелхаьарбоху салтий хIаллакхиларх.
1837-чу шеран бIаьста инарла Фезис, шина баттахь тIом бой, схьалоцу Аварин коьрта шахьар Хунзах. Ташу-Хьаьжас, шен эскарца тIе а летий, хаъал зе до инарлина. ТIаккха ца ваьлла Фези дийцарш дан волало имам Шемалца.
Цул тIаьхьа догIуш долу шо машаре деара Нохчийчохь. Амма оцу машарх пайда паччахьан эскаро ийцира. Шайна бегIийла долчу агIор бусалба дин тидийта инарлаша Нохчийчу валийнера гIезалойн пачхьера, Казанера, молла Тажаддин Мустафин. Цо хьехамаш бора нохчашна кIайчу паччахьна муьтIахь хила деза, герзана хьалха охьатаIа деза бохуш. Цул сов, цо чIагдора бусалба нах вирдашка бекъабалар Исламаца ца догIу, зуькарш дар Исламана дуьхьал ду бохуш.
ГIезалойн моллас йинчу пропагандин жамI дара ткъе итт юьрто Россина тешаме хир ду шаьш аьлла дуй баар. Цул сов, Тажаддинан хьехамаш бахьанехь вас юьйлира Ташу-Хьаьжиний, Уди-моллиний юккъе. Оццу хенахь Уди-моллин шен чIирхочун карах валар хилира. Ша леш Уди-моллас элира шен мурдашка Ташу-Хьаьжа бакъ хилла аьлла. Шен дика накъост хилла волу Уди-молла кхелхича, Ташу-Хьажа Нохчийчоьнан цхьаъ бен воцу динан, тIеман баьчча хилира. Цу хенахь дуьйна цуьнан Воккха-Хьаьжа аьлла цIе яхара мурдашна юкъахь.
1839-чу шеран 10-чу майхь Мескетана уллохь Ташу-хьаьжин тасадалар хуьлу инарла Грабен эскаршца. Аксайн, Яман-сун тогIешкахь Iохку нохчийн ярташ ягош схьавогIучу инарлас 12-чу майхь ягайой, чимбой дIайоккху Сесана Ташу-хьаьжа Бена юхаволу. Кхузахь цунна караво Ахульго кIелахь вохийна веана Шемал. Ший тхьамда тIеман эшам лайна велахь а, дог-ойла йоьхна ца хуьлу. Кхузахь Дагестанан имам волу Шемал, Ташу-Хьаьжин гIоьнца, Нохчийчоьнан а имам хоржу.
1840-чу шарахь Бенахь паччахьна дуьхьал гIаттам болало. Ташу-Хьаьжа имам Шемала Аьккхийчоьнан наиб хIоттаво.
Болчу бохамашна тIе Нохчийчохь Iаьржа ун хьийза доьалгIа шо ду. ТIамочул дукха нах хIаллакбо оцу цамгаро. Оцу халчу муьрехь Ташу-Хьаьжин дахаран коьрта маьIна хуьлий дIахIутту гIийла-миска бохкучарна гIодар, боберийн доладар, нахана юкъахь нийсо латтор. ШарIаца цхьаьна цо ларамца лардо нохчийн шира Iадаташ. Гуттар бохург санна къийсамаш хуьлу цуьнан имамца тIеман хIонц могIарерчу бIаьхошна дIайолуьйтуш, тайпанийн латтанаш лардеш, харц кхел еш болу къеданаш дIабохуьйтуш.
Шемалан гвардехь лаьттачу муртазекъаша могIарерчу бахархошна ечу къизаллина, харцонна дуьхьал хуьлу Ташу-Хьаьжа. Цо ца къестабора суьйлий, нохчий. Ташу-Хьаьжас мел йоккхучу гIулчан къилба хилла дIахIоьттинера шарIан бакъо.
Шена аьтто болчу агIор ца туьдура цо шарIан лехамаш. ГIийла-мискачу стагана дан гIо а, гайта нийсо а яра Ташу-Хьаьжин. Цундела цунах Воккха-Хьаьжа олура. Ханна кхечу хьаьжойл воккха ву бохург дацара и – царна юкъахь ша лелочу нийсонца, бакъонца сийлахь ву бохург дара.
ЦIен волуш, эгIаза волуш, багахь цергаш йоцуш цхьа кIант ву Шелахь дуьнентIе вер волуш. Жима волуш дуьйна даржехь хир ву и. Соьгахьчул уьссазза Iилма, ийман сов хир ду цуьнгахь аьлла Воккхачу-Хьаьжас.
Цо аьллачу хенахь дуьнентIе ваьлларг Ама ву. Хила а хилла и Ташу-Хьаьжас ма-вийццара. Шелахь цуьнан зиярт ду, дуккха а мурдаш бу.
Ташу-Хьаьжин тIеман стратеги имам Шемалчух къаьсташ яра адамалла хиларца. Цо ца лоьхура шена сий, къизаллица дуккха а нах бойуьйтуш баьккхина толам. Дахарехь чIогIа оьзда вара Ташу-Хьаьжа. Шена кхечарах къаьстина хьал, бахам, ц1е ца лоьхура цо.
МогIарерчу бусалба нахал къаста гIерташ, шаьш аьлларг бен бакъ ца хеташ, шайгара гIалат долийла яц боху тIеман куьйгалхой декхарех сихха мукъабохура шайхо. Цо кхайкхош долу дин а дара шен нийсонца нахана товш. Тахана Воккха-Хьаьжин мурдаш а къаьста шайн дош лахара лелорца, тийна-тапъаьлла Далла Ιибадат дарца. ТIеман цIергахь кхолладелла Ташу-Хьаьжин вирд нахана юкъахь барт, машар, тардалар, дазар лоьхуш ду. Ша Iеламстаг хиларе терра, Ташу-Хьаьжас дукха къахьоьгу бусалба дин кхиорна тIехьажийна. Цо иттех сов жайна яздина хилла бохуш дуьйцу цуьнан мурдаша. Царах ши жайна бен дисина дац.Бакъду, и жайнеш тахана цхьацца бахьанашца нохчийн матте даьхна, теллина дац. Тхан аьттобелира Ташу-Хьаьжин цхьаболчу белхийн сурташ даха. Ташу-Хьаьжас яздинчу жайнин копиш ю аьлла а делира тхоьга сурташ. Цу йозанаш тIехь бан безаш Iилманан таллам бу. И жайнеш дешначул тIаьхьа Ташу-Хьаьжин васт кхин а дика довза, цуьнан лехамех кхета таро хир ю аьлла хета. Цул сов, Ташу-Хьаьжас язйина ю бохуш мурдашна юкъахь лелаш назманаш ю. Иштта дуккха а назманаш ю Ташу-Хьаьжин дахарх лаьцна.
Далла тIе боьдучу новкъахь хIора бусалба стеган декхар ду ша-шен нисвар, цIанвар, ийманехь чIагIвар боху Ташу-Хьаьжас. Цунах лаьцна цо яздина шен жайнеш тIехь. Уьш нохчийн матте даьхна довзийтича царах боккха пайда оьцур бу аьлла хета бусалба наха.
Сесанахь зиярт долу Воккха-Хьаьжа, Симсарехь зиярт долу Зандакъара шайх ГIеза-Хьаьжа, Илсхан-Юьртара Кунта-Хьаьжа кест-кеста вовшашна тIекхочуш, цхьана заманахь баьхна нах бу бохуш яздо «Даймохк» газето.
(№ 122 йолу, 2007 шеран 22 октябрера газет).
Зандакъара ГIеза-Хьаьжа Воккхачу-Хьаьжас кхиийна ву.
Оьрсийн хьостанаша хаам барехь Кунта-Хьаьжа 1820-чу шерашкахь вина ву. Ташу-Хьаьжил 30 шо жима хила тарлуш. Мохьаммадал ЯрагIис Ташу-Хьаьжина тIедиллина хилла ГIеза-Хьаьжа эвлаяийн дарже кхачош кхиор.
Дуккха а шерашкахь хан яьккхина ГIеза-Хьаьжас холбатахь. Оцу хенахь цуьнан терго, Iуналла деш хилла Воккха-Хьаьжа, эххар, цо къобалвина, эвлаяъ ву аьлла, халкъана дIакхайкхийна ву Зандакъара ГIеза-Хьаьжа. Оцу хенахь дуьйна Нохчийчохь шарI чIагIдеш цхьаьна къахьегна цара.
Мохьаммадал ЯрагIин мурдаш хилла болчу ГIеза-Мохьмада, Шемала, Ташу-Хьаьжас, Зандакъарчу ГIеза-Хьаьжас оцу муьрехь коьрта лору, Iадаташ юьстахтеттина, бусалба дин чIагIдар. Халкъ цхьаьнатухуш, нахана юкъахь барт беш, массаьарга гIазоте кхойкху Ташу-Хьаьжа коьртехь волчу Iеламнаха.
Цу хенахь Ташу-Хьаьжин цIе «Нийсавоьдург», «Нийсавехарг» олий йоккхуш хилла.
Оьрсийн хьостанашкахь дуккха а масалш ду имам Шемалний, Ташу-Хьаьжиний юкъахь дара-дацарш, девнаш, цакхетарш хилла бохуш. И масалш пропаганда яран Iалашонца кхоьллина ду. Ташу-Хьаьжа цкъа а ца хилла Шемалца имамалла къуьйсуш. ХIунда аьлча, Шемал имам харжийта хьелаш кхоьллинарг, шен накъосташца цунна гIо деш, имаматехь и динан уггар лакхарчу тIегIан тIе ваьккхинарг Ташу-Хьаьжа ву.
1830-чу шерашкахь цхьаъ вукхунна тIаьхьа таIзардаран экспедициш дIахьо Нохчийчохь паччахьан эскарша. Уьш чекхдевллачохь дуьсуш дерг цIий, чим, бобераш ду. Царна дуьхьал Ташу-Хьаьжас дуьххьара юкъаялайо кегийчу тобанашца партизанийн тIом баран кепаш, кхуллу орца ма-даьккхи тIемалой сихха схьагуллу чIагIонаш.
Шемалний, Ташу-Хьаьжинин юкъара галморзахаллаш пачхьалкхехь урхалла дарца, даржаш декъарца, шарI юкъадалоран кепашца йоьзна яра.
Нохчийн къоман вад дагестанан къаьмнех къаьсташ, башхаллаш йолуш ду, и башхаллаш тидаме эца еза бохура Ташу-Хьаьжас имам Шемале. Бакъду, Ташу-Хьаьжа дуьхьал вара имама шен гвардин декъашхой – махIаджираш – нохчийн лаьтта тIе баха ховшорна, царна латтанаш даларна, юкъара латтанаш, хьаннаш бахархошна дIасаекъарна.
1834-чу шарахь Майртуьпахь гулъеллачу нохчийн къоман кхеташонехь лакхара мах хадийра Ташу-Хьаьжин гIуллакхийн, цо, шарI кхайкхийна ца Iаш, шарIаца девнаш къастор юкъадалорна, нохчашний, суьйлашний юкъара барт чIагIбарна.
Воккха-Хьаьжа дIаваьлла дукха хан ялале буьйлабелира мурдаш и ваьхначу Сесана эха. Кестта цуьнан коша тIехь зиярт дира. И гIишло буьйда кибарчигех йина яра. Кибарчигаш сиха тIунлора, юхура. И бахьана долуш кест-кеста тодан дезаш хуьлура зиярт.
1903-чу шарахь Шелара Воккха-Хьаьжин мурд Ахьмад (Ама) коьртехь волуш, Сесана баьхкинчу мурдашна гина зиярт ледарчу хьолехь дара. Ташу-Хьаьжина уллохь дIавоьллина вара цуьнан мурд, эвлаяъ МоIсум. Ама а, цуьнан накъостий а зиярт тодан дагахь баьхкинера Сесана. Делахь а ца хIиттира уьш ши каш юкъалоцуш гIишло ян.
ШолгIачу дийнахь хьешашка кхаъ баьккхира: Ташу-Хьаьжин коша уллора дIа а даьлла, МоIсуман каш шершина охьадахана аьлла. Цунах ца тешаш, говзанчаша хилларг теллича, гучуделира – латта, шен даг тIе кхаччалц датIа а даьттIа, пхи бΙе ше охьадахана хилар.
Амас шен накъосташца Курчалойн-Эвлара дуьйна силикатан кибарчигаш кхоьхьуш тодина дIахIоттийра зиярт. Цу хенахь цунна г1о деш хилла Мескер-Эвлара дешна Махьмуд. ТIаьххьара хан тIекхаччалц лаьттира и гIишло, шена тIе эзарнаш мурдаш лелаш.
Чекхбевллачу тIемаша хIара ду аьлла зе ца дира Сесанарчу Воккха-Хьаьжин зияртна. Хаддаза юьрта чу, гондахьарчу лаьмнийн басошка еттачу бомбанех, ракетех лардира Дала эвлаяан каш. Бакъду, 2002-чу шеран 23-чу сентябрехь зиярт эккхийта гIоьртинера цабевза нах. Цара 400 грамм тротил ведар чу диллина динчу эккхийтаро башха доккха зе ца дира исс гΙат йолу цIа тIекIелтоха ницкъ болчу тротило.
Эвлаяан каш хьадаза дисира. Зе хилларг тхов, пенаш дара. Зияртна тIе куьг кховдийна аьлла хезна дукха нах гулбелира Сесанахь.Цара вуно сиха хьалха хиллачу кепара меттахIоттийра сийлахь гIишло.
Эвтарчу Iовдин, Сиржа-Эвларчу Умалт-Шайхан зиярташца дуьстича, дика кхоллам хилла Ташу-Хьаьжин зияртан. И дохо ца гIиртина Советан Iедало кхиийна болу Делан мостагIий. И охьатоха дагахь цунна тIе бульдозерш ца хихкина. Бакъду, наха дийцарехь, Нохчийчохь дика вевзаш волу чекист Мазлак реза воцуш хилла Ташу-Хьаьжин зиярте дукха нах эхарна. Амма,генавала воьлча, Мазлакх дIасацийна оцу зияртан доладеш болчу мурдаша.
Тахана а дика цIе йоккхуш бу Сесанара АлиевгIар.
Царах цхьаъ, Мохьмад-Салахь, дуккха а шерашкахь куьйгаллин белхашкахь къахьегна, милицин хьаькам лелла хилла. Иштта, шеларчу эвлаяан Амин тIаьхьенаша тоьшалла дарехь, оцу зияртан дола дина шен хенахь райкоман хьалхарчу секретара Осмаев Ахьмада.
ХIора пIерасканан дийнахь шен «Волги» тIехь Ама вохуьйтуш хилла партин хьаькамо зияртна хIун оьшу хьажийта.
Дала декъалвина стаг хилла Ташу-Хьаьжа. Дахарехь цо аьлла хIора дош, яьккхина хIора гIулч, дина хIора гIуллакх бусалба нах ийманехь чIагIбарна тIехьажийна хилла. Бакъдолуш хууш ду и Дагестанерчу Эндери-эвлахь вина хилар.
Цуьнан беран хенах лаьцна дисина цхьа а документаш дац. Иштта боцуш бу цуьнан дех-ненах, гергарчарах лаьцна хаамаш, цуьнан шен сурт.
Эндери гIуьмкийн юрт елахь а, цигахьбехаш дуккха а нохчий хилла. Цундела тахана хаддош къастийна дац Ташу-Хьаьжа муьлхачу къомах хилла.
Амма шеко йоцуш дерг цхьаъ ду: и цΙена Дала Шен дика делла бусалба стаг хилла хилар.
Ташу-Хьаьжин дин чIагIдаран программин коьрта лехамаш бара девнаш, къийсамаш Iадатан бух тIехь доцуш, шарIаца къастор, томка озарца, маларш мийларца къийсам латтор. Иза иштта дуьхьал вара нохчийн бераш керстанашка кхетош-кхио дIадаларна, дIакхелхинчарна тΙаьхьабелхарна. Дахар-Iеран берриг дIахIоттам бусалба динан буха тIехь хила безарх тешна вара Ташу-Хьаьжа. Цо тайп-тайпанчу ярташка дIасакхехьийтинчу кехаташ тIехь болчу кхайкхамаша шарI лардаре кхойкху бахархошка.
ШарIана дуьхьалболчаьрца луьра къийсам латтабо цо.
Шемал имам хаьржинчу хьалхарчу дийнахь дуьйна иза когахIоттош, цуьнан Iедал Нохчийчохь даржош, чΙагΙдеш, ша кхалххалц гIуллакх до Ташу-Хьаьжас.
1835-чу шарахь Майртуьпахь цо вовшахтуху нохчийн тайпанийн кхеташо. Оцу гуламо къобалдо шарI. Цунна тIехь тергам латто гуттаренна йолу тоба кхуллу, шен коьртехь Ташу-Хьаьжа а волуш. И денош Воккха-Хьаьжин дахаран сийлаллин лакхе лара мегар ду. Ерриг Нохчийчоь цунна муьтIахь, цо аьлла муьлхха а хIума кхочушдан кийча ю. Шена бахам, хьал оьшуш вац Ташу-Хьаьжа – цуьнан Iалашо халкъ ийманехь нисдалар ю. И дерриг гуш волчу имам Шемала чIогIа сий дора Ташу-Хьаьжин.
Сесанарчу зияртан шолгIа дахар доладелира Нохчийчоьнан президент Кадыров Рамзан хIоьттичахьана. Йоццачу хенахь юьртахь дира вуно доккха, сирла, хаза, кхузаманан лехамашна жоп луш долу маьждиг, иштта дика тодира кхузара Ташу-Хьаьжин зиярт. Тодира бохучу дашо кхузахь динчу гIуллакхийн мах ца хадабо аьлла хета. И зияярт, бухтΙера дуьйна юхадича санна, цIиндина дIахIоттийна. ГIишлошъярхоша кхузахь йинарг йоккха комплекс ю. Комплекс еш пайдаэцна уггар езчу материалех: шагатIулгах, цIастах, болатах.
Европехь, Азехь хир юй-те кхин иштта хаза зияртан гIишло олий ойла кхоллало кхузара сурт тергалдинчуьнан.
Зияртан доладеш волчу Аль-МаIсуда дуьйцу:
– Юьртахой чIогIа реза бу вайн президента Кадыров Рамзана шайн доладарна. Юьртахь доккха, сирла маьждиг дина, кхин хаза тодойла йоцуш зиярт тодина, хаза, исбаьхьа комплекс чулоцуш гонаха бустамаш долу аьчка керт йина. ХΙинжа-гΙалахь вовшахтесна схьаеана ю и. Ламеш дина шагатIулг Украинера беана бу. Кхиболу паччахьаш зиярташ дохорна дакъазбевллехь, Рамзан уьш тодина аьлла декъал хир ву, т1аьхьенийн дегнашкахь вуьсур ву.
Иштта Воккха-Хьаьжа аьлла цIе дIаяхана Ташу-Хьаьжин нохчашна юкъахь. Накъшбандин тарикъат Нохчийчохь дуьххьара довзийтинчарах лоруш ву Ташу-Хьаьжа. Къадарин тарикъатан сил-силна юкъахь ю Ташу-Хьаьжин цIе. Цуьнца цхьаьна дин даржош, шариIат чIагIдеш, паччахьан колониальни политикица къийсам латтош хилла ву Девкар-эвлара шонон тайпанах волу Уди-Молла. Шел тIаьхьа Ташу-Хьаьжас шен некъ дIакхехьар тIедиллинчех цхьаъ ву Сесанара Бешто, Шелара эвлаяъ Ахьмад (Ама).
Мохьаммадал ЯрагIис тIедилларца накъшбандин тарикъат дIакхехьначех ву Сиржа-эвлара Умалт-Шайх.
Цхьаболчара и харачойн тайпанах схьаваьлла нохчи лору, вукхарна и Костек цIе йолчу юьртара гIумки ву аьлла хета. Умалт-Шайх 1850-чу шарахь Сиржа-эвлахь кхелхина, цигахь цунна доьгIна зиярт ду. Умалт-Шайха шен хьехар дIасадаржор тIедиллина Таьшкичуьра шайхана Абуна.
Мохьаммадал ЯрагIис куьйгалла дечу хьуьжарехь Ташу-Хьаьжица цхьаьна доьшуш хилла тIаьхьо дерриг дуьненна гIарабевлла болу ГIеза-Мохьмад – Дагестанан хьалхара имам, Iабдурахьман СугIри, Зандакъара ГIеза-Хьаьжа, Нохчийчоьнан, Дагестанан имам Шемал.
Верриге цхьайтта мутаIелам хилла Мохьаммадал ЯрагIис Iамош. Уьш, массо бохург санна, эвлаяийн дарже кхаьчна, ерриг Къилбседа Кавказехь бусалба дин, шарI кхайкхош баьхна.
Царах массарал жиманиг Зандакъара Хьаьжа хилла.
Имам Шемал, Ташу-Хьаьжа нийсархой хилла аьлла хета, церан вовшашца хилла юкъаметтигаш теллича, цара цхьана хьуьжарехь дешна хилар тидаме эцча.
ТIаккха Ташу-Хьаьжа, имам Шемал санна, 1798-чу шарахь дуьнен тIе ваьлла хила тарло. Вина хан санна билггал къастоза ю Воккха-Хьаьжа кхелхина хан а. Оьрсийн документаш тIехь я 1841-чу, я 1843-чу шо ду аьлла язйина ю и. Нохчийн хьостанаша (Ибрагимов ИбрахIим, Амаев 1абдулхьамид; Шела) билгалдаккхарехь Ташу-Хьаьжа дIакхелхина 1261-чу шарахь (бусалбанийн календарь) Григорианан календарца и нисло 1845-чу шарца. Ткъа цуьнан вина хан 1790 шо лору тептарша. Сесанара Хьаьжина тIаьхьахIиттинчех хилла Энганара, Сесанара, Бенара бусалба нах. Ша дIавалале КIажакIел олучу метте оцу ярташкара нах дIа а гулбина, Ташу-Хьаьжас хаийтина ша мурдех дозалла деш хилар, уьш шена тIаьхьара дIабовла цалаар. И дIакхелхаш цунна уллехь хилла цуьнан веса Энганара Илес-Хьаьжа, Гелдаганара Довлат-Молла, Энганара Селаби. Царах хIора уллоозош цо элира «хьенех, уьзда дели хьоьга». Цуьнан маьIна дара эвлаяалла дели шуьга бохург. ЧIогIа сагатдеш хилла Ташу-Хьаьжа шен гIортор, тешаме накъост хилла ваьхначу Бештона. Цо дехар дина ша дIакхалхале Бештон доладелаш аьлла.Бешто Сесанахь Воккха-Хьаьжин зияртана гена воццуш дIавоьллина ву.
Ша д1авалале Ташу-Хьаьжас аьлла: Герзел боккха ницкъ бу г1иллакхехь, гIиллакхехь доцург – шарIехь дац.
Ялсаманера схьадаьлла, юха цу чу д1адаха дезаш долу г1иллакх ларделаш бохуш Воккха-Хьаьжас шайга дина весет лору и дешнаш цуьнан мурдаша.
Хатуев 1абдулхьамид
3-г1а октябрь 2008 шо




