Эвтарарчу Iовдина вирд даккхар
Хьалхара вирд
5-зза АстагIфируллохI эр ду;
100-зза ЛаилахIа иллаллахьу эр ду;
5-зза Пайхамарна салават дуьллур ду.
Вирд даккхаран мела дIабалар
«Аса динчу цхьа бIе зуькаран мела Хьан Элчанна Мухьаммад-пайхамарна (Делера салам-салават хуьлда цунна), сайн устазана, цаьршинна юккъехь болчу эвлияашна бели аса. Веза-Воккха Дела, соьгара цIена совгIат дай, цуьнан мела цаьрга кхачабе Ахьа. Хьайгара къинхетам, Пайхамарера (Делера салам-салават хуьлда цунна) шапаIат, устазера шапаIат, беркат, шовкъ, марзо соьга, соьгара со хьашт долчуьнга кхача бе Ахьа!» ТIаккха, Пайхамарна салават диллина, Фатихьат доьшур ду.
ШолгIа вирд
ХIора дийнахь, Iуьйра ламазал тIаьхьа, малх кхетале хьалха, Пайхамарна бIе салават дуьллур ду. Кхин вирд даьккхича малх кхетар белахь, хIара хьалха доккхур ду. ХIокхуьнан мела кхайкхор бац.
КхоалгIа вирд
ХIора дийнахь, Iуьйра ламазал тIаьхьа, малх кхетале хьалха, 100-зза КъулхIа доьшур ду. ТIаккха, цкъаццIа доьшуш, шиъ Къул аIуза доьшур ду. Уьш моссаза доьшу а царал хьалха БисмиллахI эр ду. ТIаьхьа АллохIу Акбар эр ду.
Вирд даккхаран мела дIабалар
«Аса 100-зза дешначу КъулхIанан мела, цкъаццIа дешначу шина Къул аIузан мела Хьан Элчанна Мухьаммад-пайхамарна (Делера салам-салават хуьлда цунна), сайн устазана, цаьршинна юккъехь болчу эвлияашна бели аса. Абубакарна, Iелина, Iумарна, Iусманна бели аса. Веза-Воккха Дела, соьгара цIена совгIат дай, цуьнан мела цаьрга кхачабе Ахьа. Хьайгара къинхетам, Пайхамарера (Делера салам-салават хуьлда цунна) шапаIат, устазера шапаIат, беркат, шовкъ, марзо соьга, соьгара со хьашт долчуьнга кхача бе Ахьа».
ТIаккха, Пайхамарна салават диллина, Фатихьат доьшур ду.




